Зуламхойн тхьамда Умаров лоцур ву

10 декабря в 11:08 (2009 г.) 3254
Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана дIахьедира боевикийн тхьамда Д.Умаров, «Невский экспресс» эккхийтарехь иза дакъалоцуш хиллехь а, ца хиллехь а, лоцург хилар.  Умаров дуьненаюкъара террорист а, кхечу мехкийн леррина йолчу службаша хIоттийна а, нохчийн халкъаца юкъара хIумма а долуш а вац. Иза миччахьа велахь а, вай цунна тIекхочур ду. Ша динчу зуламех цо жоп лур ду, законаца дуьззина догIуш ма-хиллара, – боху Р.Кадыровс шен дIахьедарехь.
Умаров нохчийн халкъаца хIумма а дозуш вац, мелхо а, Россин дерриг а халкъан а, сан а, коьрта мостагIа ву иза, – элира республикан куьйгалхочо.  «Невский экспресс» эккхийтарца Умаров ша гIуллакх догIуш хилла хиларх,  я цахиларх дозуш доцуш, цунна тIехь ду цо Нохчийн Республикехь дина дуккха а кхин зуламаш. Вай иза хаддаза лоьхуш ду. И болх беш ду бакъонашларъяран органийн а, леррина йолчу службийн а дакъош, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикан Президента.

– ЦIерпошт Умаровн омрица эккхийтаран хьокъехь долчу дIахьедарех дерг аьлча, кхузахь керла хIумма а дац. Масех бутт хьалха цара шайна тIеийцира Саяно-Шушенски ГЭС-хь хиллачу бохамах долу жоьпалла. Шен хенахь ерриг а терактех долу жоьпалла шена тIеоьцура вевзаш волчу Радуев Салмана, – дагадаийтира Р.Кадыровс.

– Умаровна сийлахь хIумма а дац. Терактах долу жоьпалла шена тIе а лаьцна, Умаров шен дозанал арахьарчу верасашна хьалха вазвала гIерташ хила а тарло, хIунда аьлча, тIаьхьарчу хенахь ФСБ-ца а, федеральни кхечу ведомствошца а вай цхьаьна гIуллакхаш дар бахьана долуш иза соне верзийна а, цуьнан бандин дараш хуьлу, – дIахьедира Р.Кадыровс. Оцу гIуллакхехь «шайн дIахьедарца Умаров а, цуьнан гуо а цIерпошт эккхийтар таллар харц новкъа дерзо гIерташ хила а тарло».

Р.Кадыровс билгалдаьккхина ма-хиллара, хIокху аьхка Сочехь мехкан куьйгалхоша дина тIедиллар кхочушдеш, дуьххьалдIа тIаьхьарчу масех баттахь леррина йолу операцеш дIаяхьарехь хIаллаквина 150 сов боевик, царна юккъехь бандтобанийн куьйгалхой а болуш. Царех дукхах берш хIаллакбира ГIалгIайчоьнца долчу дозанехь.

– Террористашна а, бандиташна а дуьхьал къийсам вай долчохь нуьцкъаллин структураша латтийна ца Iа. Шайн ницкъаш ца кхоош болх беш бу депутаташ, администрацийн куьйгалхой, министраш, берриг а бахархоша жигара гIо а лоцуш. Террористашца болчу къийсамехь вайн кхелхина уггар гергара, юххера адамаш. Оцу къийсаман шерашкахь кхелхина нохчийн эзарнаш милцой, – элира Р.Кадыровс. Цу хьокъехь хаам бо Нохчийн Республикан Президентан, Правительствон пресс-службо.

С.ЛАЛАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
А. Меркель считает, что мир вступает в новую историческую эпохуА. Меркель считает, что мир вступает в новую историческую эпоху
В мире
Почти 50% россиян считают недостаточным четырехлетнее обучение в вузахПочти 50% россиян считают недостаточным четырехлетнее обучение в вузах
В России
Рамзан Кадыров обсудил с Межиевым и Делимхановым итоги их поездки в СириюРамзан Кадыров обсудил с Межиевым и Делимхановым итоги их поездки в Сирию
Власть и политика
Врачи из регионов России провели беседу с жителями Урус-МартанаВрачи из регионов России провели беседу с жителями Урус-Мартана
Спорт и здоровье
Рекомендации населению в связи с прогнозом на 25.01.2017гРекомендации населению в связи с прогнозом на 25.01.2017г
Происшествия
В Грозном подвели итоги работы МЧС РФ по ЧРВ Грозном подвели итоги работы МЧС РФ по ЧР
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: