доллар    56.51 $
евро 63.09 €
30 мая, 15:51
Погода в Грозном +24 в Грозном

Спорт

10 декабря в 11:10 (2009 г.)
Къоначарна некъ буьтуш Республикан коьртачу «Терек» командера ялх футболист-легионер герггарчу хенахь шайн-шайн махка дIагIур ву. Царна юккъехь ву Албанера голкипер Илион Лика а, Словакера защитник Родослав Забавник а, Бразилера Клебер а, ткъа иштта кхо румынхо а – Андрей Маргаритэску, Флорентин Петре (ший а полузащитник), тIелатархо Даниэль Панку.  Ликан а, Забавникан а контракташ чекхдевлла. Уьш тIейогIучу ханна ца дан сацам хилла тхан.  Клеберах дерг аьлча, иза чевнаш ерза вуьтуш вац. Бразилхочо ша даре дира: «Суна дIавахча гIолехь хир ду». Тхо цо бохучунна тIетайра. ТIаккха, ший а агIо реза а йолуш, иза дIавахийтарна тIехь барт хилира тхан, – бохура «Терекан» вице-президента Алханов Хьайдара. – Иштта бертахь дIасакъаьстира тхо румынхошца а. Цара хьанала кхочушдира шайн декхар, хIинца тIекхаьчна къоначарна некъ бита беза хан. Делахь-хIета, команде къона футболисташ бало Iалашо ю тхан. Олуш ма-хиллара «Терек» къонъян дагахь ду тхо. ТIедогIучу шарахь хинйолчу матчашна вайн кхузахь кхиъна болу футболисташ юккъе озо лерина. Арахьара тIевалон верг мел дукха а ши-кхо стаг бен вац. Иштта ю Iалашонаш. Хиндерг замано дика хьоьхур ду, – дерзийра Хь.Алхановс.

Карарчу хенахь «Терекан» футболисташ отпускехь бу. ТIедогIучу шеран 4-чу январехь чекхъер ю иза. Цул тIаьхьа «Терек» командо дIаболор бу чемпионатана кечамбаран хьалхара мур. Иза Хонкар махкарчу (Турци) Анталье гIалахь дIахьур бу.

Хь.САИДОВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет