Стигалан белхахой Дуьххьара Соьлжа-ГІалахь аэропорт схьайиллина 1938-чу шарахь. Цу хенахь кегийчу кеманашца почта дІасакхехьа йолийра вайн гІалара. Ткъа цул тІаьхьа санитарни а, халкъан бахамна лерина а рейсаш хилира. Соьлжа-ГІалина къилбаседехьа йолу дела, тиллина аэропортана «Северный» аьлла цІе. Баккхий хийцамаш хилира аэропортан дахарехь 1977-чу шарахь кема хьалагІотту искусственни аса а йина, аэропортан керла комплекс болх бан йолаелча. ХІинца кхузахь охьахууш ТУ-134 сиха лела лайнерш дара, пассажирийн аьтто бара хІетахьлерчу СССР-н муьлххачу а регионе кхача. Нохчийн Республикехь тІеман хьал долчу 1994–2000-чу шерашкахь йохийна лаьтташ хилла иза. Россин федеральни центро а, вайн республикан Правительствос а меттахІоттийраюха, 2007-чу шеран март баттахь схьайиллира. ХІинца иза кечйина а, шорйина а ю. Керлачу гІишло чохь кечйина вестибюлаш а, дуьхьалбаьхкинчарний, новкъа баха баьхкинчарний лерина залаш а, ненан а, беран а чоь а, мудпункт а, ресторан а, йохка-эцаран тайп-тайпана объекташ а ю.

VІР – делегацина лерина, галерей а, Іаьнан беш а йолуш, зал а ю кхузахь.

Цхьана сохьтехь 350–400 пассажир, толлуш, чекхваккха таро йолуш ю аэровокзалан хІара комплекс. Дуьненаюкъара дуьххьарлера рейсаш йира Соьлжа-ГІаларчу аэропортера, СаІудан Араве нах ХьаьжцІа боьлхучу хенахь. Дукха хан йоццуш схьайиллина таможни а ю аэровокзала уллехь. Кхечу пачхьалкхашка вай долчуьра кеманаш лела дуьйладелча, таможни а, дозанан пост а ца хилча ца йолу аэропортехь.

Таханлерчу дийнахь аэровокзалан комплексехь берриг а белхаш кхочушбеш ши компани ю – «Вайнахавиа» а, «Грозный-Авиа» а. И шиъ декхарийлахь ю кхерамзаллица а, массо а бегІийлашца а пассажираш Соьлжа-ГІалара дІабига а, цІабало а.

Тхан къамел хилира «Вайнахавиа» компанин генеральни директоран заместительца Гондолоев Асхьабаца.

– Тхан компанин болх аэропортаца боьзна бу, – дуьйцу Асхьаба. – Кема хІаваэ хьаладалале, оьшуш болу берриг а кечамаш лаьттахь бан безаш бу. Кеманан дІасадахар кхерам боцуш хилийта дерриг а дан деза оха. ЧІогІа жоьпалле хІума ду кема хьалагІаттар а, охьахаар а.

Цу тІехь летчикашна тхан накъосталла чІогІа оьшу.

Шайн декхаршца дика ларош схьадогІу шаьш бохуш, дуьйцу Гондолоевс. Оьшуш болу говзанчаш а болуш бу – хьалха кхузахь болх бинарш а, кесталгІа Іамийна къонанаш а.

Тхан къамелехь дакъалоцу «Вайнахавиан» штабан хьаькама Ильясов Іаднана:

– Тхан болх чІогІа жоьпалле бу, Асхьаба ма-аллара. Цундела ю тхан компанехь 26 служба, кеманийн технически агІо кечйийраш йоцурш, пассажирашна оьшуш дерг латтораш а: садоІар, хІума кхаллар, лоьрийн гІо дар, оьшу хаамаш балар, и.дІ.кх.

ХІинца аэропорт дуьненаюкъарчу тІегІане  йолуш ю, цу хьокъехь тхуна делла сертификат а ду. Тхан службанаш алсамъевр ю, – болх тІекхетар бу.

Амма тхо оцу гІуллакхна чІогІа реза ду. Вайн массеран а дозалла дан йиш  йолуш хІума ду иза.

Вайна ма-хаъара, ХьаьжцІера юхабоьрзуш бу вайн махкахой.

Дала церан Хьаьж къобалдойла! Мел боккха аьтто бу шен махкара, кхин  хьовзам боцуш, нийсса ХьаьжцІа кхачар.

Шина авиакомпанин декхарш тайп-тайпана хиларна, «Грозный-Авиан» болх муха бу хьовса доьлху тхо. Тхан хаттаршна жоьпаш дала, компанин балхах лаьцна дийца резахилира генеральни директоран 1-ра заместитель Бурак Владимир Анатольевич.

Цо дийцарехь, шайн балхаца дика ларабо авиакомпанин белхахой. Нахана билеташ дохкар, пассажираш билгалъяьккхинчу маршрутаца кхерам боцуш дІабигар, хІаваэхь, кеманна чохь, царна оьшург дерриг а латтор – иштта ду коьрта  долчу декъана, кхеран декхарш. Цкъачунна денна Москва гІала цхьа рейс бен яц шаьш кхочушъеш бохуш, дуьйцу Владимира Анатольевича.

Амма 160 гІала кеманаш дІасадахийта аьтто бу шайн, боху цо, – дІабига пассажираш хилчахьана.

– Кеманан билеташ механа чІогІа деза ду шун, цундела  хир ду нахана кеманца баха цалаар, элира ас.

– Дера, билеташ деза ма ду, кхин церан мах охьабаккха тхан аьтто бац, боху тхан къамелхочо, хІунда аьлча ягориг а язъелла, кема лелош бечу белхийн мехаш а хьаладевлла.

– Летчикаш тоьаш буй шун? – аьлла, хаттар дира ас.

– Говзанчашца, царна юкъахь уггар хьалха берш летчикаш бу, тхан халонаш яц. Экипажийн командираш, кхечу регионашкара кхайкхина, балийна бу, ткъа шолгІа пилоташ кхузара, Нохчийчуьра, бу. Цул сов, кестта дешна а бевлла, цІабогІур болуш дуккха а летчикаш а, авиадиспетчерш а, кхиболу говзанчаш а бу. Рейсаш совъевлча, дика пилоташ а, кхиболу говзанчаш а оьшур бу. Аэропорт йоккхахуьлуш ю, болх массарна а хир бу, – бохуш, дуьйцу 1-чу заместитела.

Авиацин белхахошца тхан хиллачу къамелашкахь билгалделира, вайн аэропорт тІейогІучу хенахь доккха маьІна долуш а, пассажирийн хьашташ кхочушдан аьтто хир болуш а хилар. Кестта, масала, схьайоьллур ю Санкт-Петербурге а, Дона-тІера-Ростове а, Тюмене а йолу хІаваан рейсаш.

Вайн мехкан коьртачу гІала – Москва а, кхечу регионашка а хІаваэхула дІасавахар меттахІоттор вайн республикехь а, Къилбаседа Кавказехь а хьал нисдаларан билгало лору Нохчийн Республикан куьйгалло. Иза чІогІа мехала геополитически Іалашо яра, кху регионехь кхочушъян езаш йолу.

Нохчийн Республикан бахархойх цхьа дакъа Россин кхечу регионашкахь а, мехкан дозанал арахьа а Іаш ду тахана.

Дуьненаюкъара рейсаш схьайиллича, церан аьтто хир бу шайн махка юхаберза а, гергарчу нахаца уьйраш меттахІитто а.

Европе а, Герггарчу Малхбале а, Юккъерчу Азе а йохк-эцаран рейсаш схьайиллича, халкъан бахамна оьшуш болу гІирсаш а, нахана оьшу товараш а чудан аьтто хир бу, республикера дІадоьдуш долу ахча а чохь дуьсур ду.

Соьлжа-ГІалара аэропорт географически агІор дикачу меттехь нисъялар бахьанехь – Россин къилберчу декъаний,  Герггарчу Малхбалений юккъехь – транзитни рейсаш кхузехула ян мегаш хир ду.

Шина авиакомпанин белхахой тІедогІучу Дуьненаюкъарчу граждански авиацин дезачу денча декъалбира охп, цара беш болу болх нахана чІогІа оьшуш хилар тІе а чІагІдеш.


АРСАНУКАЕВ Муса.
Р.Истамуловн суьрташ.       

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2