Хедо деза терроризман орамаш

10 декабря в 11:14 (2009 г.) 2260
Терроризм цахилийтар а, цо дечу зуламел хьалхадевлла цунна тохар дар а терроризмаца латточу къийсамехь коьрта некъаш хила декхар ду. Иштта, Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана дІахаийтира россихошца эфирехь дуьххьалдІа хиллачу шен къамелехь Россин Федерацин Правительствон Председатела В.Путина дийцинчун ша гІо лоцуш хилар.  И гІуллакх чІогІа дика, кІорггера девзаш ву со. Халахеташ делахь а, терроризман тема вайн Іамо дийзира практикехь. Цундела дерриг а жоьпаллица ала йиш ю сан: хедо деза терроризман орамаш, бохо беза цунна кхача латтош болу бух. Цундела со реза ву террористически зуламаш дале хьалха гІуллакхаш дан деза аьлла волчу В.Путинца. Ткъа гІуллакхаш луьра дан деза, – элира Р.Кадыровс. Ас гуттар а баьхна: терроризмаца латточу къийсамехь Іедалшна чІогІа мехала ду бахархоша гІо лацар а, уьш кхеташ хилар а. Со тешна ву Нохчийн Республикехь оцу гІуллакхехь кхиам хилар адамаша бандиташ даррехь бехкебеш хиларца, церан гІо лоцуш цахиларца, боевикаш гучубахарехь а, лахарехь а бахархоша бакъонаш ларъяран органашна гІо деш хиларца доьзна хиларх. Путинан дешнашца эр ду ас: терроризман букъ борна дуккха а гІуллакхаш дан а дина вай, дан а до. Мехала ду терроризмо шеца бохьучу кхерамах ерриг а юкъаралла кхетар, – дІахьедира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а пресс-служба.   

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
В Вашингтоне началась инаугурация 45-го президента США Дональда ТрампаВ Вашингтоне началась инаугурация 45-го президента США Дональда Трампа
В мире
«Шерлока» в сеть слил сотрудник «Первого канала»«Шерлока» в сеть слил сотрудник «Первого канала»
В России
Рамзан Кадыров поздравил Сулеймана Геремеева с днем рожденияРамзан Кадыров поздравил Сулеймана Геремеева с днем рождения
Власть и политика
Совет депутатов Грозного обсудил вопросы популяризации спорта среди молодежиСовет депутатов Грозного обсудил вопросы популяризации спорта среди молодежи
Спорт и здоровье
Прогноз погоды на 21.01.2017 в ЧечнеПрогноз погоды на 21.01.2017 в Чечне
Происшествия
Что несет нам Трамп…Что несет нам Трамп…
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: