Чемпионан цIе ларъян юкъавер ву З.Байсангуров Нохчийн корматаллин боксер Байсангуров Заурбек 19-чу декабрехь юха а ринге вала лерина ву. WBA-н версихула интерконтинентан чемпионан цIе ларъярехьа долу цхьаьнакхетар Украинерчу Запорожье шахьарахь дIахьур ду Заурбека. Вежарийн КличковгIеран K2 East Promotions промоутерски компанис дIахьон йолчу турнирехь коьрта хилам хилла дIахIуттур ду вайн махкахочун тасадалар. Турнирехь дакъалоцу берш тахана дуьненахь уггар а тоьллачех болу боксераш хиларна «Чемпионийн лига» аьлла цIе тиллина цунна. Ткъа З.Байсангуровх лата цу суьйранна ринге вер ву немцойн цIеяххана волу боксер Франк Шабани. Иза дIахаийтира турнирана лерина Запорожьехь дIаяьхьначу пресс-конференцехь.Къийсадаларш вовшахтоьхначарна хетарехь уггар коьрта лоруш ду нохчичун а, немцочун а тасадалар.

З.Байсангуровс дийцарехь цунах лата леринарг зеделларг долу, говза боксер ву. Франк Шабанис 19 тасадалар дIадаьхьна корматаллин рингехь, царах 18 шен толамца дерзийна.

– Суна гина иза леташ. Франк чIогIа тIахъаьлла, юхавалар хIун ду ца хууш боксер ву. Иза дегIана сол а лоха ву, делахь-хIета, юххе  тIе а оьхуш лата гIуртур ву иза. Амма иза эшорна сайн берриг а ницкъ тIебохуьйтур бу ас, – бохура Байсангуров Заурбека.

Европан 53 пачхьалкхана боксан центр хилла дIахIуттур ю Запорожье 19-чу декабрехь. ХIунда аьлча, «Eurosport» телеканалехула дуьххьал схьагойтур ду турниран тоьлла тасадаларш. Цу суьйранна рингехь хир бу цIеяххана боксераш Никулин Дмитрий, Федченко Сергей, Бурсак Макс,  Бражник Валерий, Русаль Виталий, кхиберш. Билгалдаккха деза цу турнирана В.Русаль Iамош верг Байсангуров Увайс хилар. Иза Заурбекан тренер а, деваша а ву.

Дагадаийта лаьа цIеяххана волу вайн боксер Байсангуров Заурбек 1985-чу шеран 2-чу мартехь вина хилар. Иза ТIехьа-МартантIера ву. Боксах лата Iама волавелла шен пхи шо кхаьчча. Кхиазхошна юккъехь дукха сиха кхиамийн лакхенашка кхечира иза. Хьалхе яьккхира  Европан чемпионатехь. Шозза совгIатан меттигаш ехира дуьненан чемпионаташкахь. Шен 19 шо  кхаьчча З.Байсангуровс дуьххьара дакъалецира баккхийчарна юккъехь Россехь хьалхе яккхаран чемпионатехь. Цигахь дашо мидал а яьккхира. Цул тIаьхьа корматаллин боксерашна юккъе вахара иза.

Спортехь баккхий кхиамаш бахарна Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан Указца Нохчийчоьнан уггар а лакхара совгIат – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орден елла Заурбекана.

Хь.САЙДАЕВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна