доллар    56.66 $
евро 63.58 €
26 мая, 19:46
Погода в Грозном +18 в Грозном

Таллам

22 декабря в 10:13 (2009 г.)
Бохам цахилийтаран Iалашонца. ХIара бутт болалуш Пермь гIалахь 150 стаг гергга хIаллак а хуьлуш, боккха бохам хиллачул тIаьхьа Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нургалиев Рашида дина тIедиллар кхочуш а деш, хьаштахойн рынкан декъехь бакъонаш талхорца къийсам латторан центран белхахоша «Пиротехника» операцин дозанашкахь дIадолийна махлелоран предприятешкахь талламаш бар, хаам бира Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н пресс-службехь. И болх дIаболийна дикалла йоцу пиротехнически хIумнаш гучуяхаран а, ца йохкийтаран а Iалашонца, хIунда аьлча Керлачу шеран деношкахь дIадаханчу шерашкахь кIезиг ца нисделла уьш бахьанехь дуккха а бахамашкахь цIерш йовлуш а, адамаш лазош а меттигаш. Хьаштахойн рынкан а, административни законодательство кхочушдаран а декъехь бакъонаш талхорца къийсам латторан Нохчийн Республикехула йолчу МВД-хь йолчу центран куьйгалхочо Ясулов Идриса бечу хаамца хьалхара талхораш гучудаьхна церан белхахоша. Ша аьлча, Соьлжа-ГIалин В.Путинан цIарахчу проспектехь йолчу цхьана туьканахь бинчу талламо гучудаьккхира цу чохь Китайхь кечйина сертификаци яза йолу ялхитта эзар сов пиротехнически хIума хилар, герггарчу хьесапехь шайн юкъара мах 400 эзар соьмал сов а болуш. Уьш ерриг схьаяха дийзира.
– Муьлххачу а пиротехникан инструкци хила декхар ду, – боху И.Ясуловс, – шена тIехь хIума кечйина муьлха завод, Iалашъяран хенаш гойтуш а, уггар коьртаниг – оьрсийн маттахь язйина шайх пайдаэцаран бакъенаш билгалъяьхна а йолуш. Оха таллам бинчу туьканахь иза яцара. Цундела схьаяха дийзира пиротехнически хIумнаш.
Цо иштта хаам бира пиротехнически хIумнаш йохкаран меттигаш хьалхахIиттош болчу лехамашна жоп луш хилар толлуш оцу кепара йолу рейдаш ерриг республикехь карадогIучу шеран 15-гIа январь кхаччалц дIахьуриг хиларан хьокъехь. Профилактика яран Iалашонца дIахьош болчу оцу балхахь бакъонаш ларъяран органийн векалша коьрта тидам тIебохуьйтур бу юхкуш йолчу продукцин дикаллина, пиротехнически хIумнаш йохка махлелоран предприятешкахь хилар. Ма-дарра аьлча, дерриг дийр ду вайн республикан бахархой хила тарлучу бохамах кIелхьарабахархьама.

А.ЭЛАЕВ

www.ChechnyaTODAY.com

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет