Дай-наношна хазахетар дохьурш. Статистико гойтуш ма-хиллара, Нохчийн Республикехь хIора эзар стагана леринчу хьесапехь ялханна тIера кхойттанга кхаччалц бер ду церебральни паралич олуш йолу цамгар токхуш. И хаамаш буьззина бу олийла а дац, хIора дийно цунах заьIап хилла тIеттIа керла бераш гучудохуш хиларна. Кхолладелла хьал мелла а нисдаран Iалашонца вовшах а тоьхна, тахана Соьлжа-ГIалахь кхиамца гIуллакх деш ю и лазар кхеттачу берашна дарбалелоран реабилитацин центр. ХIинцале а 800 берана дарба а лелийна цигахь.Вайн кхузахь центр йиллар юкъадаьккхира берийн дахар хаддаза шен хIора дийнан тергамехь латтош волчу Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана. Цо тIедилларца Нохчийчу кхайкхира «Докторан Нестерован китайски медицинин клиникан» генеральни директор Нестерова Светлана. Республикан куьйгалхочо жигара дакъа а лоцуш, йоццачу хенахь бартана буха куьйгаш а яздира, проект чIагI а йира. Цхьана баттачохь Китайхь йолчу Тай-Юаньски госпиталехь профессоран Го Син Чжин куьйгаллица нохчийн лоьраша караерзийра китайски медицинин къайленаш. Центрана оьшуш долчуьнца дерригенца кхачо йира республикан могашалла Iалашъяран министра Ахмадов Мусас.
Китайски а, нохчийн а медикаша эха шарахь бинчу белхан жамI ду бархI бIе берана лелийна дарба. Цигунотерапия олучу кепах пайда а оьцуш, 20–24 дийнахь дIахьо берашна дарба лелор. Профессора Го Син Чжос   хаддазчу тергамна кIел латтабо шен махкарчу говзанчийн болх. Ткъа Нестерова Светланас, ша китайски медицинехула говзанча хиларе терра, лоьрийн белхан дикаллина а, церан корматаллина а тIехь таллам латтабо.
Стенах лаьтташ бу шина махкарчу лоьраша цхьаьний беш болу болх? Уггар хьалха тIе тидам бахийта беза дарбанаш лелор дIадахьарехь стандартизацин карта кечдина-хIоттийна хиларна. Цунна тIехь билгалйоккху процедураш дIаяхьаран хан. Цо шена европейски терапия юкъалоцуш хиларна, дарба лелорехь, гIоьналлин хорма санна, дуьххьара юкъаялийна и кеп Нохчийчохь. Дийнан йохаллехь, цуьнан цамгаран йозалле хьаьжжина, берана ворхI тайпана дарба леладо, шена юкъайогIуш иглотерапия, физиотерапия, цигун-терапия, фито-музыкотерапия а йолуш.  
Цомгашчеран неврологически симптоматикан мах хадош профессора Умаровас дIабаьхьначу талламаша гайтина центрехь дарбанаш лелийначу берех 90 процент долчеран могашаллина дика Iаткъам бина хилар, ткъа царах 50 бер тодала герга ду. Дарба лелочу муьрехь жигара гIуллакх дан болабелла церан коьртан хье, психически функцеш, гучуйовлу берийн могашаллина дика Iаткъам беш йолу кхин агIонаш. Ткъа цхьадолу бераш шаьш  когбаккха а дуьйладелла.
Амма цунах алссам пайда хилийтархьама дарба лелор шарахь кхузза дIадахьа деза, аьлла хеташ ю доктор Нестерова. Бераш тодаларна ехха хан оьшу. Иза цхьаннан а гIо доцуш когбаккха, шен куьйгашна доладан лууш долчу беран Iаламат боккха къинхьегам а, дай-нанойн Iаламат доккха собар хилар а ду. Практико гойтуш ма-хиллара, нагахь цамгар тIаьхьенера тIаьхьене йолучарах яцахь, берех 90 процент дерш тодан йиш ю. Цундела хьалхахIоттийначу Iалашоне кхачархьама тахана кхочушъеш йолу проект кхачаме яц. Доктора чIагIдарехь, цомгашчу берашна диагностика ярехь а, уьш дарба лело центре охьадахкарехь а гучуделира вайн республикехь цомгаш долчу берийн барам юьхьанца дина хиллачу хьесапел шозза сов алсам   хилар – ши эзар гергга. Цуьнан коьрта бахьана лара догIу дай-наной тайп-тайпанчу бахьанашна шен хенахь лоьрана тIе ца дахар бахьанехь бер цомгаш хилар тIаьхьо бен гучудаьлла цахилар. Говзанчина хетарехь, чаккхенан а дац и терахь. Долуш долчу хьолан дуьззина сурт хIотто таро хир ю Нохчийчохь хIинцалера проект кхочушъяр дIадахьарехь. ХIунда аьлча, лоьраша шайна тIехь долу декхарш нийса кхочуш ца дар бахьанехь керла дуьнен чу довлуш долчу берийн чоьтах и барам алсамбала тарлуш хиларна. Ткъа ишттачу меттигех лардалархьама  Нестерова Светланина хетарехь, дика хир дара, Москвара говзанчаш цунна юкъа а озош, оцу Iалашонца леррина йолу программа юкъаялийча.
– Тахана билгалдевллачу дерриг берашна буьззинчу барамехь дарба лелорхьама хIинца болуш болчу 120 маьнгин меттана тхуна 240 маьнга оьшу, – дуьйцу С.Нестеровас. – Проектан бюджет кхин алсам а ца йоккхуш, Китайрчу лоьрийн барам алсамбаккха йолу таронаш карийна тхуна. Тахана центрехь гIуллакх деш цхьайтта говзанча ву. Иттаннан меттана оцу балхана юкъаозийна меттигера ткъа лор. Республикан Президента Кадыров Рамзана гIо дар бахьанехь таро хилира яцйина хадийна а йоцуш, китайски медицинах Китайхь шех пайдаоьцуш ма-хиллара пайдаэца. Цундела ницкъ кхаьчна йоццачу хенахь дикаллин болх дIабахьа. Амма хIара шо чекхдаларца чекхболуш бац кхузахь оцу декъехь беш болу болх. Республикан могашалла Iалашъяран министран дехарца китайски лоьраша дакъа а лоцуш, проект гIуллакх деш хир ю тIедогIучу 2010-чу шарахь а. Проект кхочушъярехь билгалдеш ду и цамгар кхетта дерриг бераш дарба лелорна юкъадало. Аьлча а, лоьран гIо оьшуш долу цхьа а бер юьстах дуьтур дац.
Китайхь Нохчийн Республикан хьашташ лардеш а, шех цигахь нохчийн лор аьлла цIе тиллина а йолу Нестерова Светлана Ивановна тешна ю ша а, шен накъосташа а деш долу гIуллакх адамашна, къаьсттина берашна Iаламат чIогIа оьшуш хиларх. Доккха хазахетар   дац-ткъа цамгаро лаьцна хилла бер, цхьаьнггара гIо доцуш ша кога а хIоьттина, долалуш гар. Хила йиш юй цул доккха совгIат лоьрана а, беран дена-нанна а?! И хазахетар, иштта совгIат Нохчийчоьнан дуккха а доьзалшка кхачийта Iалашо хIоттийна гIуллакх деш ю тахана доктор Нестерова. Дала аьтто бойла цуьнан!

А.Омаев

www.ChechnyaTODAY.com

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна