ПIераска муххьарам беттан хьалхара де а нислуш, тIекхечи хIиджратан рогIера керла шо. Бусалбанаш дуьххьара Маккара Мединате кхалхарна тIера схьа лоруш йолчу беттан рузмица дIадоладелларг 1431 шо ду. Кху беттан хьалхара итт де деза лоруш ду. Деза денош Далла ен Iамал саяккхарца хаздо муъма наха. ЧIогIа мелехь ду итталгIачу дийнахь марха кхабар. Iашура де олу цунах. Цу дийнахь марха кхаьбначу стагна итт эзар малико йинчу Iамалах йогIу ял хир ю, аьлла ду. Я итт эзар къобалхиллачу Iумратах, хьаджах, я итт эзар шахIидна йогIу ял. Веза-Лекха волчу АллахIера йоккха ял хир ю, аьлла ду, цу дийнахь буоберан дог хьаьстинчу стагна. АллахIа цунна коьртах куьг хьаькхначунна цу буоберан коьрта тIерачу хIора чоьн цIарах ял язйийр ю, боху Iеламнаха.Муххьарам баттахь дихкина ду адамна а, Iаламна зиэне, зуламе долу я хайра доцу муьлхха а хIума. Къаьсттина хьарамдина ду дов, чIир, тIом.

                ***
Массо а вуо хIума къаьсттина хьарамдина муххьарам бутт тIекхочуш доккха зулам дина ГIалгIайчохь. Блок-постехь тратилан эквивалентехь 45 кийла нуьцкъалалла  йолчу эккхачу хIумнах юьйлина машен эккхийтина, цхьаболчу хаамашца, 19 стаг лазийна, кхечу хаамашца, лазийнарг 21 стаг ву. Эккхийтина машен Москван обаластехь розыскехь хилла хилар а, иккхинарг ткъе шиъ шо долу меттигера вахархо хилла хилар а билгалдаьлла. ШолгIа теракт а йина кхузахь. Милицин белхахой чохь болчу машен тIе герз тоьхна, ши стаг вийна. Iедал зуламхой лохуш ду.

                ***
Дахар тодаран Iалашо йолуш ечу революцеша адамашна мел пайда бо, хууш ду. Юкъаралла а, пачхьалкх а кхиоран а, тояран а кхин некъаш ду. Советан импери юхучу муьрехь иблисан хьехамашка ладоьгIна хила там болу эксперименташ йинехь а, тIаьхьарчу шерашкахь цхьана кхетаман новкъа яла гIерташ схьайогIу Росси. Адамаш юкъарчу Iалашонна тIедерзо уггар тешамечарах дарба пачхьалкхо шен гражданашца харцо ца лелор ду. Пачхьалкханий, гражданинний юккъехь лаьттачу чиновникан шена луъург лелон аьтто кхуллу хьелаш гатдарций бен кхочур вац и харцо дIаяккхаре я кIезиг хилийтаре. Цу новкъахь яьккхина гIулч ю кху деношкахь Россехь схьайиллина пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран электронан юкъара партал. И кеп ма-хуьллу шоръяро бахархойн пачхьалкхан хьашташ кхочушдарехь чиновникаша ечу новкъарлонех хьалхадовла аьтто бийр бу. Коррупцин Iаткъам байбарехь а билггал пайда хир бу цунах. Бахархоша пачхьалкхо шайн кхочушдечу хьаштех лун ял цIена лелоран маьIна а ду цуьнан. Россин Премьер-министра В.Путина ма-аллара, шаьш пайдаэцна доцчу хIумнах мах бала гIуллакх дац бахархойн. И тидаме оьцуш, рогIера гIулч пачхьалкхо шаьш пайдаоьцург хIун-мел ду боху гIуллакх къасто атто дечу агIор яккхаре сатуьйсу бахархоша.
Пачхьалкхан хьашташ электронан кепехь кхочушдеш хила уггар а кIезиг Интернетаца зIе хила еза. И зIе компьютер йоцуш хуьлийла дац. И аьттонаш болуш, бинчу талламаша гайтарехь, 40% нах бен бац цкъачунна Россехь. Пачхьалкхан болх хьарамлонех, харцонех цIанбарехь а, шарбарехь а махкахь йоху гIулчаш доккха маьIна долуш а, пайдехь а ю, амма, гуш ма-хиллара, хIинца а дуккха а къа ду цу новкъахь хьега дезаш.

                ***
Москвахь дIаяьхьна Толамхойн форум. Кхуза кхайкхина бара тайп-тайпанчу белхашкахь, гIуллакхашкахь шайгара даккхийра хьуьнарш дийлина кегийрхой. Гуламан болх берзош, тоьллачарах тоьллачарна «Прорыв» аьлла йолу премеш елира. Форумехь чулацаме къамел дира РФ-н Президента Д.Медведевс.  
– Дика ду вайн ракеташ йолуш, амма уьш хилар тоьаш дац, уггар хьалха вайн хила езарг, олуш ма-хиллара, хьекъале экономика ю. Оцу экономикица йогIуш хийцаяла еза Россин пачхьалкх, иза хийцаяла еза шун лаамца, шун аларца, – билгалдаьккхира цо.

                ***
РФ-н Президент Д.Медведев карарчу хенахь Копенгагенехь ву. Хууш ма-хиллара, хIокху тIаьхьарчу масех дийнахь Данин пачхьехь дIайоьдуш ю климатан хьокъера дуьненаюкъара конференци. 100 сов пачхьалкх ю цуьнан балхахь дакъалоцуш. Бакъду, лоьхучу жамIе кхаьчна яц хIинца а конференци. Дийцаре дийриг цхьа гIуллакх делахь а, и кхочушдарехь хIора пачхьалкхо шена-шена пайда лоьху, шен-шен аьллар тIе гIерта. Дуьне дохдаларан боларш лагIдаран дарба хIаваэ химин зуламе хIумнаш ца кхиссар ду бохург чIагIдо массара а, амма цу тIехь муьлхачу пачхьалкхана хIун дозанаш туоха деза къасточохь барт хуьлуш бац.    
Копенгагенехь цхьацца пачхьалкхийн куьйгалхошца цхьаьнакхета лерина а ву Д.Медведев. Масала, шина пачхьалкхан юкъаметтигийн хьокъехь цуьнан къамел хир ду Iамаркан Цхьаьнакхеттачу Штатийн Президентаца Барак Обамица.
 
                ***
Советан планан экономика юхучу муьрехь Россин Правительствон балхах жоп дала хIоьттира цIарна цIеяхначу цIечу командиран а,  пролетариатан  яздархочун а Аркадий Гайдаран кIентан воI Егор Тимурович. Советан экономика заманца йогIучу новкъа яккха «шоковая терапия» боху дарба карийра цунна. Терапиях дерг ца хаьа, бакъду, юкъараллина шок хиларе кхечира хIетахь правительство. И бахьнехь А.Чубайсца цхьаьна махкахь шега уггар а йоккха оьгIазло йолу пачхьалкхан гIуллакххо санна дагахь висира нехан Е.Гайдар.
Кху деношкахь дIакхелхи иза. ДIакхалхарца доьзна, хьалха цуьнца хилла цхьацца къамелаш, цунах яздинарг я цо ша яздинарг карладоху хаамийн гIирсаша. ХIетахь бина некъ буьйцуш, шаьш мохк хила тарлучу боккхачу шина бохамах - мацаллаххий, граждански тIамаххий - ларийна хилар билгалдоккхура Е.Гайдара.
Иза иштта хилла хир я ца хир. Тахана и башха коьрта а ца лору наха. ДIакхелхинчуьнца къинхетаме хуьлуш Iедал ду адамийн. Тахана, коьртачу декъанна, цунах олушдерг иштта ду: махкана уггар хала киртиг тIехIоьттинчу муьрехь жоьпалла тIеиэца доьналла хилира цуьнгахь.
            
                   ***
Денна кхуьуш ю техника. Москвахь цIерпошта тIе хевшина пассажираш 3 сохьтехь 45 минотехь Петербурге кхочу, 700 (!) километр некъ бой. Цу кеппара, шен хьалхара рейс кхочушйо «Сапсан» цIе йолчу масачу цIерпошто. ХIинца дуьйна Москваний, Петербурганий юккъехь лелаш хир ю иза. И тайпа транспорт вайн кхечу некъашкахь а хилийта Iалашо ю махкахь.
Абдулаев Адам.
(Россин хаамийн гIирсех пайдаоьцуш).
 

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна