доллар    56.02 $
евро 62.99 €
26 мая, 08:34
Погода в Грозном +13 в Грозном

Соьлжа-ГIалахь СИЗО-н керла гIишло схьаеллар

22 декабря в 10:23 (2009 г.)
Нохчийн Республикан уголовно-кхочушдаран системехь таханлерчу дийнахь йолуш ю номер: 2 йолу лецнарш нисбаран колони, Чернокозово поселкера номер 2 йолу следственни изолятор, Аргун гIалара колони-поселенин участок, Соьлжа-ГIалара номер 1 йолу СИЗО. Нохчийн Республикехь тIеман хиламаш хилар бахьанехь вайн регион дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацийн лерринчу тидамехь хилла ю. Уьш дукхазза а хилла республикан лецнарш нисбаран учрежденешкахь, – цхьана шарахь ялхазза а богIуш. Дуьненаюкъарчу комиссин декъашхоша хIоразза а резахиларца билгалдоккхура чубоьхкинчу нехан бакъонаш ларъярехь долу хьал хаъал тоделла догIуш хилар. Номер 1 йолчу следственни изоляторан гIишло тишъелла йолу дела, тIеэцна сацам бара, массо а санитарни хьелаш а лардеш, керла объекташ ян.
2002-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь СИЗО-н хьалхарчу комплексан гIишло ян йолийра, 199 стагана лерина йолу.
ФБУ ИЗ-20/1-н хьаькамо, чуьрачу службан подполковника Х.Идрисовс дийцарехь, керла режимни корпус цхьана ханна дIалецначу нехан чохьбахкоран хьелаш тодархьама оьшуш яра.
– Хьалхалерчу ширачу корпуса чохь лаьцначу маса стагана меттиг яра?
– Камераш хьалаюзаран лимит 322 стаг яра, ткъа верриг а чохь воллург 215 стаг вара. Дера, нах чохьбахкоран хьелаш Европин стандарташца догIуш ма дацара. Амма тхан аьтто хилира, оццул лимит елахь а, бехке беш болу нах кIезиг а хилла.
– Ткъа лоьрийн гIо дар муха дара кхузахь?
– Цу балхана схьакъастийна кхо камера ю, царах шиъ инфекционни цомгашчарна лерина ю. Лоьраша а шайн болх дика бо.
– ХIинца режимни керла корпус схьайоьллуш долу акт чIагIдина даьлла, Европин стандарташ тидаме эцний цу чохь?
– Доцца «хIаъ» аьлча, цунах цхьа а хIума алар ца хуьлу. Амма, ма-дарра аьлча, вайн махкахь тоьллачех йолу режимни корпус ю иза, массо а европейски стандарташ а ларъеш.
ТIеэцаран комиссино 199 стагана леринчу хьалхарчу  комплексан массо а объект теллина, гIишлошъяран норманашца а, проектно-сметни документацица а йогIуш ю-яц а хьожуш. ГIишлошъярхоша бинчу балхана комиссин декъашхой резахилира.
Комплекс болх бан йолаяларан акт чIагIдира цара.
Объектан барам 199 стаган лерина бу, царна юкъахь 3 камера белла дIабовллалц чохь бахко хан тоьхначарна лерина ю, 49 камера юкъара ю, 2 – вовшахтоьхнарг,  2 – карантинни декъана лерина. Ша корпус 4 гIатах лаьтташ ю, дуьненаюкъарчу стандарташца йогIуш а йолуш, Къилба Федеральни округехь шех тераниг ян а йоцуш.
Веа стагана лерина, 18,98 кв. метр йолчу камераш чохь оьшуш дерг дерриг а ду: керамикех йина санитарни прибораш, лаьттахь тоьхна аннаш, довха а, шийла а хи. ХIинцалера вентиляционни гIирсо бовха а, цIена а мох латтабо Iаьнан заманахь.
Корпусехь лоьрийн блок ю, шишша стагана лерина 7 палатех лаьтташ стационар а йолуш. Цхьана ханна лецна болчеран аьтто хир бу, нагахь лоьрийн гIо царна эшахь, анализаш дIалуш, могашалла таллайта, флюрографех а, рентгенах а чекх а воккхуш, стоматологин а, хирургин а гIо деш. ЧIогIа цомгаш берш дIасабаха лерина больницин лифт ю, 630 кг хьала-охьа яккхалуш.
4-гIа гIат тIехь чубоьхкинчарна буьйлабала лерина 20 меттиг ю, царна шинна чохь спортивни гIирс а болуш.
Ларма йолчу декъехь следственни отделени ю. Корпусехь цIарах ларваран сигнализаци а, видеотергамбаран система а,  радио а, зIе а, телевиденин массарна лерина антенна а ю. ГIишлонна тIеялийна хинан, газан, тоькан, канализацин инженерни сеташ ю.
ЦIарах ларваларан Iалашонца чохь хи латто кечйина 150 куб. метр а, 50 куб. метр а йолуш резервуараш ю.
Хаддаза хи хилийтархьама, дIахIоттийна чохь хи IаIош йолу ши бIов ю, 50 куб. метр хи чу а доьдуш, насосни станцица цхьаьна.
Корпусна уллера меттиг хаза тойина. Цхьана ханна лерина КПП а ю, машенашка хьажа а, адамаш чекхдовлийта а йина йолу. Инженерно-технически гIирсаш кечбина, тергояран чардакхаш а хIиттош.
– Цхьана ханна чубоьхкинарш режимни керлачу корпуса чу дехьабохур буй?
– ХIаъ. Тхо кийча ду ширачу корпуса чуьра массо а керлачунна чоьхьабаха.
– Нагахь керлачунна чохь адамашна меттигаш ца тоахь?
– Шира корпус йохийна дIаяккха гIерташ дац тхо, иза тоян езаш ю. Оьшуш хилахь, цунах а пайда оьцур бу.
– Вайн гражданаш законаш ца талхош хила лаьара, тIаккха чубоьхкинарш нисбаран учрежденеш а, следственни изоляторш а хенан йохалла яссалур яра.
Ишттачу дикачу лаамца чекхделира тхан СИЗо-н хьаькамца Идрисов Хьумидаца хилла къамел.
Керла еш йолчу 2-чу комплексехь, «2-чу рогIехь СИЗО-1 Нохчийн Республикан Соьлжа-ГIалахь меттахIоттор» аьлла йолчу, йийр йолуш 2 гIат долу СИЗО-н административни гIишло а, лаьцначарна тIаьхьабаьхкинарш еххачу ханна лаьцначаьрца цхьаьнакхетийта лерина а, 36 меттиг йолуш следственни отделенина лерина а гIишлош а ю.
И гIишлошъяр дIадоьрзур ду 2011-чуй, 2012-чу шерашкахь.
Р.КАРИМОВА.
Р.ИСТАМУЛОВН сурт.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет