Лараме Дмитрий Анатольевич! Тахана, юкъараллина орамашкара дуьйна сацам боллуш йолу модернизаци яр оьшуш хиларан хьокъехь долу гIуллакх шен дерриг ираллица вайн махкана хьалхалаьттачу хенахь, Iаламат мехала ду шаьш бахьанехь  сийлахь-бохк мохк чолхечу хьелашкахь нисбаларан бахьанаш гучудахар: демократическт латтамаш хIинца а сел мела хIунда бу, экономика конкуренцина хьуьнаре хIунда яц, шуьйра граждански жоьпалла хIунда дац, вайн юкъаралла шен чуьра дуьйна талхош болу граждански къовсамаш иттаннаш шерашкахь дIабахьар Россин цхьайолчу субъекташкахь хIунда хуьлуш ду.Федеральни Кхеташоне долчу Российски Федерацин Президентан Коста тIехь хаттарийн цхьана декъана, ша аьлча, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула, жоьпаш делла. Лакхахь цIе яьккхинчу костаца доьзна тхаьшна хетарг оха аьлла, теша цунах дерг Хьуна хууш хиларх. Тхуна хетарехь, мехкан кхолламан хьокъехь къамел догIучу хенахь вешан гIалаташ а, хилла бохамаш а буьйцуш вай чекхдовллалц бакъонна тIехь латта деза. Иза хьакхалуш ду нохчийн лаьтта тIехь хиллачу бохамах а, хIунда аьлча, Россин кхетамечу гражданина иза юкъарароссийски бохам лоруш хиларна. Вайн иттаннаш эзарнаш махкахой хIаллакьхилла, чевнаш хилла, эзарнаш лечкъийна, лар йоцуш байна, амма оцу бохаман бахьанийн хIинццалц нийсонан таллам бина бац; адамаш хIаллакьхиларна бехке болу зуламхой гIайгIа-бала боцуш паргIат бехаш бу. Зуламхошна шайна догIуш долу таIзарш ца дича, адамийн пачхьалкхах болу тешам бов. Ткъа юкъараллехь оцу кепара ойланаш хилча, Россехь модернизацин кхиам хир бохург ала хала хир ду.
Федеральни центро гIо лацар, Iедалша Iаламат баккхий ницкъаш тIехьовсор бахьанехь Нохчийн Республика машаран а, кхоллараллин а новкъа дIайоьдуш ю. Тахана вайн дозалла дарца ала йиш ю, тIаьххьарчу ткъа шарахь шена баккхий бохамаш хIиттина хиллехь а, республикан бахархойн дегнашка оьгIазалла ца йоьссина.
Къоначу, тIахъаьлла, шен халкъана а, Россина а тешаме волчу Президентан Кадыров Рамзанан куьйгаллица Нохчийн Республико Iаламат баккхий кхиамаш баьхна республика меттахIотторан, терроризмаца, экстремизмаца къийсам латторан гIуллакха тIехь. Кхеташ ду, тахана республикана федеральни Iедалша гIо лацар оьшу. Иштта гIо деш ду, амма гуттар а ца хуьлу иза хила лууш болчу барамашкахь.
Амма долуш ду федеральни центран политически лаам ца хилча къастийна цхьалхадахалур доцуш долу гIуллакхаш а. Ша аьлча, лечкъийна а, лар йоцуш байна а гражданаш болу меттигаш билгалъяхар. Дуккха а шераш ду оха оцу гIуллакхан хьокъехь Iедалан федеральни органашка дехарш ден, амма къастийна хIума дац. Оха деш долчу дехаршна луш долчу жоьпаша гойту и гIуллакх къастийна цхьалхадаккха лууш цахилар, ткъа цкъацкъа и гIуллакх айа гIоьртича тхуна дуьхьало яр. Оцу шерашкахь дийнна чкъор кхиъна, дуккха а барамехь хаттарш хьалхахIиттадо цо, царна юкъахь ду муха, хIун бахьана долуш байна церан дай, вежарий, йижарий боху хаттар а. Вайн, пачхьалкхан адамийн, граждански юкъараллин, оцу хаттаршна дала жоьпаш хила деза. Ца хилахь кIезиг хир бац дахарехь шен меттиг билгалъяккхаза долчу къоначу чкъурах шайн ямартчу Iалашонашкахь пайдаэца гIурту берш.
Нохчийн Республикан лаьтта тIехь контртеррористически операци дIахьочу хенахь хIинццалц таллаза лаьтташ долу Iаламат дукха зуламаш дина граждански бахархошна дуьхьал. Муха кхето мегар ду, масала, 2000-чу шеран Iай Керла Алды поселкехь алссамчу барамехь граждански адамаш дайар толлуш цахилар, иза динарг мила ву хууш хилча? Зуламхой кIелхьарабаха гIортар бен кхин муха кхето деза иза, адамаш муха кхетор ду оха цунах? И санна долу девзаш долу бакъдерш бIеннаш ду, уьш оха Россин бакъонаш ларъяран органашка дIа а делла. Амма дуьхьал луш цхьа а тайпа жоп дац. Тхо кхета уьш хала гIуллакхаш хиларх. Бакъду, царна цIенчу даггара жоп деллий бен хиндолчуьнга хьежа йиш яц вайн.
Лараме Дмитрий Анатольевич, оха  хьакъ боллу мах хадабо мехкан дукхах долчу гIуллакхашка болчу хьан хьежамийн. Коьртаниг – хьо догцIена ву, цо тхоьгахь тешам а кхуллу вайн мохк вайн махкахошна безна ца Iаш, дерриг дуьненна а безарг хиларх.
10-гIа декабрь дерриг дуьнено адамийн бакъонийн Де санна билгалдаьккхира, 11-чу декабрехь 15 шо кхечира Нохчийн Республикан лаьтта тIехь эскарш чудалийна, 12-чу декабрехь вайн махко билгалдаьккхира шена тIехь, ша аьлча, дахарна йолу бакъо, цунна тIекховда йиш цахилар санна йолу бакъонаш тIечIагIйина йолчу Российски Федерацин Конституцин Де. Оха цкъацкъа тхаьшна хьалха хаттар хIоттадо, ойла ца еш бинчу сацамийн хила тарлуш йолчу тIаьхьенех кхетарий-техьа Россин хIетахьлера куьйгалла, стеган а, гражданинан а бакъонаш ларъяран гIуллакха тIехь хIун маьIна леладо лакхахь билгалдаьхначу деноша, олий.
Цундела, хьо Россин Конституцин тешам хиларе терра, оха доьху хьоьга Нохчийн Республикан лаьтта тIехь контртеррористически операци дIахьочу хенахь дина даккхий зуламаш таллар бакъонаш ларъяран органашкара лахар. Царна юкъадогIу, ша аьлча, пхи эзар сов стаг лачкъорца доьзна долу зуламаш а. Оха иштта доьху Нохчийн Республикехь лаьттах доьхкинчуьра схьадаьхначу декъашна идентификаци яран лаборатори кхолларна тIехьажийна дан дезаш долу гIуллакхаш дар Российски Федерацин могашалла Iалашъяран а, социальни кхиоран а Министерствера лахар (республикехь шуьйрачу барамашкахь декъий дIадоьхкинчу меттигашкахь, тайп-тайпанчу хьостанийн хаамашца, кхо эзар гергга дакъа ду). Тоьхна хенаш йохуш болчу РФ-н гражданийн – Нохчийн Республикера схьабевллачеран къоман билгалонца бакъонаш талхор сацорна тIехьажийна билггал долу гIуллакхаш дар таIзарш кхочушдаран Россин Федеральни службана тIедиллар.
Гражданаш тешна хила декхар ду, иза муьлххачу стага динехь а, зулам теллина хирг хиларх а, зуламхочунна хьакъ доллу таIзар дина хирг хиларх а. Иза беллачарна оьшуш дац, ткъа вайна, российски юкъараллин тахана дехаш долчарна а, хиндолчу чкъоьрнашна а оьшуш ду.
Н.Нухажиев,
Нохчийн Республикехь адамийн
бакъонаш ларъяран Векал.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна