Иза ишколе балха схьайогIучу хенахь генара дуьйна тIеуьду цунна кегий бераш – цуьнан дешархой: «Де дика хуьлда хьан, Тамара Абдиевна!». Уьш кхунна марабеттало, карара тIоьрмиг схьаоьцу, белалой-бекхалой хуьлу кхуьнца. Иштта нисло хIора дийнахь, шо-шаре мел долу. Шовзткъа шо хан ю Мудаева Тамара Чуьйрин-Эвларчу юккъерчу ишколе юьхьанцарчу классашкахь хьеха балха еана. Дукха хан дIаяьлла хIетахь дуьйна. Кхуьнан дешархой, баккхий а хилла, шайн доьзалш а болуш, тайп-тайпанчу меттигашкахь балхахь а, некъахь а бохкуш бу. Хьалха санна, тахана а юьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш ю ТамараЧуьйрин-Эвларчу номер 2 йолчу юккъерчу ишколехь. Атта бац хьехархочун болх, ткъа кегийчу берашца беш берг-м муххале а. Царна цхьадолчарна чIогIа хала ду берийн коллективах дIаэ, нийсархошца паргIат хила, хьоьхуш дерг схьалаца. Цундела хила еза кегийчу берашца болх беш йолу хьехархо къаьсттина тидаме, эсала, бераш дезаш, церан догъэца хууш. И дерриг а Тамарин амалехь долуш ду. Цунна дукхадеза бераш, хаьа цаьрца болх бан, дика евза церан амалш.
Хьехархо санна Тамара гуттар а хьалха хилла ю – тоьлла болх беш болчарна юкъахь. Цо ша цкъа а ца кхоийна балха тIехь. Цуьнан урокаш массо а хенахь лаккхарчу тIегIанна тIехь хилла ю. ХIора урокана кечам а бой, цунна оьшург, мел кIезиг хIума и делахь а, тидаме а оьций, йогIу Тамара балха. Иза цкъа а ца кхийрина цхьана а комиссех а, болх талларх а, хIунда аьлча шен гIуллакх цунна дика девза, цо иза дика кхочуш а до.
Хьехархочун корматалла дика караерзийна Тамарас. Цу хуург накъосташка хатта дола ца хетта цунна, шен балхана оьшург гуттар а лохуш, махкахь тоьлла болчу хьехархошна зеделларг схьаоьцуш а хилла ю иза. Болх беш йоллушехь, цо кхиамца чекхйоккху 1989-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн нститутан юьхьанцарчу классашна хьехаран факультет.
Цхьана муьрехь ишколан директоран заместителан болх а бира цо. Амма цу даржехь еха ца Iаелира хIара, хIунда аьлча ма-хетта, ша резайолуш берашца шен классехь болх бан хан ца тоьаш хетара кхунна. Билггал иза Хьехархо яра – олуш ма-хиллара, доккхачу элпаца язъян мегар долу. ХIара йоккхаера шен берийн кхиамех – кхуьнан класс ишколехь юьхьанцарчу классашна юкъахь тоьлларг хуьлуш яра. Урокашкахь бераша дика болх бора – массара а бохург санна куьйгаш хьалаойуш, хаза а, нийса а жоьпаш луш. Кхуо цкъа а тидаме ца оьцуш ца дуьтура бераша жоп муха ло – нохчийн а, оьрсийн а маттахь олуш дерг нийса олуьйтуш, жоп дуьззина долуьйтуш. Гуттар а болх бора берийн къамел кхиорна тIехь – кхунна хаьара, шортта дешнаш царна хууш хилча, лакхарчу классашкахь царна деша атта хир дуйла.
Кхечу классашкахь 2–3 отличник хуьлучу хенахь, Тамарин классехь уьш 10–15 хуьлура. Цо Iамийна бераш пхоьалгIачу классе даьхкича, лакхарчу классашкахь хьоьхуш болу хьехархой баккхийбина а ца бовлу, дика низам долуш а, дика хаарш долуш а хуьлу Тамарин дешархой.
Ткъа берашна мел дукхаеза иза. ХIан-хIа, цо цхьа а хIума ца леладо, царна товш дерг, ша езаялийта гIерташ. Иза цаьрца дуьххьалдIа даггара ю, ткъа берашна хаало шайга болу безам, иза леррина гайта ца гIиртича а.
Цхьана хенахь Тамарас болх бечу коллективехь дуьйцуш цхьа забаре хIума дара. Кхуьнан классехь доьшуш йолчу йоьIан нанас дийцина хиллера иза. И йоI чIогIа дика доьшуш а, лерина лелаш а хилла. Цкъа ишколера цIа еача, шен нене цо аьлла: «Мама, ма дукхаеза-кх суна хьо, тхайн хьехархо Тамара Абдиевна санна!».
Бере моттаргIанаш лелалур яц, цо олург даггара ма ду.
Дуккха а хилла Тамарин дешархой, хIораннан а дахарехь кхуо лар йитина. Кхунна чIогIа хазахета, ша дагаеана, уьш баьхкича, телефон тоьхча. Хьехархочун болх иштта ма бу – ахь гуттар а сагатдо хьайн дешархошна, уьш баккхий а хилла, дIабахча а. Хьуна лаьа церан кхиамаш хуьлийла, хIунда аьлча цу кхиамийн мелла а дакъа хьуна а ма кхочу. И ду-кх хьан белхан лаккхара мах хадор – махкана, халкъана беркате, пайден, дика стаг кхиор, цуьнан дахарехь кхиамаш хилар.
Цхьана хьекъалчас аьлла: «Нагахь цхьамма ша резаволу говзалла а хаьржина,  ша ца кхоош хьанала къахьегахь, ирсана шена схьакарор ву иза». Ишттачарах ю Тамара – цунна шен ирс берийн дуьхьа хьанала къахьегарехь карийна.
Ас дехар до цуьнга: хьайн хьехархочун балхахь хьуна къаьсттина дагахь лаьтташ долу цхьа масал даладехьа олий. Тамарас иштта цхьа хIума дуьйцу: «Сан вара, цхьажимма аьрха а волуш, хало амал йолуш дешархо. Дика доьшуш а вацара иза, цкъацкъа низам талхош меттиг а нислора цуьнан. Цкъа цхьана дийнахь тхайн класс цIанъеш дара тхо, урокаш чекхъевллачул тIаьхьа. Бераш хаза бертахь чохь гIуллакх деш дара. Кор дуьлуш йолчу сан цIеххьана куьг хадийра. Бераш, кхераделла, суна гуонах хьаьвзира. Со охьаоьху цIий сацо гIертара. Воха ца вухуш, тIе а веана, Ахьмада (иштта яра сан аьрхачу дешархочун цIе) шен киснара йовлакх кховдийра соьга. Юха, цо гIо а деш, ас хадийна куьг дIадихкира.
Цул тIаьхьа дуккха а хан дIаелира. Суна и хIума дицделлера. Цкъа, чIогIа цомгаш а хилла, больнице охьайиллира со. Суна операци яра ян езаш. Цунна кечам а бина, стоьла тIехь со Iуьллучу хенахь, суна гуонах лоьраш бара, масканаш а йоьхкина. Цхьаъ соьга вистхилира: «Муха хета хьуна?» – аьлла. Цуьнан бIаьргаш а, вистхилча, аз а девзаш санна хийтира суна. Операци дика чекхъелира. Со палати чу схьаялийча, сан тумбочки тIехь лаьтташ зезагаш дара. Дукха хан ялале со йолчу лор веара – иза сан дешархо хилла Ахьмад вара. «Муха ю хьо, Тамара Абдиевна? Со дагавогIий хьуна?». Сан бIаьргех хи делира – дукха хазахетарна. Сан аьрхачу дешархочух лор хиллера, цо йина хиллера суна операци».
Дахарехь шен меттиг карийна Тамарина, хIунда аьлча кхуьнан дукхабеза болх а бу, кест-кеста хазахетар деш болу дешархой а бу. Доьзалехь а дика накъостий бу цуьнан – оьзда хIусамда Iийса, баккхий кIентий – Рустам а, Ислам а. Берийн бераш а ду кхуьнан. Царах къаьсттина йоккхаеш, уьш хьоме хеташ ю хIара.
Дуккха а шерашкахь къахьегна йолчу Тамарин болх Iедалан агIонера тидаме оьцуш хилла бу. Кхуьнан  «Россин Федерацин халкъан дешаран отличник» аьлла, цIе а ю, шортта сийлаллин грамоташ яларца а, ахчанца дина совгIаташ а ду. Хьехархочунна луш йолу уггар а лакхара цIе яла хьакъ  яра хIара, амма куьйгалхойн ледарлонна кхунна иза цкъачунна ялаза ю. Делахь а Тамара цунна сагатдеш яц – кхуьнан еза цIе а ю – Хьехархо, берийн а, дайн-нанойн а ларам а бу. Иза кхунна дерригенал а деза ду.

АРСАНУКАЕВ Муса.
Авторан суьрташ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна