Нохчийн Республикехь юьллур ю шарахь 1 миллион тонна продукци яла нуьцкъалалла йолу нефтах гIуллакх ден завод. Нохчийн Республикан Президентаца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетар долчу хенахь цунах лаьцна хаам бира «Грознефтегаз» ОАО-н генеральни директора Эскерханов Мусас. Цо дийцарехь, оцу гIуллакхах лаьцна тIаьхьара сацам тIеоьцур бу декабрь бутт чекхболуш хинйолчу «Роснефтан» директорийн Советан рогIерчу кхеташонехь.
– Тхо тешна ду Нохчийн Республикехь нефтах гIуллакх ден завод йилларан хьокъехь долу гIуллакх иза йилларан хьокъехь сацам тIеэцарца къаьстарг хиларх, – элира М.Эскерхановс.Цо дийцарехь, арахоьцуш йолу ерриг а продукци – бензин, мазут, ягориг – вайн республикехь доьхкина ца Iаш, амма Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, ХIирийчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а духкур ду.
– 2010-гIа шо долалуш проектно-сметни документаш хIитто долор ду. Завод йилларна дIагIур ду диъ шо. Иза юьллучу ханна хир ю ханна йолу белхан ши эзар гергга меттиг. Ткъа иза йина яьлча, хаддаза болх бан 800–1000 меттиг хир ю, – элира М.Эскерхановс.
«Грознефтегазан» генеральни директора иштта билгалдаьккхира заводан балхо меттигерчу бюджете шарахь герггарчу хьесапехь 1,5 мллиард сом ахча дуьллург хилар.
Нохчийн Республикан Президента акционерни юкъараллин куьйгаллина баркалла элира бинчу балхана.
– Нефтах гIуллакх ден завод йиллар республикан экономика кхиорна дика таро хир ю. Республикехь белхазаллин барам лаккхара хилар хьесапе эцча, иза мехала ду кхитIе белхан меттигаш хилийтарехь а. Ас доьху завод йилларан гIуллакх кхочушдарна шайх дозуш дерг дерриг а дар, – элира Р.Кадыровс.
Президентана иштта бовза лиира нефть долу керла меттигаш талларехь «Грознефтегазо» беш болу болх.
М.Эскерхановс Р.Кадыровга дийцира карарчу шарахь кхайкхина говзанчаш-сейсмологаш балийна а, цара шайца французски пхиъ установка еана а хиларх лаьцна.
– Цара Андреевски тогIе олучу меттехь нефть лохуш болх бина. 2010-гIа шо долалуш оцу майданахь скважинашна буру тохарна хьакъ боллу болх бийр бу оха. И программа пхеа шарна лерина ю. Оха билгалдо кхидIа белхаш Джалкхехь, Гуьмсехь, Iаларахь, ЦIоьнтрахь, БIачи-Юьртахь, ткъа иштта Теркан районехь а дIабахьар, – элира М.Эскерхановс.
Нохчийн Республикан Президента иштта билгалдаьккхира республикехь газах гIуллакх ден завод йилла езар. Цо элира республикан бахархойн хIусамашка нефть доккхуш цуьнца цхьаьна йолу газ кхочуш хиларх лаьцна. Иза ягоро хIаваэхь баккхийчу барамехь сероводород а, углекислый газ а яржорца экологически дикка доккха зен до.
– Республикан инвестицийн планашкахь йолуш ю газах гIуллакх ден завод йилларан проект. Иза кхочушъяро таро хуьлуьйтур яра газ ягорца йолу проблема дIаяккха. Шо сов хан ю вай бюджетан кредит шех олучуьнга хьуьйсуш долу. Амма вай кхин цкъа а хьовсур ду республикехь и завод оьшуш хилар чIагIдан, цуьнан ерриг а экономически а, экологически а дикачу агIонийн бух а хIоттош. Федеральни центре кхин цкъа а деха деза и завод йилларехь гIо дар.
Нохчийн Республикан Президентан, Правительствон пресс-служба.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2