доллар    56.47 $
евро 63.49 €
24 мая, 01:31
Погода в Грозном +14 в Грозном

Хингалш

22 декабря в 10:49 (2009 г.)
Оьшург: дама – 600 г., кефир я етта шура 500г., сода – 1 г., туьха – 2,5 г. кхехкийна гІабакх – 650 г. шекар – 75 г., хи – 150 г., кхаьрзина хох – 120 г. налха – 150 г., хьожайогІу буц. Бод хьакхош, дамех сода а, туьха а тухий, тІе етта шура я кефир ютту. КІеда бод хьакхийначул тІаьхьа, цунах дакъош до. ХІора дакъа оккхалоца шар а деш, юккъе кечйина гІабакх юьллу. ГІабакх иштта кечйо: дакъошка екъа а йоькъий, юккъера хІуш дІа а дохий, бертал яй чу йохку. 5 кг. гІабакхна 1л. хи дутту. ТІе негІар а тухий, кхоьхкуьйту. Цул тІаьхьа гІабакх чуьра а йоккхий, ата а отий, тІе туьха а, шекар а, хьожа йогІу буц а, кхаьрзина хох а тухий кечйо. ГІабакх бод юккъе цхьана агІор бен ца юьллу, ах дакъа тІекарчо дуьту. Цул тІаьхьа, хьалххе тІейиллина, йохйинчу зайли чохь, уьш дотту. Деттина хингалш довха хи чу а Іуттуш, тІе даьтта хьокху. Царех уьрсаца хеда а дой, дакъош до. Шун чохь хьалха дехкинчу хингалшна юххе пели чохь даьтта а дуьллу. ГІоза доийла хингалш!   

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет