доллар    56.65 $
евро 63.55 €
26 мая, 18:13
Погода в Грозном +21 в Грозном

Тоьланийн бахархой

22 декабря в 10:52 (2009 г.)
Къилбаседа-Кавказан регионехь термометр шелонгахьа теІаш, лахъелча, кест-кеста дагабогІу тІехь тхов боцурш. Амма къамел бомжех лаьцна дац, иза шайн лаамехь шайн хІусамаш йитинчарех лаьцна ду, аьлча а бандтобанийн дакъалацархойх лаьцна. Гуонаха чІогІа шийла а йолуш, догІа а, ло а догІучу хенахь лаьмнийн хьаннашкахь цхьана тоьли чохь я акхаройн бен санна лаьттах даьккхинчу ор чохь Іа муха доккхур ду бохучун, схьахетарехь, сурт хІотто а хала ду. Электричествох, канализацех, хица кхачоярх, санитарно-цІанонан нормаш ларъярх лаьцна кхузахь къамел хуьлийла а дац. Муьлхачу а хьелашкахь бехаш бу лаьмнашкара бандиташ? Газетдешархошна цунах лаьцна дийца лаьа.
Хууш ма-хиллара, тІеман-аренийн зераш – иза дегІана а, синІаткъамна а чІогІа ницкъ беш ду. Цундела хаддаза хьере хиларан хьолехь долчу адамийн гучуюьйлу керла цамгарш, чІагІло хьалха хилларш, кхеташ ду лаьмнийн къахкашкахь царна дарбанаш лело молханаш а, я уьш лело стаг а цахилар. «Муджахедашна» юккъехь бац говза лоьраш. Медицински хьалхара гІо даран йоццачу курсан ницкъ кхочур бац хирургин, юкъарчу терапин, фармакологин, иштта дІа кхидолу а университетан хааршка кхача.
Шаьш даларан дозанан хьелашка хІиттийна боевикаш тІеюхучу бедарехь, кхачанехь, герзехь доккха хьашт долуш хилла ца Іа. Церан ур-аттал дац уггар хьалхарчу хьаштан молханаш а. Оцу хьолах лаьцна иштта дуьйцу шен цхьана Интернет-кхайкхамехь вахабистийн къайленан вевзаш волчу тхьамдано шайха Бурятский СаІида (Тихомиров Александра): «Суна дагадогІуш, дерриг а Къилба-Малхбален декъехь лазар дІадоккхуш долу масех ампула молха дара. Ур-аттал яккхий чевнаш йича а, цунах, кхоош, пайда ца оьцура оха».
Иза цхьа тамашийна хеташ ду. Сурт хІоттадел шайна: чов йина, цІий дІаоьхуш, лазарна мохь оьхуш, керчош, лаьттахь Іуьллу «муджахІид», ткъа цуьнан накъостий, цунна лазар лахдеш долу молха тохаран меттана, цуьнан гІо лоцуш, хабарш дуьйцуш бу цуьнга. Дуьйцийла йоццуш, башха хІума ду иза!
Цунна тІе а доьгІна, бандиташ Деле доьхуш бу, нагахь санна шайна герз, я гранатин гериг кхета доьгІна делахь, – цара шайна Іожалла яхьар, хІунда аьлча, чов яро, иза мел жима хиларх, шайна хІумма а гІолехь хирг цахиларна. Чов хиллачунна цхьамма а операци йийр ма-яц; цу тІе иза, электричество, молханаш, дезинференци йоцуш, шелонехь ян йиш ма-яц. Чов хиллачул тІаьхьа, дукха хьолахь цунах хьу юлу, цул тІаьхьа чов эхаре доьрзу, тІаьххьара а иза гІарчІъаьлла хилла бІаьхо чІогІа Іазап хьегарца валарца доьрзу.
Аьтто боьхна «хьаннийн вежарий» тІаьххьара боьрзу меттиг хуьлий дІахІуьтту хьуьнан къора меттигаш, баьрзнаш, царна тІехь дац я чурташ а, я кешнийн билгалонаш а. Доцца дийцича, мисканаш, цІа, да воцу жІаьлеш санна, лаьттах бухку уьш.
Цунна иштта цхьа масал ду. 2009-чу шеран 3-чу декабрехь Шелковски районерчу хьуьнан юккъехь милицин белхахошна карийра Веданан районерчу ЦІен-Веданан юьртан боевикийн эмир лоруш хилла 19 шо долу Джамалханов Турпал-Іела  дІавоьллина каш. Дийнна цхьамогІа даккхий зуламаш дарна хІокху тІаьххьарлерчу кхаа шарахь лоьхуш вара и бандит, кхо бутт хьалха Веданан районерчу Элистанжа юьртахь леррина йолу операци дІахьош, яккхий чевнаш йира цунна. Схьагарехь, цуьнан тІеман накъостийн ницкъ кхаьчна иза шерачу аренга охьаван, амма йинчу чевнех бандит вала а велла, хьуьнхахь дІавоьллина. Ткъа иштта нах дІабоьхкина керла, цхьанна а девзаш доцу кешнаш мел хир ду ерриг а Нохчийчохь, Дагестанехь, ГІалгІайчохь, ГІебартойн-Балкхаройчохь.
Нагахь санна юкъара тІеэцначу тІеман гайтамашца хьесап дича, тІаккха байъинарш а, чевнаш хилларш а ишттачу барамашкахь нислуш бу: герггарчу хьесапехь байинарш цхьа дакъа хилча, чевнаш хилларш кхо дакъа хуьлуш. Ткъа нагахь санна бакъонаш ларъяран органийн хаамашца хІокху шарахь Кавказехь 230 сов бандит вийнехь, делахь-хІета, долуш долчунна тІедоьгІча, лаьттах боьхкина мел лакхара а шозза алсам «муджахІидаш». Билггал, царех дукхах берш тІеман, герзан чам бовзаза болу, нагахь санна аьтто хилахь – ахча ду, ткъа эшахь – ялсаманехь къастийна меттиг хир ю бохуш, шаьш ира-карахІиттийначара дуьйцучух Іехабелла, дІабахана болу 18–22 шераш долу  кегий нах бу.
Амма дуьйцуш долчу гІуллакхан дахаран-Іеран агІонна тІе юхадоьрзур вай. Зеделларг долчу салташа дуьйцу: тІамтІехь уггар а халаниг – иза летарш а, юхадовларш а доцуш; уггар халаниг – иза аренан дахар-Іер ду. Кхетаме ойла еш волу стаг цхьана кепара вола тарло консервех а, китайски гарзанех а кечйина чорпа санна болчу латийначу цІарна тІехь кхехкийначу атта кечлучу кхачанах. Ткъа тоьланийн бахархой лаьттачу меттехь, мел дика хилча а, охьадогІу цхьа хи бен ца хилча, шен дегІан цІанонна кхачо муха йийр ю. ТІера хІумнаш ша санна шийлачу хи чохь йитича, я уьш цІарна тІехь ца кхехкийча ца бовлу уьш.
Амма цІаьххьана тІелетта, мостагІчун «лагерш» схьалецначу бакъонашларъяран органийн белхахоша тоьшалла деш ма-хиллара, царна цкъа а ца карийна я котелаш а, я хІумнаш юьтту  порошок а. Цул тІаьхьа кхеташ хуьлу хьуьнхахь ехха хан а яьккхина, тІаьххьара а бандиташ вочабевлла, дакъазабевлла, тІера духар эттІа, тІехь боьха болуш, вуон хьожа йогІуш адамашна тІе, нах бехачу меттигашка охьа хІунда богІу.
Оццу шайха Бурятский СаІида больницера баккхал карахь йолчо санна лерина багарбира «Имарат Кавказ» цІе йолчу предприятин ломарчу коьртачу кладовщика Умаров Доккас цхьана шарна пайдаэца шена белла бахам: жима куз (2), белшех тосу тІоьрмиг, охьавуьжу мотт, батенкаш, резинкин этигаш (2 пара), маскхалат (2 комплект), четар.
Шена тІе тидам бохуьйтуш ду бандитийн тобанашкахь ло бохуш, цхьана а кепарчу хІуманех лаьцна шайха дуьйцуш цахилар. Ткъа цуьнан бахьана ду «муджахедийн» тІаьхьалонашкахь герзал а, аренан гІирсел а сов, кхин хІумма а цахилар. Я киншкаш яц, я ловзарш а дац, мукъачу хенахь самукъадаккха хІумма а дац, доцца аьлча, стагана боданерчу, тІуьнчу тоьли чохь самукъадаккха, де (я суьйре) яцъян хІумма а дац.
Амма чохь янне а бегІийлаш йоцу и чоьнаш а тешаме хІусамаш яц боевикашна. Оцу акхаройн баннаша уьш яккхийчу тоьпийн хІоьънех а, авиацин тохарех а ларбан а тарлора, амма эскарийн, милицин разведтобанех цара уьш къайлабахахь тамаш бу. Цундела шаьш дехаш йолу тоьланаш а йитина, латта охкуш  тІеттІа керл-керла акхаройн баннаш ца дича ца бовлу мажош йолу тІемалой.
Карахь герз а, кхиболу гІирсаш а болуш, лаьмнашкахула хаддаза дІасалеларна гІелбелла, физически хилла ца Іаш, амма – уггар а коьртаниг  – морально а гІора дІадаьлла болчу царех дукхах берш кхидІа шаьш хІун дан деза ца хууш буьсу. Цхьана агІор, и акхаройн дахар кхидІа дІа ца кхехьало цаьрга, вукха агІор – оьшуш йоцчу йохьана церан ницкъ ца кхочу шайн харц тешаран хьежамех юхабовла, герзехула болу накъостий а битина, оцу ловзаршна юкъарабовла. Кхузара схьабовлуш бу юкъах лелха герзаш а дихкина, цхьанхьа адамаш долчу меттехь шаьш лоьлхуьйтуш болу «шахІидаш». Оцу чолхе йоцчу кепара лаьттан баланех кІелхьарабовлу кегий нах (цигахь, ялсаманен бошмашкахь садаІа дегайовхо йолуш), цуьнца цхьаьна уьш шайн йохьах ца боьхна шайн вежаршна – «муджахедашна» хьалха.
«ЦІена Ислам» олуш долчуьнгахьа берш герзаца а, тротилца а Къилбаседа Кавказан халкъашна юккъехь шайн къаьсттина  «нийса» хьежамаш баржо чІогІа мел гІирти, адамаш дІакъаьстина, гена довлу акхачу хьуьнан бахархойх. Терроран дуьхьа террор хьоьхуш болчу бандиташа шайна а ца хууш, ма-дарра аьлча, цхьабарт  беш цхьаьнатоьхна пачхьалкх а, могІарера адамаш а, хІунда аьлча цара уьш шайн тІелетарийн Іалашо лаьцна хиларна. Ткъа цхьабарт хилла, цхьаьнакхетта граждански юкъаралла, хууш ма-хиллара, эшо хьуьнаре бац цхьа а ницкъ, кхоьруш, лаьтта бухахь лечкъаш а, наг-наггахь шайн тоьланашкара аракъедаш а болу ницкъ муххале а.
ХАЛИДОВ Висхан.           

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет