Вайн республикехь боккха тидам тIебохуьйту экологица доьзна долчу хаттаршна.  Цу декъехь кхоьллина правительствона чуйогIуш йолу комитет а ю.  Даккхий декхарш ду цунна хьалха лаьтташ, цо уьш жоьпаллица кхочуш а до.  Уггар коьртачарех лору комитетан белхалоша – хIаваъ бех ца дайтар.  Иза эрна а дац.  Цунна бечу тергаме хьаьжжина хуьлу вайн могашаллаш.  Цхьа а шеко яц, молуш долу хи, бууш болу кхача, дукха лерина цIена лело безаш хилар. Иштта мехалла ду ахь садоьIуш долу хIаваъ а. ЦIена хIаваъ долчу садаIа мел гена а дIабоьлху нах. Дахарехь зеделлачунна тIера а, статистикица дуьстича а, адамийн дахар деха хуьлу  цIена хIаваъ долчу меттехь. Эрна ларалуш бацара вайн лаьмнашкахь бехаш болу нах могаш а. дукха бехаш а.  Цигахь дуккха а меттигаш ю хIинцций бен газ а, свет а кхачаза. Ткъа уьш ца хилча йиш йоцуш хIуманаш елахь а, цара могашаллина беш болу пайда а хаьа вайна.  Иттех шо хьалха вайн махкахьэкологи ларъяр хьехочохь а дацара.  Кхеллеш, нехаш, йогу скважинаш, чу канализацеш а, мазоташ а хецна, хIаллакдина хиш – мел дара уьш, массо а агIор цамгарш гулйо хIуманаш.  Церан тIаьхье хIинца а гуш ю вайна. Iалам хIаллакдечаьрца луьра къийсам латтабо экологаша, шайн коьртехь Шахтамиров Iийса а волуш. ХIора юрт а, район а, гIала а шайн куьйга кIел эцна цара терго ярца. Бакъонаш талхочарна – гIуда туху, низаме ца вогIург –прокуратуре ло, ткъа цу дерригенна а тIе ца кхачийта, кегийрхошна юккъехь а, ишколашкахь а, белхан меттигашкахь а дIахьо тайп-тайпана семинараш а, цхьаьнакхетарш а. Гулбеллачарна хьалха дуккха а масалш далош, цIеначу хIаваах а, шовданех а хуьлуш болу пайда, уьш ца лардаро, деш долу зе а дуьйцу инспекторша-экологаша.  Дийцина ца валлал, хаза а, исбаьхьа а Iаьмнаш а, хиш а ду вайн махкахь: Къоьзана-Iам, Капустино, Генеральски, Майорски.  Иштта, тIех хаза ду «ЙоIан чIаба» («Девичья коса») аьлла йолу чухчари. Цхьана Веданан районерчу Тевзанахь 38 шовда ду.  Уьш цIена хиларал совнаха, дарбане лерина а ду.  И санна хиш долуш меттигаш дукха ю вайн махкахь.  КIеззиг дац лаьттах бухдуьйлуш долу, серная олуш долу, довха хиш а, царех а оьцу дукхха а наха пайда, дарбанаш лелош а, хIусамашкара хьашташ кхочушдеш а.  Делахь а, вай хьалха ма-аллара, и Iаламан хазна ларъян ца хууш берш а нисло. Уьш шайн цIахь а бу иштта. Хийла шайн цIенна хьалха кхеллеш гулъеш, урам бехбича а, юрт тишйича а, шекбоцурш бу вайна юкъахь.  Паркашкара, скверашкара зезагаш хедош, бух а дохий,  дитташ дІахьош, къаьсттина елканаш,  хилла а, лелла а хIумнаш ду вай долчохь. Юкъараллехь и санна долу къоланаш цкъа а къобал ца дина нохчаша, тахана цунна дуккха а тоьшаллаш  ду.  Схьаоьцур вай Соьлжа хи.  Цунах тиллина ю вайн гIалин цIе а. Генара некъ беш кхочу иза Нохчийчу, цунах кхета кегий хиш.  Кхин дIа иза кхета Терках, цул тIаьхьа – Каспийн хIорда чу кхочу. Инзаре ирча хIума дара Соьлжа хи чу мел кхуссуш хилла йолу нехаш, хоьцуш долу дIовш.  Тахана и цIандан беш а, бина а дуккха а белхаш бу.  ГIалара районаш схьаэцча, уггар чIогIа  лаьттан бух а, хин бух а  бехбеллачарех Заводской район ю.  Иза хаалора хина тIехула лелаш долчу мехкадаьттанца. Цу хьокъехь говзанчашна юккъехь тайп-тайпана къийсамаш а хилира.  Цара дийцарехь, уггар дукха мехкадаьттан гулдаларш карийра заводаш лаьттинчу меттигашкахь: Шериповн а, Анисимовн а, Ленинан а цІарах хиллачу  Экологически кхераме зона лара мегар долуш яра и меттиг.  Тахана цу декъехь долу хьал мелла а хийцаделла ду.  Мехкадаьтта хи чу эхийтар сацийна ду.  Делахь а, комитетан куьйгалхочо Шахтамиров Iийсас ма-аллара, хало хIинца а тидамехь ларалуш ю.  Хи чу хоьцуш долу мехкадаьтта сацийчхьана, цу буха хIоьттина ду и  цхьа миллион тонн сов.  «Нека деш» йолчу мехкадаьттан линзин говзанчаша мах хадо безаш бу, цуьнан жамIашца билгалдер ду, кхин дIа  дан дезаш дерг.   Экологаш мукъа ца Iа, цара кхочушдо Президента а, Правительствос а шайна тIедиллинарг.  Iалам лардан Iамош болу болх, кхиазхошна тIера дIаболийна экологаша.  Иштта, дукха хан йоцуш, Шелан районан Мескар-Эвларчу юккъерчу ишколехь экологин  декъехь болх бечу комитетан белхалоша дешархошца дIаяьхьира семинар.  Вайн Iаламан хазна йовзийтарал совнаха, экологаша дийцира цуьнан мехалалла а, пайда а.  Чохь са мел долчу хIумано дохьуш долу дика а хьехийра. Диц ца дира олхазарш а, дитташ а.  И дерриг берашна дуьйцуш а, довзуьйтуш а бара, къаьсттина ларъеш йолчу Iаламан меттигийн  куьйгалхо Лулуев Iабдулмежид а, отделан коьртехь йолу Мусиханова Луиза а, инспектор Юсупов Мохьмад а. Массара а гIо лаца деза Iалам лардеш а, цуьнан дола деш а, – бохура цара.  Шаьш  дIасакъастале Мусихановас ишколан  директоре дешархошна лерина совгIат делира –  «ЦIен книга» («Красная книга»).  Цу тIехь довзийтина ду  юкъара дIадовла гергадахна дийнаташ а, олхазарш а, дитташ а.  Книги тIехь далийна дуккха а керла  довзийтарш а ду.  Шатайпа справочник хилла дIахIоьттина иза берашна а, баккхийчарна а.  Цул сов, цунах пайдаоьцур бу Iедалан белхалоша а, куьйгалхоша а. Тахана комитет болх беш ю, Правительствос  шена хьалха хIиттийначу декхарех йоьалгIа этап чекхйоккхуш.  Иштта, церан хилира Веданан а, Курчалойн-Эвланан а, Шелан а районашкахь  инспекционни хинан а, экологическин а талламаш.  Цхьаццайолчу меттигашкахь карийра дуккха а бакъонаш талхийна меттигаш.  Тевзанахь шовданаш бехдан герга дахана ца Iара, эвла юккъехь а, шовданашна юххехь гулйинчу нехаша а, кхеллеша а орца деха дезаш хьал хIоттийнера.  Цигахь, хьалха ма-аллара, 38 шовда ду, уьш дерриш а цхьана хих дIакхеташ ду.  Законе даьккхича, кхузахь талхийнарг Хинан кодексан 65 статья ю, цундела, оцу юьртан администрацин куьйгалхочунна кIира хан елира, нехаш дIа а йохуш, хишца долу хьал меттадаладе аьлла.  И санна  долу хIумнаш  кIеззиг ца нисло экологашна, делахь а, уьш дика ларало Iаламан пусар ца дечаьрца.  Оцу кепара шайн болх дIабахьа лерина бу комитетан белхалой кхидIа а, хIунда аьлча уггар хьалха цара кхочушдийриг нехан а, мехкан а гIуллакх ду.  ШолгIа-делахь, вайн Президента царна тIедиллина доккха декхар ду – экологически а, хинан а таллам Нохчийчохь чIагIбе аьлла.  Цара иза кхочушдо, шайна хуу дела, экологи ларъяр – могашалла Iалашъяр дуй.                 
ДУДАЕВА Билкъис.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2