Тахана университетехь билгалдоккху цуьнан 40 шо кхачар. 1969-чу шарахь дуьйна, цкъа хьалха – Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан  хьехархойн институтан, ткъа тахана – Нохчийн пачхьалкхан университетан цхьа дакъа а хилла схьайогIу историн факультет. Факультет кхоллалучохь жигара дакъалаьцна а, оцу хьалхарчу 30 шарчохь гергга цуьнан декан лаьттина а ву историн Iилманийн кандидат, профессор Хасбулатов Iимранан Асланбек. Кху деношкахь тхо дехха Iийра цуьнан чулацамечу къамеле ладоьгIуш. «Ас-со» а ца бохуш, аьхначу, кIеда-мерзачу маттахь дуьйцура цо вайн махкахь историн Iилма кхиаран некъах, халонашна бIо ца къажош, мехкан историкаша бохучу кхиамех. Асланбек вина 1937-чу шеран ноябрь беттан 24-чу дийнахь. Чолхе нисбелла кхеран доьзалан кхоллам. Да Iимран Горячеводскерчу больнице виллина а волуш, махках доккхучу халкъаца Къилбаседа Казахстане кхаьчна вежарий Асланбек, Руслан, Ямлихан, йиша Зулай а шайн ненацаний. Кхин гIоли ца хуьлуш, дIакхелхина волу Iимран шайн юьртарчу кешнашка дIавоьллина Бамат-Юьртарчу гIумкаша, йиша-ваша, доьзал юххехь боцуш.1954-чу шарахь 10 класс чекхъяьккхина волу Асланбек Алма-Атарчу юьртбахаман институте деша хIоьттира (цу хенахь «спецпереселенцех» болчу кегийрхошна бихкина бара исторически, юридически, экономически факультеташка деша боьду некъ). ТIаьхь-тIаьхьа Iазап лахлуш дара, цундела вайн махкахочо сихха пайдаийцира историн факультет харжа шен баьллачу аьттонах. Цигарчу университетан историн факультет кхиамца чекхъяьккхира Асланбека 1960-чу шарахь. Цул тIаьхьа кхо шо даьлча Махачкаларчу университетан аспирантура чекх а йоккхий, А.Хасбулатов Соьлжа-ГIалахь балха дIахIутту. Халчу конкурсан жамIашкахула нисделира и дерриг. Историн Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйира цо хIинцачул 45 шо хьалха. Тахана а хьуьнаре къахьоьгуш схьавогIучу Хасбулатовс язбина 100 сов Iилманан болх, дукха киншкахь араевлла иза автор волуш. Сий-ларамца йоккху цуьнан цIе хьехархоша а, студенташа а.
Историн факультет кхоллаяларан гIуллакхана юкъахь (хIораннан а тайп-тайпана делахь а) шайн дакъа долуш, масех чкъор студенташ кхиийна а бу, хиллачуьнца доьзначу Iилмане церан безам, шовкъ кхоьллина а бу профессорш Хь.А.Гакаев, М.Х.Багаев, Ш.А.Гапуров, А.М.Бугаев, С.Р.Тепсуев, С.С.Магамадов, и.дI. дуккха а.
2008-чу шарахь дуьйна факультетан декан ю историн Iилманийн кандидат, доцент Гелаева Зараъ. Вайн университетехь 1990-чу шарахь дуьйна болх беш ю иза. Кхуза ша балха еачхьана, хьуьнаре, жигара адам, дика вовшахтохархо, сий-лараме хьехархо санна билгалъяьлла ю Зараъ. Хь.А.Хизриев – Iилманан балхехула, Р.А.Товсултанов – дешаран декъехула, А.В.Саламбиева – кхетош-кхиорехула заместительш бу деканан.
«Истори», «Регионоведени», «Музейни гIуллакх а, хIолламаш ларбар а» корматаллашкахула говзанчаш кечбо факультето. Лаккхара говзанчаш кечбо иштта кхузарчу аспирантурехь (цуьнан некъаш: Россин истори, археологи, юкъара истори, историографи, источниковедени). Кхузахь болх беш ву 6  доктор, 10 профессор (Ш.А.Гапуров, М.Х.Багаев, Ш.Б.Ахмадов, В.Х.Магомаев, М.М.Ибрагимов – историн Iилманийн докторш, профессорш; Т.А.Мазаева – философин Iилманийн доктор, профессор ю; историн Iилманийн кандидаташ, цуьнца цхьаьна профессорш бу: А.И.Хасбулатов, С.С.Магамадов,  Хь.А.Гакаев, З.И.Хасбулатова). Кхузахь ларамца йоккху иштта историн Iилманийн кандидатийн цIерш. Уьш 25 ву: З.А.Гелаева, С.Р.Тепсуев,  Т.С.Магоматова,  Хь.А.Хизриев,  Б.Б.Закриев,  Д.Ю.Чахкиев, Х.М.Акиева, А.Д.Осмаев, А.М.Гелагаева, К.З.Махмудова, Э.Ш.Хурцаева, Л.А.Бадаева, Х.А.Матагова, С.С.Цуцулаева, Т.М.Шавлаева, А.М.Ахтаев, В.Р.Дикаев, И.З.Хатуев, М.Д.Солтамурадов, Б.Б.-А.Абдулвахабова, Л.М.Гарсаев… Царех дукхахберш доценташ бу, цхьаберш докторан диссертацешна тIехь къахьоьгуш бу.
Муьлххачу а факультетехь санна, хьехархой кафедрашка дIасабекъабелла бу кхузахь. Историн факультетехь уьш ворхI ю: Нохчийчоьнан халкъийн историн (доладархо – Хасбулатов Асланбек), Ширчу хенан а, юккъерчу бIешерийн (Багаев Муса), Россин историн (Гакаев Хьамзат), Керлачу а, уггар керлачу а историн (Гапуров Шахьрудин), Дерриг дуьненан культуран историн, музееведенин (Магамадов Супьян), Историн, геополитикин, политологин (Ахтаев Iабдулла), Культурологин (Мазаева Тамара).
327 студент ву историн факультетан дийнахь долчу декъехь доьшуш, царех I7 дешаран хьукматца контрактан кепара барт бина а волуш. Заочни олучу кепара доьшуш ву 650 стаг, царех 116 студент контрактан кепара доьшуш ву, ткъа 9 – шолгIа вуз чекхйоккхуш ву.
Кху тIаьхьарчу хенахь Iилманан-талламан декъехь бIаьрлачу кхиамашка кхаьчна историн факультетан хьехархой. Кандидатийн диссертацеш чIагIйина А.М.Гелагаевас, В.Р.Дикаевс, Х.А.Матаговас, Л.А.Бадаевас. Пхиъ монографи арахецна (М.Х.Багаев «Ламанан Нохчийчоьнан а, Дагестанан а ширчу хенахьлера а, юккъерчу бIешерашкара а культура»; Ш.А.Гапуров «XIX-чу бIешеран хьалхарчу 25 шарчохь Россин кавказски политикехь Дагестанан меттиг»; Л.М.Гарсаев «XIX-чу бIешарахь а, ХХ-чу бIешеран юьххьехь а нохчийн а, гIалгIайн а божарша лелийна духар», Т.М.Шавлаева «XIX-чу бIешарахь а, ХХ-чу бIешеран юьххьехь а нохчийн тIергIан промысел кхиаран исторех». Оццу муьрехь зорбане евлла иттанннаш Iилманан статьяш, дакъалаьцна дуьненаюкъарчуй а, ерригроссин а, республикан а барамехь дIаяьхьначу конференцешкахь.
Вай лакхахь билгал ма-даккхара, факультетехь дIахьочу Iилманан балхах жоп луш ву деканан заместитель волу Хизриев Хьаьжа. «Даймехкан» агIонаш тIехь а араюьйлу цуьнан чулацаме Iилманан статьяш. Хьаьжех шех лаьцна а доцца ала лаьара. Цо факультетехь болх бен 22 шо ду, цул хьалха ткъех шарахь болх бина Хизриевс Iилманан-талламан институтехь. 28 шо хьалха Ленинградехь чIагIйина цо историн Iилманийн кандидатан диссертаци. 80 сов Iилманан а, герггарчу хьесапехь оццул барамехь Iилманан кхета атта йолу а (научно-популярные) шен статьяш зорбане яьхна цо. Нохчийн а, Къилбаседа Кавказан халкъийн историна лерина ю уьш. «Кавказхой Тимурана дуьхьал» цIе йолу монографи язйина Iилманчас 1992-чу шарахь.
Хизриевс лерина, шен гIуллакх девзаш хиларца а дуьйцура факультетехь Iилманан декъехь вовшахдеттачу мехалчу гIуллакхех лацна:
– Студентийн Iилманан юкъаралла оха меттахIоттийра 200I-чу шарахь. Тайп-тайпанан тIегIанашкарчу Iилманан конференцешкахь, олимпиадашкахь тхан студенташа жигара дакъалацар ламасталле дирзина схьадогIуш ду. I00 сов вузо дакъа а лоцуш, Саранскехь хIора шарахь хуьлуш ю студентийн ерригроссин олимпиада. Цигахь хьуьнарш гойту тхан кегийрхоша а. Оцу къовсадаларан цхьана номинацехь хьалхара хилира вайн студенташ стохка. Олимпиаде даха-дахка оьшу харжаш йо университетан ректорато.
«Россин Iилманан тIаьхье» конкурсехь стохка хьалхара меттиг яьккхира 4-чу курсан студента Арсаханов Адама. Кху шара дешна ваьлла волу и жима стаг факультете балха схьаэцна. Дешна ца Iаш, Iилманан агIор шаьш дика гойту студенташа Бильбаева Хедас (студентийн Iилманан юкъараллин куьйгалхо ю иза), Нацурова Эльзас, Халадова Эсилас, Хаджимурадова Зайнапа, Куразова Анжелас, Гудиев Зеламхас, Акиева Сацитас, Даудова Хьавас, Идрисова Хедас, Сулумова Матас, Шовхаев Валида…
Масала, вайнах махках баьхна 65 шо кхачарна лерина студентийн Iилманан конференци дIаяьхьира факультетехь кху шара. Цигахь чулацаме къамелаш дира студенташа: И. Абдулкеримовас (3 курс), Э.Данаевас (4 курс), Х.Бильбаевас (3 курс), Х.Гелагаевс (4 курс), Д.Юнусовс (5 курс), Э.Нацуровас (3 курс), М.Сулумовас (2 курс), и.дI.кх. Царна совгIаташ дира киншкашца а, грамоташца а. 2008-чу шарахь Санкт-Петербургехь хиллачу ерригроссин историко-регионоведчески конференцехь дикчу агIор билгалбевлира кхузара студенташ: П.Л. Ирисханова, А.М. Закриева, Р. Хабилаев.
Факультетехь ю КВН-н тоба (капитан – Тербулатов Iела). Аудиторел арахьара болх маьIне, пайден долчу гIуллакхаш дарца вовшахтуху кхетош-кхиорехула деканан заместитель йолчу А.В.Саламбиевас.
Тайп-тайпанчу Iилманан изданешкахь сих-сиха зорбане буьйлучу хьехархоша Ш.А.Гапуровс, С.С.Магамадос, Б.Б.Абдулвахабовас, З.А. Гелаевас, С.Натаевс, В.Гарсаевс, М.П.Ахмадовас, И.М.Испиевс, Л.Адмисиевас, С.М.Демелхановс, С.Х.Яндаровас, З.А.Абдулаевас, Х.М.Юсуповас, М.А.Манаевс, С.А.Бегуевс, Л.А.Бадаевас, А.Д.Осмаевс, и.дI.кх. а дика масал гойту кегийрхошна.
Студентийн хьашташка дика ладугIу церан профкомо (куьйгалхо – Нацурова Эльза).
Факультетан историх, таханлерчу гIуллакхех лаьцна деш долу къамелаш мелла а ладогIа дог догIуш дара. Дуккха шен ламасташ долуш меттиг ю историн факультет. Кхузара хьехархой (масех къано воцург) хIара факультет чекхъяьккхина бу. Деканатехь дозалла дарца цIерш йохура махкахь а, цул арахь а шуьйра бовзаре а, сий-лараме а кхаьчначу факультетан выпускникех.
– Факультет кхечарех къастош билгало муьлхарг ю? – хоьтту ас кхузарчу хьехархошка-къаношка. Цара уггар хьалха билгалдаьккхинарг дара, кхузарчу хьехархойн Iилманан, теорин тIегIа (цара тидаме оьцура Iилманан даржаш долчийн процент а, белхан жигаралла а, эвсаралла а, белхахойн корматалла, шех «дипломированность» олу агIо а) вузехь лакхарчех цхьаъ хилар. ХIора шарахь 2-3 диссертаци чIагIъяр а, оццул монографи арахецар а ламасталле дирзина кхузахь. Масала, деккъа кху цхьана 2009-чу шарахь 150 Iилманан статья араяьккхина факультетан хьехархоша. Царех 30 статья язйина факультетан выпускник а, тахана Нохчийн Республикан Iилманийн академин президент волчу Гапуров Шахьруддис.
Хьехархой кечбина ца Iаш, Iилманан а, архивийн а белхахой кечбо историн факультето.
Университетан историн факультетах лаьцна дийца диканиг дуккха ду. Цхьаъ билгал ду – кхузара хьехархой эвсараллица къахьоьгуш схьабогIуш хилар гуш ду. Кхачамбацарш доцуш а дера хир дац. Царех лаьцна Iилманан кхеташонашкахь, факультетан гуламашкахь дуьйцу хьехархоша, студенташа.
Юбилейца доьзна, «Даймохк» газето даггара декъалйо университетан историн факультетан хьехархойн а, студентийн а коллектив. Лаьа, царна дахарехь дерриг диканиг хуьлийла а, дешарехь, Iилманехь уьш кхин а бIаьрлачу кхиамашка кхочийла а!
А.АСЛАМБЕКОВ.
Истамуловн суьрташ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна