Газетдешархоша хоьтту

22 декабря в 10:54 (2009 г.) 2744
«Даймохк» газето дІайолош «Газетдешархоша хоьтту...» аьлла йолу керла рубрика ю.. Бахархойн  таро хир ю шайн сагатдеш долу хаттарш вайн министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхошка дала. И хаттарш цаьрга дІакхачо а, кхачо йоллуш царна жоьпаш далийта а тхо хьовсур ду. Тахана газетдешархойн хаттаршна жоьпаш луш ву Нохчийн Республикан Правительствон Председателан заместитель, министр Сугаипов Абу. Вагаева Бирлант, Соьлжа-ГІала Декабристин урам, 67-гІа цІа. – Тхан доьзал юкъараІойлехь хан йоккхуш бу, цІенош дохийна ду. Оха компенсаци схьаэцна хилча,  тхуна цхьа а гІо догІий ФЦП-хула: я  гІилошъяран гІирсаца а, я кхечу хІуманца а? – Нохчийн Республикан Правительствон №208 йолуш арабаьлла сацам бу,  «Нохчийн Республикан бахархошна (кризисан) чолхечу хьолехь йохийна хІусамаш меттахІитторехь социальни гІо даран а, кредиторски декхарш дІадахаран а хьокъехь чІагІдинчу низамах» – аьлла. Цуьнца догІуш, йохийначу хІусамех компенсаци схьаэцнехь, Б.Вагаева долахь йолу хІусамаш меттахІиттош вовшахтоьхначу спискашна юккъе ца йоьду. И спискаш хІиттош ю 2008–2011-чу  шерашкахь Нохчийн Республикан социально-экономически кхиар» аьллачу РЦП-хула. Иштта, цунна ца догІу ахча а я гІишлошъяран гІирс а.
Байтемиева Хадижат, Аргун гІала Виноградная урам, 32.  
– Со Аргун гІалахь ехаш ю. ЦІенош дохийна ду. Компенсаци а ца эцна. ЦІенош меттахІиттадахьара, аьлла 2006-чу шарахь чуделла кехаташ ду, меттахІоттор дуй тхан цІа?
– Аргунехь Виноградная ураман №32 ехаш йолу Бейтемиеван гІуллакх 2009-гІа шо теллича, «2008–2011-чу шерашкахь Нохчийн Республикан социально-экономически кхиар» РЦП-н спискашкахь яц. Ша кехаташ мича чуделла а, муьлхачу программи юккъе дехкина а хьажа еза иза.
Нохчийн Исламски Университетан хьехархой.
– Коммунальни хьашташна ахча дІалучу хенахь цхьа а льготаш хила декхар дуй тхуна?
–2006-чу шеран 14-чу декабрехь 52-РЗ номерца Нохчийн Республикехь арадаьлла Закон ду, «Нохчийн Республикан дешар» аьлла. Цу тІехь билгалдаьккхина ду, дешаран учрежденешкахь болх бечу белхалошна (ярташкахь а, белхалойн поселкашкахь а уьш бехаш белахь) маьхза чохь йовхо а, серло а йолу хІусам яла декхар хилара, ткъа гІаланашкахь (Соьлжа-ГІалахь, Хьалха-МартантІехь, ТІехьа-МартантІехь, Аргунехь, Гуьмсехь, Шелахь, кхечахь а) болх бечу дешаран учрежденин белхахошна коммунальни хьаштех мах 50 процентана бен дІабалар тІехь цахилар а.
Эсаев Рамзан, 3-гІа микрорайон Косиора, 2
– Тхан цІа чуьрчу ларми чу канализацин цІунаш оьху дукха хан ю. Цхьа цамгар эккхарна кхоьру тхо. Маца тойийр ю канализацин система?
– Микрорайонера Касиоран урамерчу №2 йолчу цІийнан ларми чуоьхуш йолу канализацин цІунаш «Грозводоканал» МУП-н ницкъашца схьаозийна 2009-чу шеран декабран 7-чу дийнахь. Тахана цІа хила дезачу хьолехь ду.
Амаева Зураъ, Соьлжа-ГІала Р.Люксембург урам, 5-гІа цІа.
– ХІинццалц октябрь баттахь схьалуш хилла йовхо хІинца а яц тхан цІа чохь. Стенца доьзна ду иза? Маца хир ю йовхо?
– Нохчийн Республикан Президента тІедилларца, гІалара дукха петарш йолчу цІеношка  хІусамашка йовхо яларан хьокъехь ООО НПК «Интербизнес – 55» аьлла йолчу организацина хьалха хІоттийна декхар ду, гІишлошъяран-монтажни белхаш чекх а баьхна, 2009-чу шеран декабран 15-гІа де кхачале  Люксембург, 5, Титова, 98 цІенош №2 йолчу ЦТП йовхонан камеран тІе тасий, йовхо схьало аьлла.
Ацуев Тамерлан, микрорайонан Тухачевскин цІарах болу урам, 22-гІа цІа
– Тхан цІийнан тхов цхьаммо а тобеш бац, тхов тІе волу люк цахилар бахьана долуш, чу догІа а оьху. Масийтта шо ду оха и бала хьоьгу, доьху гІо дар.
– Микрорайонера Тухачевски урамера 22-гІа цІа «Стройинвестицин» ГУП-о 2007-чу шарахь ремонт йина дара. Тахана кхоллаелла проблема тхов тІехь бина белхаш ледара бина хилар ду. ГУП-ана тІедиллина ду и кхачамбацарш дІа а дохуш, 2009-чу шеран 21-гІа декабрь тІекхачале тхов тобар.
Тхан хьомсара газетдешархой! Язде тхоьга, дахкийта шайн хаттарш. РогІерчу рубрикехь шун хаттарш дала йиш хир ю могашаллаІалашъяран министре Ахмадов Мусага.
Рубрика дІахьошъерг– ДУДАЕВА Билкъиз.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Италия  хочет вернуть Россию в G8Италия хочет вернуть Россию в G8
В мире
РФ пригласила США к участию в переговорах по Сирии в АстанеРФ пригласила США к участию в переговорах по Сирии в Астане
В России
Рамзан Кадыров  поздравил Александра Залдостанова с днем рожденияРамзан Кадыров поздравил Александра Залдостанова с днем рождения
Власть и политика
Болельщики смогут посетить все города ЧЕ-2020 без виз при наличии билетов на матчиБолельщики смогут посетить все города ЧЕ-2020 без виз при наличии билетов на матчи
Спорт и здоровье
Рекомендации населению в связи с прогнозом на 20.01.2017гРекомендации населению в связи с прогнозом на 20.01.2017г
Происшествия
Депутаты встретились с жителями ряда населённых пунктовДепутаты встретились с жителями ряда населённых пунктов
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: