Соьлжа-ГІаларчу театрально-концертни залехь 17-чу декабрехь дІадаьхьира «Синмехаллаш» аьлла хиллачу проектан толамхой билгалбохуш долу цхьаьнакхетар. КІошташкара а, гІаланашкара оьздангаллин цІийнийн белхахошна юккъехь шарахь гергга дІабаьхьначу къовсамийн жамІ дара иза. И проект вовшахтоьхна «Грозный» телерадиокомпанис а, Нохчийн Республикан Культуран министерствос а цхьаьна. Цуьнан коьрта Іалашо вайн къоман оьзда а, хаза а ламасташ, гІиллакхаш, Іадаташ довзийтарал совнаха, уьш кегийрхошна хаздар а, цаьрца уьйр-марзо хилийтар а дара. Ткъа вовшахкхетар къаьсттина деза дара кхузахь дакъалоцуш Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан а хиларна. Президента лаккхара мах хадийра и проект кхочушъеш, цу тІехь къахьегначеран белхан. Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цІарах йолчу фондо дала лерина совгІаташ а билгалдехира. Хьалхара меттиг яьккхинчарна – иза дара Шелан районан оьздангаллин цІа – хІора дакъалацархочунна 100 эзар сом.ШолгІа меттиг яьккхинчу Нажи-Юьртан а, Шаройн а районийн оьздангаллин цІенойн белхахошна – 50 эзар сом. КхоалгІа меттиг яьккхинчарна – 25 эзар сом. Уьш Хьалха-Мартан, Грозненски районан оьздангаллин цІийнан белхахой бара. Проект кечъеш дакъалаьцначу телевиденин а, культуран министерствон а белхахошна деза совгІаташ а, сийлаллин грамоташ а елира.
ДУДАЕВА Билкъиз.    

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна