Нохчийчоьнан цІе яххана волчу боксера Байсангуров Заурбека юха а толам баьккхина WВА-н Интерконтитентальни чемпион хиларехьа дІадаьхьначу къийсадаларшкахь. «Чемпионийн лига» аьлла цІе тоьхна йолу и турнир хилира Украинерчу Запорожье гІаларчу «Юность» спортан дворецехь. Цигахь нохчийн боксер цхьаьнакхийтира 27 шо долчу немцойн гІараваьллачу боксераца Франк Шабаница. Юьххьехь дуьйна а З.Байсангуровн тІелатарца дІадоьдура тасадалар. Делахь а Франк Шабани ринга тІехула дика дІаса а лелара, шена буй кхетарх дика лар а лора. Амма тасадалар цІеххьана, цхьанна а дагахь ца хиллачу кепара чекхделира. ПхоьалгІа раунд чекхъяьллачул тІаьхьа, немцойн спортсмена, испанойн реферига Хосе Игнасио Мартинесуга дІахьедира ша кхидІа латалур вац, шегахь вуон хьал ду, аьлла. ТІаккха реферис цхьаьнакхетар сацийра, Байсангуров Заурбек технически накаутца тоьлла а лоруш.Билгалдаккха деза, немцойн боксер Франк Шабани шен корматаллин ринге ваьлчахьана дуьйна цкъа бен эшна цахилар. Делахь а вайн махкахочунна дуьхьал латта ницкъ ца кхечира цуьнан. Немцойн боксерана тІехь цу тайппана толам баьккхина волу З.Байсангуров WВА-н дуьненан рейтингехь кхоалгІачу меттехь ву. Ткъа кху толамо цунна таро лур ю пропуск долчу цхьаьнакхетарехь дакъалаца.
Дагадаийта лаьа Байсангуров Заурбек 1985-чу шеран 2-чу мартехь ТІехьа-МартантІехь дуьнен чу ваьлла хилар. Шен пхи шо кхаьчча волавелла иза боксах лата Іама. Сиха а, кхиаме а хилира цуьнан боксан тІегІанашкахула хьала вахар. Кхиазхошна юккъехь дІаяьхьначу дуьненан чемпионаташкахь шозза совгІат даьккхира цо, хьалхе яьккхира Европехь а. Шен ткъаяссана шо кхаьчначу хенахь Байсангуров Заурбека дуьххьара дакъалецира баккхийчарна юккъехь Россехь хьалхе яккхаран чемпионатехь. Цигахь хьалхара меттиг а, дашо мидал а яьккхича корматаллин боксерашна юккъе вахара. ХІинца цигахь а толамаш бохуш, кхиамийн керл-керла лакхенаш йохуш схьавогІуш ву. Спортехь баьхначу кхиамашна Байсангуров Заурбекана совгІат дина А-Хь.Кадыровн цІарахчу орденца. Иза Нохчийн Республикан уггар а лакхара совгІат ду.
ХЬ.САЙДАЕВ.
Нохчийн охьатохархлатархой – толамхой
Японин коьртачу шахьарахь Токиохь дІаяьхьира кудо (дайдо-джуку) кепара латарехула йолу дуьненан кхоалгІа чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вара тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара 150 сов спортсмен. Царна юккъехь бара Нохчийн Республикан векалш а. Уьш Россин вовшахтоьхначу командина юкъабахийтинера. Ткъа Россин командехь тоьлла ткъеитт спортсмен вара.
Юьххьехь, билгалдаккха лаьа царах ткъа охьатохархлатархочо тайп-тайпана мидалш яьхна хилар а, итт финале ваьлла хилар а. Финале бевллачарна юккъехь вара ши нохчи – Халиев Адам а, Ларсанов ИбрахІим а. Финалан тасадаларехь а шаьшшиъ тахана дуьненахь уггар тоьлла кудохо хилар гайтира Адама а, ИбрахІима а. ТІаьххьарчу тасадаларехь толамаш а баьхна сийлаллин пьедесталан лаккхарчу тІегІане хьалавала бакъо яьккхира А.Халиевс а, И.Ларсановс а.
Деа шарахь цкъа бен дІахьош яц кудо кепара латарехула йолу дуьненан чемпионат. Иза хьесапе эцча къаьсттина мехала хета вайн шина махкахочо баьккхина бІаьрла толам.
Д.ПАШАЕВ.  
Асильдаров –- юха а «Терекехь»
Кху деношкахь тхоьга кхаьчначу хаамашца Нохчийчоьнан коьртачу «Терек» командехь ловзур ву Нальчикерчу «Спартак» командан форвард хилла волу Асильдаров Шамил. Дагадаийта лаьа Ш.Асильдаров 2007-чу шарахь а «Терекехь» левзина хилар. ХІетахь цо ша дикачу агІор гайтира. Иштта кхиаме хилира Шамильна ГІебартойн-Балкхаройн коьртачу командехь даьккхина ахшо а. 26 шо хан йолчу форварда 14 матчехь борхІазза гол туьйхира «Спартакана» дуьхьал левзинчу командийн кевнашна чу. Ш.Асильдаровца кхаа шарна барт бан лерина.
Цул кІеззиг хьалха Соьлжа-ГІаларчу «Тереке» сехьаваьлла оццу командера Ятченко Дмитрий.

Д. ХОВКАЕВ
www.ChechnyaTODAY.com

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна