Соьлжа-ГIалахь «Сихаллин гIо» даран республикански станцехь гIалин бюджетерчу ахчанца беш болу ремонтни белхаш дIаболийна. Кораш, неIарш а хуьйцуш, канализаци, хи, ток тIеялор метта а хIоттош, белхаш дIаболийна, ткъа иштта цIеяларан кхерамзаллин сигнализаци хIото а йолийна. Цунах лаьцна хаам бира станцин коьртачу лоьран декхарш кхочушдеш волчу Межидов Казбека. «Ледарчу хьолехь йолу больницан гIишло тоеш ю, иштта цуьнан уьйтIе битаме ялош ю: гуонаха туьйсина аьчка керт а еш, цIийнан пенаш тIе керамогранитан плитка а латош. «Сихаллин гIо» даран станцин массо а корпусна ремонт ян йолийна, ур-аттал гаражашна а тIехь. ТIедогIучу 2010-чу шеран январь бутт чекхбалале берриг а белхаш чекхбевр бу», – элира Межидовс.Цо дийцарехь, лоьрийн дежурни бригадашна оьшуш долчу молханашца кхачо йина, «Сихаллин гIо» даран лоьрийн персоналана оьшу гIирс вовшахтохарна а, цомгашчарна сиха тIекхачарна а лерина хьелаш ду кечдеш. Цу Iалашонца «Сихаллин гIо» даран станцехь кхин а пхи телефонни лини хIоттор йолуш ю. Сиха гIо дарна лерина оьшуш болу гIирс  буьллур бу лоьрийн машенаш чу. Дагадоуьйтур вай, хьалха «Сихаллин гIо» даран станцин коьрта лор хилла волу Алероев Яхьъя шен даржера дIаваьккхина балхахь дуккха а кхачамбацарш хиларна а, шен декхарш кхочуш ца дарна а.

А.МУСАЕВ.
Р.Истамуловн суьрташ
www.ChechnyaTODAY.com

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна