Нохчийн поэт Сатуев Хьусайн вина 1939-чу шеран апрель беттан 11-чу дийнахь Іалхан-Юьртахь. Дешна Нохч-ГІалгІайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Дуккха а шерашкахь болх бина ша винчу юьртарчу юккъерчу ишколехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш. Шен дахаран тІаьххьарчу шерашкахь Нохч-ГІалгІайн яздархойн Союзехь литконсультант лаьттира.Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане евлла 1959-чу шарахь. 1967-чу шарахь араелира Сатуев Хьусайнан стихийн хьалхара «Лаьмнийн бер» цІе йолу гулар. ХІетахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь стихийн а, поэмийн а 10 сов киншка арахецна поэта: «Сахуьлу седа» (1969 шо), «Ненан мукъамаш» (1971 шо), «Дайн байракх» (1975 шо), «Йист йоцу аре» (1978 шо), «Хазалла йовзар»  (1984 шо), «Дахаран абат» (1988 шо), «Чов йина илли» (1991 шо).
1995-чу шарахь, хала цамгар текхначул тІаьхьа, кхалхар хилла Хь.Сатуевн, амма яха йисина цуьнан поэзи, нохчийн литературан исторехь шен меттиг дІалоцуш ю поэтан цІе.

Маьлхан Нохчийчоь
 
ХІе-ей! Стигла кхийдаш дешех лепа
                           вина ламанаш,
Ялта кхиош хІордах ловзу
                           шера аренаш.

Генахь хилча со,
Герга воьхуш со,
Герга веъча, сан ирс хуьлу
                         шера аренаш.
Маьлхан тІемаш хоьций йогІу
                         нохчийн Іуьйренаш,
Ойла хазъеш, аьхна кхочу
                         сийна суьйренаш.

Даймохк хазбеш, дахар тодеш,
                         кхечи заманаш,
Ирсо яьхна эшарш лоькхуш,
                         дека ламанаш.

Генахь хилча со.
Герга воьхуш со,
Герга веъча, сан ирс хуьлий
                       дека ламанаш.

ХІе-ей! Зазца хьекъаш, бІаьсте хили,
                        сийлахь, Даймохк, хьо,
Ахь кхиийна ирсан цІа ду
                         маьлхан Нохчийчоь.

Генахь хилча со,
Герга воьхуш со,
Герга веъча, сан ирс хуьлу
                        маьлхан Нохчийчоь.

Назманаш огу ас
 
Цхьа башха бІов хІотто
Сан ойла гІаьттина,
Оьмарийн теш хилла,
Лам санна, латтийта.
Къонахийн дегнех ас
Йотта тІулг баьккхина,
Царел кхин чІогІаниг
Суна ца карийна.

Буса а, дийнахь а
И тІулгаш хьоькху ас.
Са нисбо, чхо йоккху
Вовшашка лацийта,
Къонахийн доьналла
Хьаьхьмачна лоьру ас,
БІаьвна чохь цІе лато
Довха цІий карийна.

Кхерчан сий лардинчу
Ненан цІе яхийта,
Вай лийриг цахилар
Дуьненна хаийта,
Вой, дикий лан ницкъ луш,
Вайн амалш чІагІйина
Къонахийн назманаш
БІаьвна тІе огу ас.

Вайн зуьрат  

Мас йолуш, тІам кхиъча, лечанан кІорнеш
Айало хІаваэ дозанаш дара.
Дуьненан хазаллаш хьеста ца кІордош,
Дог ма-дду кхерста уьш стигланийн арахь.

Лахенаш, лакхенаш ерзаеш дола,
Кхерста уьш зен лууш доьналла тІемийн,
Амма цхьа сингаттам дагах чекхболу,
Хьомечу шайн бенан хама бан Іемий.

Вай а ду лечарчийн зуьратах девлла,
Лечарчийн баннашна лулахьа даьхна.
Ойланийн йовхонан ткъесаш а девзаш,
Кху лаьттан марзонна дагарца даьгна.

Дог сема даьгна вай маршонан цІарна,
ЮьхьІаьржа ца лехна кІедачех гІовла.
Сийсаза тІедеънарг осала гарна,
Іаьмма  вайн Іожаллин юьхь-сибат довза.

Дарцах чекхдийлина, эшамаш лайна,
Дегнаш чохь екаеш къонахийн назма.
Моьнашца кхоьллина вайн ирсан жайна,
И ю вайн тІаьхьенна гулйина хазна.

И хазна кхиорна юьхькІайча хилла,
Тахана дош ду вайн тІаьхьенан дийца.
Кхоамза и яйъал хир дац вай тилла,
Вайн жайнин агІонаш-м язйина цІийца.

Сан ковра
Гуьйренан ковранах сан дахар техка,
ХІора шо – гІаргІули – ковране оьцуш.
Ковра ю кхоьллинчу назманах тешна,
Герггарчу буьйсанна дуьхьала йоьдуш.

Де-буьйса, шо-шаре дІалеста ковра.
Генарчу дозанехь меттамотт билла.
ТІаьххьара гІаргІули, со лахьте кховдон,
Йижарех къаьстар ю весетан иллех.

ДІайовр ю ковра а боданал дехьахь,
Мерзачу дуненна со вита хийра.
Къоначу ковранийн тІемашца декаш,
Сан иллеш кхочур ду кху лаьмнийн кийра.   
Рубрика дІахьошъверг – Хь.АБОЛХАНОВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна