«Хьехархойн институтан тоьлла студент – 2009»

28 декабря в 17:33 (2009 г.) 2648
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь дІаяьхьначу «Хьехархойн институтан тоьлла студент – 2009» конкурсан жамІаш дина. Цу хьокъехь дийцира тхуна институтан психологин кафедрин доцента Мусханова Йиситас: Кху институтан ректоран Хасбулатов Бекханан дІадолорца хІора шарахь а и конкурс дІаяхьар ламаст хилла схьадогІуш ду. ДІадаханчу шерашца дуьстича кху шарахь керла номинацеш яра конкурса юкъаялийна «Іилма», «Спортехь кхиамаш», «Юкъараллин болх», и.дІ.кх. Хасбулатов Бекхана ма-аллара, хІара конкурсаш дІаяхьар республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кегийрхошца дІахьочу политикин цхьа дакъа ду. ХІунда аьлча цара студентийн догдоуьйту Іилма Іамо а, ткъа иштта юкъараллин болх бан а. Конкурсан ерриг номинацешкахула толаман меттигаш елла 48 студентана. Цуьнан жамІаш дарна леринчу даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикан Іилманийн академин президента Гапуров ШахІрудис, Президентан а, Правительствон а администрацин куьйгалхочун заместитела Нагаев Іаднана, Нохчийн Республикан Парламентан депутата Сулейманов Ризвана, Правительствон кегийрхойн гІуллакхашкахула йолчу комитетан председателан декхарш кхочушдеш волчу Тагиев Мурата, Нохчийн Республикан Іилманийн академин академика Умаров Мухьадис, «Рамзан» патриотически клубан куьйгалхочо Месербиев Садос. Цара массара а сцени тІе хьала а буьйлуш, декъалбира конкурсан толамхой. Кхузахь хІинца санна деша а, садаІа а хьелаш хилча ца деша йиш цахилар билгалдаьккхира цара. Дийцира шаьш доьшучу хенахь студентийн хьашташна  хІинца санна тидам тІебохуьйтуш цахиларх лаьцна а. Толамхойн сийнна концерт елира пачхьалкхан филармонин бевзаш болчу артисташа а, хьехархойн институтан исбаьхьаллин факультетан студенташа а. Царна юкъахь бара: Нохчийн Республикан халкъан артист Ясаев Мохьмад, филармонин артисташ Джабраилов Шерип, Хайдаров Майрбек, гуманитарни факультетан студент Бейтельгариева Хадижат, кхиберш. И цІей дехха лаьттар ду студентийн иэсехь. Цу дийнахь цара шайна тІе алссам тидам бахийтинера. Церан кхиамаш билгалбехира дипломашца а, ахчанан совгІаташца а. Хьовса баьхкинчу студентийн дай-наноша а ца лечкъадора шайн хазахетар. Цара даггара баркаллаш бохура институтан редакторна а, ткъа иштта массо а хьехархошна а.

Р.МУСИПОВ

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Голливудские актеры вышли на митинг против ТрампаГолливудские актеры вышли на митинг против Трампа
В мире
«Шерлока» в сеть слил сотрудник «Первого канала»«Шерлока» в сеть слил сотрудник «Первого канала»
В России
Рамзан Кадыров поздравил народы СКФО с семилетием образованияРамзан Кадыров поздравил народы СКФО с семилетием образования
Власть и политика
Совет депутатов Грозного обсудил вопросы популяризации спорта среди молодежиСовет депутатов Грозного обсудил вопросы популяризации спорта среди молодежи
Спорт и здоровье
Рекомендации населению в связи с прогнозом на 20.01.2017гРекомендации населению в связи с прогнозом на 20.01.2017г
Происшествия
В Чечню приехал Международный цирк братьев ГартнерВ Чечню приехал Международный цирк братьев Гартнер
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: