Дукха хан йоццуш Россин Олимпийски Комитетехь (Москвахь) йоккха кхеташо хилира тхэквондо Союзан Исполнительни Комитетан. Цигахь дийцаре дан юкъадиллинчу коьртачу гІуллакхех цхьаъ дара тхэквандохула Россин вовшахтоьхначу командан тренерш а, говзанчаш а харжар. Кхуззахь дІадаьхьира мехкан тоьллачу тренершна юккъера 53 стаг советан декъашхо харжар. Нохчийн Республикан физически культуран, спортан, туризман министерствера бечу хаамашца Россин вовшахтоьхначу командашца болх бан хьалхатеттинчу кандидаташна юккъехь ву Нохчийчоьнан тхэквондохула волу коьрта тренер Шабазов Арсланбек. Билгалдаккха деза Россин кхиазхойн вовшахтоьхначу командин лакхарчу тренеран дарже хьалхатеттинарг ялх кандидат хилла хилар. Делахь а дукхах болчара шайн кхаьжнаш А.Шабазовна дІаделира. Цу тайппана Россин кхиазхойн тхэквондон вовшахтоьхначу командин лакхарчу тренеран даржехь 2012-чу шеран декабрь бутт кхаччалц чІагІвина вайн махкахо Шабазов Арсланбек.Тхуна хиъна ма-хиллара, А.Шабазов жима волуш дуьйна спортаца юххера гергарло долуш хилла. Юьхьанца дзюдо леташ вара иза. Россин студенташна юккъехь дІаяьхьначу чемпионатехь дато мидал а яьккхира Арсланбека. Ткъа Россин а, СССР-н герзашца кечбинчу ницкъийн а кубкаш яхаран къийсадаларшкахь кхоалгІа меттиг яьккхира. Эскарехь гІуллакхдечу муьрехь малхбалера схьаевллачу латаран кепашна Іама волавелира иза. Тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь совгІатан меттигаш а ехира.
Ткъа тренеран болх 1992-чу шарахь дІаболийра цо. А.Шабазовс Іамийна волчу Гайтаев Аслана Корейхь дІаяьхьначу олимпиадехь тхэквондо леташ йоьза мидал яьккхира. 1993–1995-чуй шерашкахь Арсланбек Россин вовшахтоьхначу (божарийн) командин лакхара тренер вара. Оцу шерашкахь цуьнан командехь йозаллин 8 категорех 4 категорехь леташ берш нохчийн тхэквондой бара.
Нохчийчохь тІеман кІуркІамане хІоьттича А.Шабазовн тренеран болх бита дийзира. Цо Іамийна тхэквондохой дуьне ма-дду дІасабахара: Германи, Чехи, Бельги, кхечанхьа. Карарчу хенахь оцу пачхьалкхашкахьа леташ а бу уьш. 2000-чу шарахь Хасав-Юьртахь Іаш волчу вайн махкахочо юха а шена гуонаха спортсменаш гулбира. Цул тІаьхьа ши шо даьлча Дона-тІерачу Ростове болх бан дІавийхира иза.
– Цигахь тренировкаш ярна мел оьшу хьелаш дара, цундела цига дІавахара со. Даккхий къийсадаларш герга кхочучу хенахь цІа а вогІий, кхузара бераш цига дІадуьгура ас. Уьш къийсадаларшна кечдора. Шарчохь 3–4 баттахь Ростовехь Іара уьш. Царна къийсадаларшна кечамбан атта хилийта хІусамаш лоцура оха. Цу тІехь тхуна доккха гІо-накъосталла дора кхузахь Іаш болчу вайн махкахоша, – бохура А.Шабазовс.
ТІом чекхбаьллачул тІаьхьа дуккха а спортан мастерш, Россин чемпионаш, Европан толамхой, Герзашца кечбинчу ницкъийн дуьненан чемпион (2005 ш.), «А» классан дуьненаюкъарчу турнирийн толамхой кхиийна цо. Иза Соьлжа-ГІала юхавеана 2007-чу шарахь. Тахханалц вайн республикера тхэквондохой Іамош а ву. Цо Іамийначеран тоьллачеран цІерш дика евза дуьненахь. Царах ву спортан мастер, Россин чемпион, дуьненаюкъарчу дуккха а турнирийн толамхо, «Къилба седа» Салехард ЯНАО-н турниран толамхо, хьалхара дан-Іаьржа доьхка даьккхина волу Музаев Вис-Хьаьжа, спортан мастер, Россин чемпион, Европан чемпионатехь дато мидал, Дуьненаюкъарчу ІІІ-чу «Башламан Кубок» турниран кубок яьккхина волу, дуккха а кхечу къийсадаларшкахь толам баьккхина волу Бетигов Лом-Іела.
Хьаххийначуьра аьлча, Л-І.Бетиговс дакъалоцур ду 28-чу февралера 10-гІа март кхаччалц Мексикехь дІахьон долчу кхиазхойн Олимпийски ловзаршкахь.
Ш.ЯКУМОВА.  
www.ChechnyaTODAY.com



Обсудить на форуме

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2