Чекхдели Нохчийн Республикан Президента юьртан бахаман шо, аьлла д1акхайкхийна хилла шо. Дуьйцийла йоццуш, оцу д1адолоро хьалхахьа дикка йоккха г1улч яккха таро хилийтира республикан агропромышленни комплекс кхиоран г1уллакха т1ехь. Уггар хьалха иза къаьсттина б1аьрла хааделира т1емаша шен орамашкахь х1аллакдина хилла  даьхнилелоран дакъа меттах1отторехь. Дуьххьалд1а чекхдаьллачу цхьана шарахь керла йина д1ах1оттийра кхузаманан лехамашна жоп луш йолу масех комплекс, дуккха а бахамашкахь даьхни д1ах1итторна кечйира хьалха цигахь хилла фермаш. Хаъал алсамбелира г1уллакхана юкъадалийначу латтанийн барам,   шоръелира юьйш-лелочу юьртанбахаман культурийн ассортимент, цуьнца цхьаьна церан хьекъар. Республикан куьйгалло оцу декъан х1ора дийнан терго еш хилар хааделира бахамашкахь тракторийн а, юьртабахаман г1ирсийн а парк дикка т1еюзарехь.Оцу дерригенна т1ехь уггар коьртаниг лара дог1ура адамийн шайга кховдийначу г1уллакхах долу жоьпалла лакхадалар. Вайн республикан Президента шена т1ера д1а а долош, билггалчу бахамна билггал йолчу министерствос, ведомствос верасалла лелор  хьалхах1оттийна хиларо таро хилийтира бахамийн куьйгалхошка шайн ницкъашца къасталун доцу дуккха а г1уллакхаш къастийна цхьалхадаха: ницкъ кхечира тайп-тайпана  юртбахаман культураш  шен хеннахь д1аен, уьш кхио, чуерзо, бахамашна т1ехь 1аь1на  хилла тоъалчу барамехь даккхий декхарш д1атакха. Цхьана декъана ша керла яцахь а, амма дуьххьалд1а оцу цхьана шаро а гайтира  и кеп санехь хилар. Вовшахтохаралла лакхаяьккхина ца 1аш, алссам тидам т1ебахийтира бахамашкахь шайх пайдаэца йиш йолу ерриг таронаш г1уллакхана юкъаялорна.
Иза хаадалаза ца дисира рог1ерчу шеран ялтина бух билларехь а. 1аламан хьелаш данне а бег1ийла доцуш хиллехь а, механизаторша шайн ницкъ кхочург дерриг а дира х1у д1адерна латта шен хеннахь кийча хилийтарна т1ехьажийна. Цунна тоьшалла деш ду шеран чаккхенан жам1аш а. Оцу декъехь республикан агропромышленни комплексехь  билгалйинарг 97 эзар гектар бен ца хиллехь а, 30-чу декабрана долчу хьесапашца шена т1е х1у таса кийча ерш 112 эзар гектар гергга майданаш яра. Хууш ма-хиллара, хаддаза бохург санна дог1анаш оьхуш чекхъелира д1аяхана гуьйре. Бакъонца малх хьаьжна деанчу х1ора сохьтах а пайдаэца безаш хуьлура  ялташлелорхой. 1аламат чолхечу оцу хьелашкахь а церан ницкъ кхечира 69 эзар гектар сов йолчу майданашка гуьйренан ялтин х1у таса.
Кхин цхьана билгалонца къаьсташ а яра д1аяхана гуьйре. Дукхах болчу бахамашкахь элитни х1уца бух биллина хиндолчу ялтина. Республикан юьртан бахаман министерствос шен хеннахь г1айг1а бар бахьанехь таро хилира х1у д1адуьйчу муьрехь минеральни удобренех пайдаэца а. И дерриг хьесапе эцча дегайовхо кхуллу гуьйренан ялтин дикалла санна, цуьнан хьекъар а дикка лакхадаккха таро хирг хиларна.
Халахеташ делахь а, шайна хьалхалаьтташ хиллачу декхаршца буьззинчу барамехь ларийнарг ши район бен яц республикехь. Аренийн белхаш д1абахьарехь шегара хьалхе д1а ца хоьцуш схьаеанчарах ю Невран район. Кзухахь планаца билгалйинарг 7800 гектар гергга йолуш, гуьйренан культураша д1алаьцнарг 8489 гектар майданаш ю. Ткъа ялтина лерина охана динчу латтанийн барам цхьайтта эзар гектаре гергга д1акхочу. Ларамаза дац культураш алар а, х1унда аьлча, районан бахамашкахь дикка яккхийчу майданашкахь 1аьржа к1а а (638 га), рапс а (403 га), докъарна лерина ялта а (205 га) кхиош хиларна.
Латтанийн барамашка диллича кегийчарах ларалуш ю Соьлжан район. Цигарчу бахамашкахь гуьйренан ялтина билгалйинарг ерриг 2,2 эзар гектарал жимма совъэккхаш майданаш бен яцара д1аяханчу гурахь. Шайна хьалхах1оттийна хиллачу декхарца кхиамца ларийна  районан механизаторш – 2354 гектар майданахь кхуьуш ду пачхьалкхан бахамашкахь гуьйренан ялташ.
Ледара къахьегна олийла дац республикан цхьамог1а кхечу районашкарчу механизаторша а. Цара шайн ницкъ кхочург дина хьалхах1иттийна декхарш кхиамца кхочушдарна т1ехьажийна. Царалахь билгалъяккха йог1у исс эзар гектар сов йолчу майданашка гуьйренан ялташ д1адийна йолу, республикехь уггар яккхийчарах йолу Грозненски район, ялх эзар гектар сов йолчу майданашка х1у тесна йолу Шелковски район, шен цигахь ялх эзар гектар гергга долчу латтанаш т1ехь гуьйренан ялташ кхуьуш йолу Теркан район. Кху шарахь республикехь гулден долчу гуьйренан ялташна юкъа шайн хьакъ йоллу хазна йилларна тоъал бух биллина Т1ехьа-Мартан, Гуьмсан, Хьалха-Мартан, цхьамог1а кхечу районийн механизаторша.
Арахь лаьтташ 1а делахь а, аренашкара белхаш совцо йиш йолуш бац. Ма-хуьллу сиха кечдан дезаш ду б1аьстенан культурашна лерина латта. Х1ун ала йиш ю оцу декъехь? Республикехь дерриг аха дезарг 151 эзар гектар гергга латта долуш, 13-чу январана болчу оперативни хаамашца кечйинарг 112 эзар гектар гергга ю (цунна юкъадог1у гуьйренан ялташа д1алацаза дисина латта а), аьлча а, 74 процентана кхочушйина билгалйина план. Оцу балха т1ехь уггар лакхара гайтамаш болчарна юкъахь ю Соьлжан (90 процент), Шелковски (87), Курчалойн (79), билгалйинчух 70–72 процент майданашкахь оханаш чекхдаьхна йолу Т1ехьа-Мартан, Грозненски, Гуьмсан, Невран районаш.
Билгалдаккха дог1у и белхаш бахамашкахь агротехникан ерриг бакъенаш ларъеш д1абахьарна боккха тидам т1ебохуьйтуш хилар. Механизаторша дагахь латтадо тахана шаьш дикалла ларъеш динчу оханех кхана культурийн хьекъар доьзна хирг хилар.
Л.Маг. 
www.ChechnyaTODAY.com



Обсудить на форуме



{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2