Россин зорбанан денна лерина

25 января в 09:38 (2010 г.) 3164
Нохчийн Республикехь «Тоьлашха долу газет» аьлла д1аяьхьначу конкурсехь хьалхара меттиг яккхарна республикан «Даймохк» газетана компьютерца совг1ат дина Кху деношкахь Зорбанан цIийнан актови залехь даздаран хьолехь дIадаьхьира Россин зорбанан денна лерина даздарш. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствос хаамийн гIирсаша беш болу болх мехала хилар довзийтаран Iалашонца.
Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикан куьйгаллин векалш, нохчийн журналистикин ветеранаш, республикан а, районийн а газетийн редакторш, журналисташ, студенташ. Цхьаьнакхетар дIахьош Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министра Саралиев Шамсаила Зорбанан денца декъалбира берриг а журналисташ. Цо билгалдаьккхира республикан куьйгалло хаамийн гIирсийн болх мехала а, маьIне а лоруш хилар.
Республикехь дIаяьхьначу «Тоьлашха долу  газет» конкурсан жамIаш а довзийтира. Хьалхара меттиг елира республикан «Даймохк» газетана, шолгIаниг – «Столица +» газетана, кхоалгIаниг – Нажи-Юьртан районан «Халкъан дош» газетана. Конкурсехь толаман меттигаш яьхначарна дипломаш а, ткъа иштта мехала совгIаташ а делира.
Министерствон Сийлаллин грамоташца а, ахчанца а совгIаташ дира «Орга», «Нана», «Вайнах», «СтелаIад» журналийн а, ткъа иштта «Грозный-информ» хаамийн агентствон а, газетийн а белхахошна.
Цхьаьнакхетар дерзош, гулбеллачеран самукъадаьккхира нохчийн эстрадин артисташа.
Р.МУСИПОВ.
Р.Истамуловн сурт.  
www.ChechnyaTODAY.com



Обсудить на форуме



{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Стали известны имена летчиков самолета, разбившегося под БишкекомСтали известны имена летчиков самолета, разбившегося под Бишкеком
В мире
В России сократят различия в уровне и качестве жизни гражданВ России сократят различия в уровне и качестве жизни граждан
В России
Р. Кадыров: ЧР под силу сохранить и улучшить динамику развитияР. Кадыров: ЧР под силу сохранить и улучшить динамику развития
Власть и политика
В Грозном прошли Чемпионат и Первенство Чеченской Республики по тхэквондо (ИТФ)В Грозном прошли Чемпионат и Первенство Чеченской Республики по тхэквондо (ИТФ)
Спорт и здоровье
В Чечне задержан особо опасный террористВ Чечне задержан особо опасный террорист
Происшествия
Вице-спикеры Парламента провели приём гражданВице-спикеры Парламента провели приём граждан
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: