доллар    56.02 $
евро 62.99 €
26 мая, 08:36
Погода в Грозном +13 в Грозном

Iаьнан хазалла

1 февраля в 13:13 (2010 г.)
ХIара Iа тIедеачахьана, хила ма-деззара Iаьнан бакъдолу сурт хIинццалц хIоттаза дара вайна: арахь кест-кеста догIа а догIий, хатт, лаьттара, хIаваъ цхьа деза, тIуьна хеталора. Баккхийчара ма-аллара, «Iаьржа Iа» дара лаьтташ дерг. Вай, луо а долуш, тоъал шело а лаьтташ долчу Iаьне сатесна дара. Иштта вайн сатийсам кхочушбеш санна, Дала хила ма-деззара Iа а дели вайна. ХIинца луо кест-кеста догIу – денна а бохург санна. Шело а ю ша юй хоуьйтуш: когаш кIелхьара луо «гIарч» деш хуьлу, Iаьнан хIуо дегIах хьаьрчича, йовха хIусам дагайогIу.

Амма Iаьнан хазалла хIинца къаьсттина дика гуш ю. Къеггина кхетта малх бу, бIаьрг ца беллалуш лепа кIайн, кIеда луо. Аренашкахь, цIенойн тхевнаш тIехь, диттийн гаьннаш тIехь, кIайн бамба санна, Iуьллу иза. Мел цIена, дагна аьхна ду и Делан ниIмат. 
Геннарчу лаьмнаша а Iаьнан куц схьаэцна. ХIинццалц Iаьржа а, кхоьлина а хилла долу уьш, лай кIелахь серладевлла, вайн исбаьхьа мохк хазбина Iохкуш ду. 
IаьнтIехь къаьсттина дика хаало адаман а, Iаламан а цхьаалла. Дала Iаламехула стагана оьшург дерриг а схьало: дуург, мерг, тIедухург, чохь Iан хIусам, Iаьнера вала йовхо. Ткъа адамо Iалам лардо, Iалашдо. Иштта схьадогIуш ду гуттар а. 
А.МУСАЕВ.

 

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет