доллар    0 $
евро 0 €
18 октября, 12:03
Погода в Грозном +14 в Грозном

1едалера хаамаш

1 февраля в 13:18 (2010 г.)
Дуьненахь а тоьллачех курорташ хила еза Нохчийчохь Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана кху деношкахь рог1ера цхьаьнакхетар д1адаьхьира Нохчийчоьнан Правительствон Председательца Байсултанов Одесца, цуьнан заместительца, х1усамийн-коммунальни бахаман а, г1ишлошъяран а министраца Сугаипов Абуца. Цигахь дакъалоцурш вара иштта республикан Президентан а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхара заместительТаймасханов Галас, могашалла1алашъяран министр Ахмадов Шах1ид, «Нохчийн Республикехь г1ишлошъяран – меттах1итторан белхаш д1абахьаран дирекци» казенни предприятин генеральни директор Эдилов Ибрах1им. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Нохчийчохь г1ишлошъяран-меттах1итторан белхаш д1абахьаран хьокъехь долу г1уллакхаш. Нохчийчоьнан Правительствон куьйгалхочо О.Байсултановс дийцира Аргун г1алахь йолчу муниципальни г1ишлошна реконструкци яран белхаш д1абахьарехь долчу хьолах лаьцна. Цо дийцарехь и белхаш карара бутт чекхболуш бина бовлуьйтур бу. Цул т1аьхьа О.Байсултановс дийцира Курчалойн-Эвлахь а, Курчалойн районехь а реконструкци яран генеральни ши план х1оттийна хиларх лаьцна. Район меттах1отторан оперативни штабо планаш х1иттийна республикан архитектура а, г1аланашкахь г1ишлошъяран а урхаллин говзанчаш юккъе а озош.
– Герггарчу деношкахь оха хьуна уьш йовзуьйтур ю. Иза йовзуьйтучу хенахь ма-дарра дуьйцур ду районехь дан леринчу дерриг а г1уллакхех лаьцна, – бохура Байсултанов Одеса. Цо билгалдаьккхира Курчалойн-Эвла юккъехь йолу районан комендатура а, прокуратура а кхечанхьа дехьа яккхаран план цкъачунна кийча цахилар. Президента цунна т1едиллира и г1уллакх йоццачу хенахь къастийна цхьалхадаккхар.
Могашалла1алашъяран объекташ яран хьокъехь дуьйцучу хенахь Нохчийчоьнан Президента Кадыров Рамзана д1ахьедира Шела г1алахь могашалла1алашъяран объекташ яран боларшна ша ванне а реза вац, аьлла.
– Керла шо т1екхачале йина йовлуьйтур ю бехира уьш. Ткъа объекташ тахана а йина евлла яц. Финансировани ярехь т1аьхьадисарш хилла ца хилча со кхеташ вац уьш яр оццул дахх1нделла делла. Социальни мехала маь1на долу г1ишлош йина ялийтаран г1уллакх дахдар магийта ца деза вай ваьшна. Уьш йина йовлийтаран билгал планаш а, хенаш а хила еза шун, – бохура Кадыров Рамзана.
Цуьнца цхьаьна, республикан куьйгалхочо ч1аг1дарехь, жигарбаккха беза Нохчийчохь туристически комплексаш яхкарна говзанчаш юккъе озоран болх а. Иза цхьаьнадан дезаш ду социально-экономически проблемаш д1аяхарца.
– Вайн декхар ду ницкъ ма-кхоччу Нохчийн Республиках Россин туризман центр ян хьовсар. Оцу 1алашонца схьахаржа еза туристически базаш яран уггар а дика, хаза проекташ. Уьш массеран а б1аьрг т1ех1уттуш хила еза, – бохура Р.Кадыровс.
Цуьнца доьзна къамел динчу Г.Таймасхановс дийцира лаьмнийн районашкахь курорташ а, цаьрца хила йог1у инфраструктура а яран хьокъехь дозанал арахьарчу цхьамог1а говзанчашца дийцарш д1ахьош хиларх лаьцна. «Царах цхьаберш х1инцале Нохчийчохь а хилла, курорташ ярна бег1ийла йолчу меттигашка а хьаьвсина. Уьш иштта хьаьвсира хьешац1енош дарна леринчу меттигашка а. Говзанчашна хетарехь туристически комплексаш яхкарехь уггар а чолхениг лаьмнашкахь лыжанаш хехкаран некъ бар хир ду». – бохура Г.Таймасхановс.
Нохчийчоьнан Президента билгалдаьккхира туристически базанаш йохку йолчу районашка доьлхуш долу некъаш дуьненахь тоьллачу некъийн дикалла йолуш хилийтарехьа г1уллакхаш х1инццехь д1адоло дезаш хилар.
С.ДАДАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет