доллар    56.53 $
евро 63.49 €
23 мая, 12:09
Погода в Грозном +18 в Грозном

Стаг а, бакъо а

1 февраля в 13:20 (2010 г.)
Маца совцор ю посташкахь лелош йолу харцонаш?
Шена тIе цхьа сингаттам хIоьттича, стага харцонах хьалхаваларехь шен гIо лоцу долу меттиг лоху. Хуьлда иза чохьIачу хIусамах дерг къасторехь, компенсаци дIадаларехь, чиновникан ямартчу гIуллакхашца доьзна, я милицин белхахочо цуьнан бакъонашна цхьацца дозанаш деттарехь. Халахеташ делахь а, тахана а кIезиг яц адамийн маьршачу дахарна, шаьш гIуллакхехь хиларх пайда а оьцуш, даржашкахь болчу цхьаболчара новкъарлонаш ян гIуртуш меттигаш. 
Ишттачу меттигашкахь хIун до стага? Талхош йолу шен бакъонаш меттахIитто шен ницкъ кхочур боцийла хиъча, иза далун дерг каро хьожу. Кара а во. Царах цхьаъ ву тахана Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векал Нухажиев Нурди. «Цо деш дерг-м цуьнан белхан декхаршца догIуш долчул совдаьлла хIума дацара» ала тарло гIуллакх ма-дарра ца девзачара. Цхьана декъана иштта хетарш харц а хир бац, хIунда аьлча иза адамийн бакъонна гIаролехь латта декхарийлахь хиларна. Амма гIуллакхан духе кхиа воьлча, гучудер ду кхидерг а. Уггар хьалха адамашна гIо хуьлийла даггара лууш хилар, деш дерг стаг кочара ваккхархьама цIарна деш цахилар, стагана тIехIоьттина бала байбан лаам хилар, иза адамийн ондда гIортор хилар. Цундела хир ду Векале шайн гIуллакх кховдо лууш болчеран барам лахлуш цахилар, шайн лазамаш бохьуш цуьнан офисе хаддаза адамаш оьхуш хилар. Цуьнгахь царна го шайн бакъонаш тешаме ларъярхо, шайн хьаштийн бала кхочу болу накъост. Иза мел лакхара хиларх доьзна доцуш шайн сингаттам цо Iедалан муьлххачу а тIегIанехь дIабовзуьйтург а, гIуллакхан цхьа йист йоккхург а хиларх шаьш тешна хиларна оьху цунна тIе адамаш. Аьлларг тIечIагIдеш бIеннаш масалш дало йиш ю тахана. Царах цхьаъ ду кIоршаме талхийна йолу шайн бакъонаш меттахIиттор доьхуш Нохчийн Республикан вахархочо Сангириев Хьасана Векале дина дехар а. …Кисловодскера Соьлжа-ГIала богIуш болу вежарий Хьасан, ИбрахIим, Аслан, Iела СангириевгIар Нохчийн Республикан Къилбаседа ХIирийн-Аланин Республикаца долчу административни дозанца йолчу «Октябрьский» постехь (Моздокан район) совцийра шена тIехь цхьа а билгалонаш йоцуш волчу, карахь автомат йолуш волчу стага. Ша мила ву а ца дуьйцуш, машенан документаш а, пассажирийн паспорташ а гайтар лехира цо. Цаьргара кхин даккха хIума ца карийча (документаш лартIехь дара, машен чохь дIасалело ца магийна хIума а яцара), салон чохь тIехьа кхерамзаллин доьхкарш хIунда дац аьлла, коча вахара иза некъахошна.Ишттачу машенан доьхкарш хила догIуш цахиларх ша кхето гIоьртича а, гIуллакх ца хуьлуьйтуш, регистраци яйта постан коре вар тIедожийра милцочо. Ткъа цу чуьра схьа хаам бира, кхидерг ца лерича а, новкъа богIуш болчара чехкаллин раж талхорна доккха гIуда такха дезарг хилар. Милицин капитана Сангириевга дIахаийтира административни бакъонаш талхоран хьокъехь протокол а ца хIоттош, 300 соьман барамехь «гIуда» охьадилличхьана, гIуллакх дIадерзо йиш хилар. Амма Хьасан реза ца хилира и «гIуда» такха, цо протокол хIоттаде элира. Протокол хIотторехь сихо яйтархьама Аслана капитанна гайтира ша Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикан, зорбанан, хаамийн министерствона чуйогIучу пачхьалкхан учрежденин кхерамзаллин службан белхахо хиларан хьокъехь долу документ. Дуьхьал хезнарг маьттаза багаеттар дара, шаьш Ростовеххьий, Москваххьий йолчу командованин куьйгаллина бен кIелдогIуш цахилар схьа а хоуьйтуш. Шайн машенна тIе а вахана, телефонехула нохчийн маттахь Аслана къамел деш хезча, постан белхахойх цхьамма «Ахь суна аьлларг хIун дара?» аьлла, иза шена тIе а верзийна, цунна юьхьа тIе буй туьйхира. Кхузахь командировкехь хиллачу Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н УГИБДД-н белхахочуьнца (цуьнан цIе Хьусейн яра) цхьаьна Хьасан а, ИбрахIим а шайн вешина етташ болу милцой совцо гIортарх гIуллакх ца хилира. Дуьхьал хезаш ерг нохчашна луьйш етташ йолу маьттаза бага яра. Аслан постана чоьхьа а ваьккхина, вежаршна тIедожийра шайн машен гено юьстахъяккхар. Ткъа цул тIаьхьа масех сахьт даьлча, документаш цаьрга схьа а делла, Хьусейна хаам бира, Аслан «йиттина лараш билгалъяхархьама» больнице дIавуьгуш а, цул тIаьхьа иза Моздокан районан УВД дIалург а хиларан хьокъехь. Шен ваша цигахь волчу юкъана Хьасан районан прокуратуре вахара, постан белхахоша шайна тIехь харцо лелоран хьокъехь заявлени яздархьама. Амма цунах гIуллакх ца хилира – прокуратура дIакъевлина яра. Кхин а масех сахьт даьлча, Аслан УВД чуьра ара а ваьккхина, вежаршна цIа баха бакъо елира. Хала хьал дара цуьнгахь. Цо дийцарехь, йиттинчул тIаьхьа жимачу стеган бIаьрса дайнера, дикка хан яьллачул тIаьхьий бен метта а ца хIоьттира. ХIетте а милицин белхахоша лоьрашна ца гайтинера Аслан. Иза Соьлжа-ГIалахь № 9 йолчу больницехь бен дойла ца хилира…Оцу кепара кIоршаме талхийна шайн бакъонаш меттахIиттор доьхуш дара Сангириев Хьасана нохчийн Векале яздина кехат. Цуьнца доьзна дара Нухажиев Нурдис Россин Генеральни прокуроре а, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министре а рогIера кехаташ яздар. Царна тIехь цо шина ведомствон куьйгалхошка доьху Нохчийн Республикан административни дозанца йолчу луларчу регионийн посташкахь лелош долу законаца галморзахдовлуш долу гIуллакхаш совцор. – Къилбаседа ХIирийн-Аланин Республикехула йолчу МВД-н УГИБДД-н «Октябрьский» КПП-н белхахойн гIуллакхашкахь гуш ду РФ-н УК-н 286-чу статьяца догIуш долу зулам дина хилар, – дIахьедира нохчийн Векала. – Соьга дукха кхочу парггIат дIасалела йиш йолу шайн бакъонаш талхош хиларан хьокъехь Нохчийн Республикехь бехаш болчу Российски Федерацин гражданашкара аьрзнаш. Царах лаьцна ас хаамаш бира Къилбаседа Кавказан регионан субъектийн бакъонаш ларъяран органийн куьйгалхошка, гражданийн бакъонаш талхор хилийтина йолу ГИБДД-н билггал посташ, денош, хан билгал а йоккхуш. Амма РФ-н УПК-н 144-145-чуй статьяшца нийса а догIуш, хьакъ доллу гIуллакхаш ца дина. ХIоразза а соьга хаам бора стационарни посташкахь таллам барна тIехьажийна комплексни бригада вовшахтоьхна хиларан хьокъехь, амма хIинццалц транспортан водительшца нийса доцу гIуллакхаш лелорна бехкениг гучуваьккхина цхьа а меттиг ца хилла. Посташкахь законаца догIуш доцу гIуллакхаш лелош хилар билггалчу масалшца тIечIагIдо Н.Нухажиевс. Иштта, дIадаханчу шеран апрелехь Черменски постехь ДПС-н белхахой 2500 сом ахча даккха гIиртира Бибулатов Мусагара. Шаьш бохург цо ца дича, иза сийсазвеш бага лейира цуьнга. РФ-н Генеральни прокуроран ЮФО-хула волчу заместителе иза къастор доьхуш дина хилла дехар, ма-дарра аьлча, жоп доцуш дисира. ДIадаханчу шеран сентябрехь Герзелехь йолчу Дагестанан постехь регистраци ечу хенахь И.А.Абдулаевгара 400 сом даккха гIоьртира постан белхахо, паспорта тIехь хьаькхна цхьа сиз хиларна иза телхина ду аьлла. Ши сахьт хан яйира милицин белхахочо, «бехкечунна» 300 соьман барамехь гIуда тохаран хьокъехь протокол хIоттош. Цунах лаьцна а хаам бира оццу ЮФО. ТIаьхье йоцуш дисира иза а.
– И санна долу бакъдерш далош ас кехаташ кхехьийтина 2007-чу шеран октябрехь РФ-н чоьхьарчу гIуллакхийн министре, оццу шеран декабрехь РФ-н чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместителе, 2009-чу шеран майхь Россин ФСБ-н директоре, – яздо нохчийн Векала Россин Генеральни прокуроре а, РФ-н чоьхьарчу гIуллакхийн министре а долчу шен рогIерчу кехата тIехь. – Амма цунах гIуллакх хуьлуш дац. ГИБДД-н посташкахь цIарна беш болчу талламаша мелхо а алсамдоккху цигахь кхаьънаш ийдар. Шайн белшаш тIехь погонаш лелош болчара оцу кепара закон талхош хиларца вай машаре хилахь, кесталгIа законо толам боккхур бу аьлла хеташ вац со, – дIахьедо Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала.
Россин Генеральни прокуроре а, Россин МВД-н куьйгалхочуьнга а долчу шен кехаташ тIехь Нухажиев Нурдис доьху Нохчийн Республикан бахархойн дуккха а барамехь бакъонаш талхор сацорна а, погонаш лелош болу кхаьънаш ийдархой уголовни жоьпе озорна а тIехьажийна гIуллакхаш дар.
Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш 
ларъяран Векалан пресс-службан хаамех
пайда а оьцуш, зорбане кечйинарг – Л.Маг. 
  

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет