1944-чу шеран февраль беттан 23-г1а де ду х1ара. Саралц г1аш некъ бо оха. Маьрк1ажан хенахь бода т1ет1е1аш бу. Лаьмнаш хьулдина лаьттачу лайн к1айлла бен дийнан серло яц. Итум-Кхаьлла боьдучу некъаца йолчу Бечига олучу эвла кхечи. Шийла а, г1ийла а, тийна а лаьтта тахана 1уьйранна дай ц1ера баьхна, байлахь йисина эвла. Эвлана т1екхочучу хенахь НКВД-н эскаран майоро омра до лакхарчу лайтенанте:
– Оцу керта чуберзабе х1орш. Буьйса кхузахь яккха езар ю... Вах1аба б1овлашка нохчийн маттахь д1ахьеди майоран омра...
– Ой, ткъа, т1едог1учу а, бухарчу а лай т1ехь муха йоккхур ю буьйса? – аьзнаш хеза.
– Х1ун дийр ду? Вай магаран, цамагаран к1езиг бала бу майораа, – элира Вах1аба, – же-ямлаш, Махьмуд, Мохьмад! Катоххий ц1е юсалаш...
Зударшний, мехкаршний эвхьаза хилийта, уьш а, бераш а ц1арна гонаха д1атарбала парг1ат битархьама, бечигахочун раг1у к1ел д1абаха божарий: къена а, кхона а нах – Ахьмадукъа а, Вах1аб а, Х1арон а, 1умар а, Махьмуд а, Мохьмад а. Раг1у к1елахь Махьмудий, Мохьмадий д1асадаржийначу докъар т1ех охьахевши уьш. Долчо верта а, йолчо кетар а т1еозий. Шаьшшимма диначу жимхалина баккхийнаш резахила лууш, вахана шен ненера Кебиригара кхалла х1ума а еа Махьмуда.
– Иштта дика хир ду вайна, ваши, – боху Махьмуда шен ден девишига Ахьмадукъе, – дуй? Мацалла дала 1ачул?
– Дика-м ц1ахь – Б1авлахь хир дара вайна, – боху Ахьмадукъас, – х1окху дена вир хиларша дитинехьара. Ца дуьту-кха вай вешан лаьмнашкахь даха а, дала а. Ца дуьту, дера, дита а-м...
Ахьмадукъин ог1азе къамел, кар-кара оьцуш, кхид1а дахдалале Вах1аба, д1атевжинчуьра хьала а нислуш, боху:
– Даккхахьаа, Ахьмадукъа, бисмилла. Айхьа а кхалла, тхоьга а кхаллийта х1ума. Дуьззина цхьа дей-буьсий д1а ма делин вай даазий, малазий. Махьмуда ма-аллара, иштта дика хир ду моьтту суна а. Кхин а дика-м, Ахьмадукъа, ц1ахь хир дара, ахь ма-баххара. Делахь, а иза д1адаьлла.
Бисмилла даьккхи Ахьмадукъас. Цо хьалаийци, Махьмуда массарна а доькъуш, шена хьалха йиллина жижиган коржам а, сискалан юьхк а. Мацалло кийра буъушехь, г1айг1ано чомах догдохуш, вухакхетта 1а иза. Бехказлонна санна, наггахь кхоллу. Оцу бодашкахь шаьш вовшашна гуш дацахь а, яъане ца юуш ша сацар некъан накъосташна новкъа долу дела, ша юуш ву моттуьйту Ахьмадукъас.
Хьалха долийна, дерзаза долчу къамела т1е юхавоьрзу Вах1аб:
– Ахьмадукъа, – боху цо, – вайл хьалхарнаш а ца бахийтина вайн лаьмнашкахь-м ког хецна. Даима т1елетачу мостаг1ех, г1еранех шаьш а, шайн доьзалш а ларбаран ч1аг1онна йина ма ю б1аьвнаш а, г1аланаш а. Ала дашна, хьан деден 1ежин хилла Б1авла чохь лаьтташ ерг а, кхиерш а.
– Вайна а йолуш яра-кха и б1аьвнаш, – боху Ахьмадукъас, – ваьш а, доьзалш а, и б1аьвнаш а ларъян вай къонахий хиллехьара.
– Б1аьвнаш, дера, ян ма яра, Ахьмадукъа, – боху Вах1аба, – амма ницкъаш цхьатера бацара-кха. Со х1ун ала г1ерта хьуна аьлча, дукхах болчара к1езгах болчарна г1ело еш схьадог1уш ду дуьне. И цхьаъ ду. Шолг1а-делахь, 1едална муьт1ахь хила дезаш ду...
– Герзаш д1адехира вайгара «Советан 1едало лардийр ду шу», аьлла, ледина, – боху Ахьмадукъас, – х1ара ду-кха х1ара, Вах1аб, вай вай лардар. Лар-м хьаха, до цхьаъ д1аса а ца волуьйтуш. До те. Дера до.
–Ахьмадукъа, – боху Вах1аба, – суна хетарехь, Дала вай вай зиэн, вайн собар, ийман мел ду хьажа белла вайна х1ара бала. Вай дуьххьара ловш а бац хьуна х1ара. Хьан нанас Говхьара, 108 шарахь ма ехирий иза, юьйцуш ма хезна вайна вайн дайшна т1ех1иттина яккхий халонаш. 
Схьахетарехь, Ахьмадукъа, Байс (йоккхаллин сий деш иштта йоккхура Ахьмадукъин ненан Говхьаран ц1е ц1ерачара) буьйцуш вайна хезна болу Субед, Сарта, Менга, Тохтамыш, Астаг1а Тимаркъа баьччанаш болуш цхьа 1аж-м1аж б1онаш баьхкина зама 6-7 б1е шо хьалха хилла. Хиллий? Вах1аба йоху ц1ерш, терахьаш хезча, хуьл-хуьлуш, ладог1а герга хили 1умар, Х1арон, Махьмуд, Мохьмад, бета т1ера дааран цуьргаш шийлачу куьйгашца д1аса хьокхуш.
Къамелана т1ера воцчу, ткъа х1инца селханлера оьг1азаллин чарп т1ераялаза волчу Ахьмадукъас, дог ца дог1уш, жоп ло Вах1абна: 
–Иштта олура моьтту суна Байс. Дуккха а хан ма яьллий цо и дийцинчул т1аьхьа. Цхьадерг дика дага а ца дог1у...
– Суна дика дагадог1у. Вай кегий долуш, 1ежин б1аьвнан кхерча хьалха, цунна гонаха ховший, Байга, юха а, юха а дуьйцура вай...
– Вах1аб, со хууш вац-кха х1окху хьакхарчаша х1ун де боху! Со сайн к1отарахь, мискачу дийнахь 1аш ма вара. 
Вах1аб, жоп даларца, велаозаво:
– Мискачу дийнахь 1аш, хьаха, вацара хьо-м, Ахьмадукъа. Хьан а, Жовбетаран а даьхний, жай тахана вайн ваьшца д1адига йиш хилча, берриг б1авлошна итт шарна тоъал рицкъ хир ма дара.
Ахьмадукъа ша 1аччохь верта д1аса а г1аттош, хьалатохавели:
– Т1аккха х1окху хьакхарчех летта велча бехк буй, бан а?!
– Х1ан-х1а, Ахьмадукъа, – боху Вах1аба, – Хьаьжас аьлла ма ду: «Шел нуьцкъалчу мостаг1чух летта валар ша-шен вер санна ду. Ша-шен вер уггра даккхийчу къинойх къа ду». Таханлерчу хьолехь латарал, валар г1олехь цхьа х1ума дагдеанера суна-м.
– Х1аа, и х1ун ду техьа? – олуш Ахьмадукъа Вах1абна улле юха д1атарвели, цуьнгахьа юьхь а ерзош.
– Ахьмадукъа, – боху Вах1аба, – карахь схьаэца ялтех х1ума йоцуш, хилча а, я бераш, я ялта бен схьаэца аьтто боцуш арабаьхна доьзалш бу вайца. Говр йолчо говрахь, вир долчо виран кажарна т1ехь ялта новкъадаккха а ца дити вай. Салаз, вордий-м вайн хилла а, лаьмнийн некъашкахь мегна а яцара. Х1ета а, вуьту а къацахетаршна юьсуш хьаьжк1аш ма юй х1окху кертара араваьккхинчу бечигахочун. Йоцчуьнга хьаьжк1аш схьаэцийтича бакъахьа ма хетара суна-м.
Ахьмадукъас, дош алале, корта ластий: юха а, юха.
– Вах1аб, ас хьайн дош дохий аьлла ма хеталахь. Иза хьарам ду. Хьаьжас аьлла: «Шайн доцчу, шайн куьйгашшций, хьацарций даьккхинна доцчу нехан х1уманах ларлолаш».
– Лачкъош ма дац вай, Ахмадукъа, – боху Вах1аба, сихха, ах аг1ор цуьнгахьа а воьрзуш.
– Хаьа суна. Лачкъош дацахаь а, нехан ду шен доцург. Ду те, Вах1аб. 
Вах1аб велаозий:
– Дера, да-м ахь ма-бохху ду, да хьалха волуш, цо луш делахьара дика хир ма дара, Ахьмадукъа. Аса-м г1аддайна, ойла ма йинера: некъ бахлахь, мацделла бераш делха дуьйлалахь х1ун дер техьа, аьлла. Мацалла хала ю-кха. Воккхачо-м сатухур дара. Жимачунна д1аеха бен ца хаьа-кх.
– Мацалла ян а ю хала, Вах1аб, – боху Ахьмадукъас, – мархийн баттахь цхьа де лардан а хуьлу хала. Амма, хьарам дийна вуьсучул мацалла валар г1олехь-м ду, дан-м. Мацаллел ч1ог1а вай кхера дезарг жоьжахати-м, дера ю. Ю те. Дала лардойла вай.
– Амин! – боху Вах1аба. – Х1окху эвлахь ваьхначу Мусаев 1абдул-Къедаран къийдала х1ума-м дацара-кхин вай караэцначу ялтех.
– 1абдул-Къедар элира ахь, Вах1аб? – хотту Ахьмаддукъас, – Колхозан пирсдатал хилларг вуй ахь вуьйцург, ван?
– Ву. И ву, – боху Вах1аба, – хьуна вевзаш хила веза хьуна иза-м, Ахмадукъа. Туьканахь болх беш а ма варий иза...
– Ой, дера вевза дукха дика-м, – боху Ахьмадукъас, – комаьрша стаг вара. Дера, вара ва а-м. Ша санна комаьрша ц1енана Бикату а ма яра цуьнан, ян а.
– Суна ма хаьара, Ахьмадукъа, хьуна иза вевзаш хир вуйла, – боху Вах1аба.
– Ой, суна муха ца вевза. Итум-Кхаьлла воьдуш-вог1уш дукха хилла сан ламаз дан а, х1ума кхалла а цаьрга чуверзар. Т1ек1елдина ц1енош ма дуй цуьнан, дан а.
– Ду те, – боху Вах1аба, – хийла М1айста а, Маьлхаста а, Б1авла а, Т1ерла а, кхечу ярташка д1асавоьдучу некъахочунна хьошалла дина, г1аш волчуьнга т1ехаа говр елла къонах ву иза. Цкъа иштта цо йигийтина цуьнан говр хьацаран чопашца, г1елйина ц1а ялийна хиллера: «Х1ара болх байта-м говр ца елча а ма дацара х1умма а», – ц1ерачара аьлча, цо элира боху: «Цуьнга кхул т1аьхьа кхин ца елчхьана д1адолу. Бакъду х1окху хьайбанах къа хета»...
«Хьайбанца къиза хилар, цунна г1ело яр доккха къа ду», – ма аьлла Хьаьжас, Дала къайле ц1инъяро.
– Аьлла те. Дера, аьлла, – боху Ахьмадукъас, – цо кхин цхьа х1ума а динера-кхин. 1едалх къаьхкина лелаш волу ши-кхо стаг веана хиллера иза волчу хьошалг1а. Т1аккха 1абдул-Къедара аьллера боху: «Хьошалла даран вайнехан 1адат ч1ог1а хала ду суна. Делахь а алаза ца долу. 1едалца эг1амехь долчу шуна синкъерам а бина, сайн юьртахошна сингаттам бан луур дац суна. Шуна т1аьхьабевлла лелачу чекисташа шун лар сайн ц1ент1ехь лацахь, хила тарлучу т1амахчул ч1ог1а кхоьру со сайн юьртахоша буьллун болчу бехках».
Вах1аба боху: 
– Суна а хезнера цо иштта аьлла, бохуш, Ахьмадукъа. Гой хьуна, хьаша-да сел дукха лаьтташ долчу ц1ент1ехь зулам даьлла, юьртахошна лазам баларна кхоьруш, ларвелла ма хилла иза...
Вах1аб къамел дерзийта дагахь соцунг1а хили. Юха, Ахьмадукъина юьхьа дуьхьал а воьрзуш, боху цо:
– Дера, хилла зулам ца дезаш, хила а-м. Иштта массара а, массанхьа а шаьш кхетош хиллехьара, ойла ян ма тарлора оцу обаргаш бу бохуш лелачу масех стага. Х1инца х1окху бале лаца дийнна халкъана т1ебеана бехк муха хета хьуна «Советан 1едална ямарт хилла!» аьлла. Иза-м бахьана дукхи дан-м... Амма оцу бахьанина некъ баккха ца безара. Х1а, дика ду, Итум-Кхаьлла яккха дохку, аьлла, шайн де ца хууш, т1е а летта, г1ара-г1овг1а яьккхира оцу наха. Х1ун хилира? Зулам хилира-кха!
Ахьмадукъа оцу сингаттамо г1айг1ане велаозий: 
– Оцу дийнахь ду хьуна иза. Ж1аьла леташ хезна, д1а араваьлча, кет1ахь стаг ву гехь шалгу топ а йолуш, говрахь. «Тахана Итум-Кхаьлла йоккхуш ю! Цигахь г1о дан стаг велахь, сихха д1аваийта!» боху-кх цо Ас ма боху: «Хьан хьаьнгара йоккхуш ю Итум-Кхаьлла? Хьайгарчу шалгу тоьпаца ц1ахь 1ийча бакъахьа вара хьо а. Зулам дан ваийта стаг вац сан».
Реза воцуш, соьга гара а хьаьжна, говр хаьхкина д1авахара Советан 1едал дохо юкъ йихкинарг.
– Кхин цхьа Дала тохар а ца динера ткъа? – боху Вах1аба.
– Оццу дийнахь Шаройн к1ошта яккха цу аг1орхьа а т1елетта ма хиллера обаргаш. Цигахь а, Итум-Кхаьллахь санна, зулам бен дика болх ца бинера.
– Халкъан бертаза долчу х1уманан т1аьхье беркатаза бен хуьлийла ма дац, Вах1аб, – боху Ахьмадукъас. – Итум-Кхаьлла а, Шара а х1ун дина йоккхур яра тахана шайн доьзалш а к1елхьара ца бахалучу нахе...
Бечигахь еарин дийнан 1уьйре ю дуькъачу дахкарх чорда чекхюьйлуш, хала йог1уш. Цхьанхьа къедаьлла уг1уш ж1аьлин узам хеза схьа. Башлаьмнийн кортошна, 1аннашна, хьаннашна т1ехула лилбаз-азца деттало ж1аьлин уг1ар.
Салтий бохку юьстахехь г1адбахана.
Сахиллалц хьирсина ло канашца хьалаийдеш, буьйсанна янза йисинчу набарех шайн яххьаш самаяха «юьлуш» бу уьш. Куьйгаш лайца хьекхадо. Буьйса маьрша яккхарх баккхийбе энкавэдэшникаш. Шайн-шайн т1оьрмигаш достуш, консерваш, дакъийна 1аьржа бепигаш хьалаийдо цара. Мокхачу чоьэшна т1ехула дихкинчу доьхкаршна т1ера «сурилаш» схьа а яьстина, царна чуьра хи т1е а молуш, х1ума кхалла охьхевши уьш маь1-маь11ехь. Амма, я яххьашна т1е ло хьоькхуш а, я х1инца х1ума яа охьаховшуш а белшашна т1ера автоматаш охьа ца йохку энкавэдэшникаша.
– Хаац, – боху Махьмудий, Х1ароний, – «Буьйш дехко а юхку, боху, цергаш, аьлла», дагахь кхобу ойла д1ахезна техьа царна?
Х1ан-х1а. Д1ахезча а царан-м нохчийн мотт ца хаьара. Кхузахь буьйса яккха совцуш майоро аьлла ма дара «Арахьара т1ебан тарлучу кхерамах ч1ог1а ларлуш хила. Хенан х1оттам вайна тешнабехк бан ч1ог1а аьтто болуш нисбелла».
Лейтенант Карпенко х1ума яа охьахевшинчу салташна т1ехьожуш чекхволуш ву.
– Г1оза юург хуьлда!..
– Баркалла. Тхоьца яа. Накъост лейтенант.
– Ас йиъна. Яа аш.
– Тхо х1инцца довлу хьуна, накъост лейтенант.
– Х1аъ. Бакъахьа ду. Майор аравалале сихо ер аш, – аьлла, волавелла д1анехьа вели лейтенант.
Лейтенант Карпенко хьоьжуш чекхволуш ву массанхьа а. Юьхь яьшна, чай мелла новкъавала кечвала чувахана майор бечигахочун х1усамера араваьлча: «Дерриг хила ма-деззара ду, накъост майор», – эр ду цо. Лейтенант низам долуш а, цул а сов дог къинхетаме долуш а ву.
...Жантин Висхин доьзал некъана кечбеш йолчу доьзалан нанна Сапихьатна т1екхаьчча, соцу лейтенант. Хаац, оцу боккхачу доьзалан хьашташ кхочушдарца ларо г1ерташ йолчу Сапихьатах къахийтира я селхана майоре цо ма-аллара, «ц1ера шенаш дагабаьхкира» цунна. Т1е а вахана, Салманал, Султанал, Салавдил жимаха долу ши бер – церан ваша Сайхан а, йиша Сахар а хьаьстира лейтенанта. Кисанара схьадаьккхина дакъийна 1аьржа бепигаш (сухарш) дели.
– Х1ун ала деза? – боху нанас Сапихьата.
– Саг1а хуьлийла.
– Саг1а аьлча цунна хуур ма дац, – г1ийла елаозайо Сапихьат.
– Х1ун ала деза, наний? Дади? – хьалахьоьжу Сайхан а, Сахар а. – Х1ун ала деза? Х1а?
– Исспасиба ала деза-кха, – кхетадо Сапихьата шен ши бер.
– Исспасиба, нанас ма-аллара, боху Сайхана лейтенантан б1аьра а хьожуш.
Вашас Сайхана санна, ала г1урту йиша Сахар а:
– Испаиси...
– На здоровье, малыши, – аьлла велаозий лейтенант. – 1аьржа б1аьргаш, хаза б1аьргаш аьлла, шина берана т1е куьг хьаькхи цо.
Массарна а дала бепиг цахиларо дагахьбаллам бина, бехкала вахча санна, ойлане ваьлла лейтенант. Цо шаьшшинна деллачух цуьрг-цуьрг доккхуш, вежаршна Салманна, Султанна, Салавдина д1акхийдадо Сайхана. Сахаран б1аьра хьоьжу иза цо вежаршна ло ца ло хаархьама...
Шаьшшиъ хьаьстина, бепиган якъаргаш елла, д1авоьдучу лейтенантана т1аьхьа хьаьжначохь диси Сайхан, Сахар:
– Дади, нани, вайн вашин ма бара цуьнан санна хаза седа (куйна т1ехь).
Барий?
– Бара те, – боху Висхас, – сан ваша Абуезид а ма вара иза санна ц1еэскархо.
– Вара. Цо говраш, эмкалш ма еара-пирянгаш. Еарий? Тохара ц1а вог1уш? Дагадог1ий?
– Еара. Х1аъ. Дагадог1у...
– Иза ц1а вог1ур ма ву! Вуй? Х1а?
Шеха-а, ах забарца, велакъежа Висха:
– Х1инца ваг1ахь-м вай ц1ахь карор дац вашина...
...Лейтенант хьоьжуш лаьтта бераш самадаха хьоьстуш бохкучу зударшка. Кабихас шен ши бер Билаллий, Хьамилий, цу шиннан бедарш т1еийзош, некъана кечди.
Сан ненанана сан ваший, йиший самадаккха г1ерта:
– Салавди, Зулпаъ, хьалаг1аттал, хьажал, дерриг бераш сама ма девлла, – бохуш. Нанис иштта д1асахьайина, хьаьстина Зулпаъ-м б1аьргаш схьабелла хьаьжи. Ах-улх. Хала а, атта а самавели иза. Амма Салавди юха а, юха а шен чета чу корта те1ош, д1ахьерча. Йовхачу пеша юххехь цициган к1орни санна.
Г1одмийн ц1евнаш т1ехь, к1едачу меттахь санна, 1охку бераш. Ах1-ух1 деш, д1а а, схьа а хьекхало уьш. Б1авлара охьа Бечига кхаччалц г1аш некъ беш лайн йочано яшийна бедарш, мачаш сийсара арахь, бечигахочун кертахь латийначу ц1аро йохйинчохь кхин а диса лаьа царна. Сатосуш марзъелла набарш к1ордоза ю...
Майор ларвеш волчу г1аролхочо-энкэвэдэшнико нуьйр тиллина, схьаялийна говр учени лами хьалха д1асахьийза. Луьста луьйзучу бергашца ло датадо говро. Х1инцца багайоьхкина г1орийна гаьллаш 1уьйшу цо. Б1аьргаш керчабо. Корта техкабо. Цкъа ирдеш, юха дийшош, лергашна тем ца буьту. Хамталле амал ю говран селхана дуьйна а. Майор, корах хьаьжча говр кийча а гина, бечигахойн х1усамехь х1усамнанас д1анисдинчохь лаьттачу доккхачу куьзгано шен кечвалар муха гойту а хьаьжна, сихха уча вели.
 Лейтенант-м х1инцале учахь лаьтта. Нохчийн бераш хьоьстуш ша майорана гарх ларвала луучух тера ду лейтенантана. Аьтту куьг лергана т1ехула дулуш, дег1 нисдеш майорана хьалха х1оьтти иза:
– Накъост майор! Цхьа а тайпа къепе йохош х1ума хааделла дац. Со хьожуш чекхваьлла. Новкъа довла кийча ду адамаш.
– Буьйса муха яьккхи аш? – аьлла сахиллалц зударий, берашший г1ора ца дойтуш, яьгначу йоккхачу ц1еран кхерчана т1евеа ахьмадукъа а, Вах1аб а, цхьаъ рон а, 1умар а, Махьмуд а, Мохьмад а.
– Дика яьккхи оха-м буьйса, – боху сан ненананас...
Сийсара оха латочу хенахь санна, ц1еран кхерче хьовсуш лаьтта т1ебаханарш. Ц1е х1инца г1еллуш, шеллуш ю. Т1етоьхку бечигахочун дечигаш кхачийна. Кхерчал арахьа а дисина пхонан ург1алийн хаьштигаш. Чопаш сийсош даьгна девли. Д1аян ца лууш, юх-юха а садоь1у ц1аро. Полларчийн т1емаш санна, чимийн пардош дегало кхоьлуш, 1аржлуш лаьттачу алуна т1ехь.
1одика йойла хьан, дай ц1ера баьхна Бечига! Марша 1ойла хьо, тхо дохдина Кхерч!
– Новкъа довла! – аьлла мохь-ц1ог1а туьйхи салтичо. И мохь-ц1ог1а хезча, сан вешин Салавдин деган цуьрг тохадалар хаадели иза корталина юккъехь ги воьллина новкъа йолуш йолчу сан ненананна. Г1айг1ано шийла елаозий цуьнан сингаттамаша аьхна къена юьхь:
– Нана яла хьан, Салавди, буйна лаьцна хьоза санна ма ч1ог1а дегадели хьан кхорб1елагал бен доцу дог...
Кортали юккъера, бенара ч1ег1ардиган к1орни санна, аракъеди Салавди: 
– Нани, салтис вай дуьйр ду боху? 
Юха а, г1аддайна, йоьлунха хили нани: 
– Дера ца боху, Салавди. Баххане а-м. Цо х1унда вуьйр вара хьо? Иза хьераваьлла-х ваций...
– Салтис ма вийна, нани, Билалин, Хьамилин дада. Салтис топ тоьхна, вайн Гурпал ж1аьлам уха дийра?!..
– Уьш-м цхьа кхин салтий барий, Салавди, – боху нанис Салавдин сатедан, – ма кхера хьо...  


{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2