Газетдешархойн бусалба динца доьзна цхьадолчу хаттаршна жоьпаш ло Нохчийн Республикан Президентан гIоьнчас Кадыров Хьасайна
-Iуьйра ламазан хан вижина а висина тилча, ша самаваларца дан мегий?Муха дехка деза и ламаз?
-Муьлхха а тилла ламаз дехкар цхьатерра ду.
– Ас нийят до фарз (Iуьйра) ламаз доькхуш Далла дан. АллахIу Акбар! 
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: наб чIагIелла я вицвелла дисина ламаз ша самавьлча я дагадеъча дан деза. Дичий бен тIера дер дац цунна иза.
– Пхьуьйра ламаз Iуьйра ламазана молла кхайккхалц туьлуш дац олу. Иштта дуй иза?
– Иза бакъ ду. ТIаьхьо мел дин а мелехь ду. Амма шен хенахь дича деза ду.
– Ламаз-марха доцучу стага хьаьждан мегий? 
– Дала тIедиллина пхиъ фарз ду: шахIадат далор,ламаз дар, закат далар, мархин бутт кхабар, хьан ваха таро елахь хьаьжцIа вахар. Цу фарзах цхьаъ тIера долу цунна ХьаьжцIа вахча. Вукха фарзах жоп доьхур ду цуьнга.
– Муьлххачу а динехь волчу стага бусалба дин тIелацар дика ду. Бакъ дине воьрзуш верг ламаз дан хууш а, шахIадат дало хууш а хила везий?
– Шена хуучу маттахь Дела цхьаъ хиларна тоьшалла дан деза. Цу дийнахь дуьйна фарзаш тIедужу цунна. 
– Цхьацца йолчу меттехь гIезалой а, таджикаш а бусалба динера керста дине бовлуш меттигаш йогIу. Цу нахана Делера хIун оьгIазло хир ю? 
– Керстанна тIехь лелош доллу хьукма лелор ду царна тIехь а.
– Нагахь санна леш волчу стагана уллехь ясин деша хууш стаг ца хилча хIун дан деза?
– Леш верг хезаш велахь а, вацахь а цуьнга ЛаилахIа-ИллаллахI алийта деза.Элчано( Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: леш волчу стагана ЛаилахIа-иллалахIа дага тасалаш. тIаьххьара дош ЛаилахIа-ИллалахI хилахь ялсамане гIур ма ву иза. Верасна магийна дац лешволчунна бIаьргаш къовла. Цунна дагатаса тарло, со валаре, сан рицкъане сатесна хилла-кха хIара аьлла.  
– Стаг кхелхинчул тIаьхьа луш долу сагIа дIакхочий цуьнан сине?
– Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна элира: «Шун веллачунна дуьххьарлерчул хала буьйса йогIур яц. Цунна сагIа даккхалаш».
– ПIераскана буса кхалха а кхелхина, пIераскана дийнахь лаьтте верзар декъал хилар ду олу. Цунах дерг тIечIагIдина меттигаш юй Къуръан чохь?
– Делан Элчано Делера салам-маршалла хуьлда цунна аьлла: «ПIерскана буьйсанна вала а велла, пIераскана дийнахь дIавоьллинарг декъала хир ву, нагахь иза Делан омра а, нахIи а лардеш хиллехь. 
– Долахь цхьа а бахам боцуш, алапах вехачу стага цу алапах закат дала догIий?
– Закатан бараме цуьнан даьхни кхочуш дацахь, цо закат дала ца догIу.
– Кхаъ эцар къа дуй массарна а хууш ду. Цуьнан агIонаш муха хуьлу? Цунна хIун Iазап хир ду къематан дийнахь?
–ШариIатехь кхаъ эцар-балар дац. Цхьаммо шена хазахеташ хаам бича, сагIина ло аьлла, совгIат дала мегар ду. ШолгIа маьIна – взятка. Иза доккха къа ду. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: Делан наьIалт хуьлда кхаъ лучунна а, оьцучунна а.
– Шена дарба динчу лоьрана совгIат ло. Къа дуй иза? Кхаъ лорий иза?
– Иза кхаъ ца лору. Динчу дарбанан мах а ца хадош, совгIат лахь, деллачун сагIа хир ду, лоьрана гIуллакх а хир ду. 
– Дуьне къахьдалар къилахь дуй? Дешча паргIато хуьлуш аят дуй?
– Дуьнен чохь цатам хилча дуьне къахьдалар вайн карахь дац, къахьлахь хIара аят дешча гIоли хир ю.
Инна лиллахIи, ва инна илайхIи ражиIуна фал хьукму лиллахIи Iалиййул кабир. 
Дала Къуръанчохь аьлла: «Собар динчаьргахьа ву Ша. Шу зенза Iанна а Iийр вац Ша.  
МостагIчун кхерам тIетосуьйтур бу Ша шуна.
Мацалла йоуьйтуш зуьйр ду Ша шу.
Шун рицкъ хIаллакьдеш, зуьйр ду Ша шу.
Шун стоьмаш бакъаболуьйтуш зуьйр ду Ша шу.
ДегIах лазар тухур ду Ша шуна.
Шун гергара стаг вейтина зуьйр ду Ша шу».
Собар динчуьнга кхаъ баккха аьлла Дала.
Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чиркх дIабайра боху. ТIаккха аят дийшира цо. Iайшата цец яьлла элира боху: «Чиркх бен ма бац и дIабайнарг». Элчано жоп деллера: «Бусалба стагана сингаттам мел беш долу хIума бала бу хьуна». 
– Да-нана дала а делла, уллехь ваша а воцуш, йоI ша йисча, цуьнан керт-ков шичошна (девешин кIенташна) магор хIун ду нохчийн Iадатехь?
– Церан бахаман мах а хадийна, цуьнан ах бахам йоIана ло. Нагахь шиъ, цул сов елахь, кхааннах ши дакъа йоьIан ду, важа верасийн ду.
– Дас-нанас бохург ца дечу доьзалхочунна хIун таIзар хир ду?
– Хьан Дала хьоьга чIогIа, хадам беш, омра дина, АллахI-Дела Ша воцчунна аш Iибадат ма де, шайн дена-нанна дика де, аьлла. Да а, нана а доккха хилахь, ахь ма алалахь цаьршинга вуон дош, «уфф» алий а. И шиъ човха ма делахь, сийлахь дош алалахь цаьршинга. КIеда-мерза агIо царна охьатаIош а, цаьршиннах къинхетам беш а хилалахь. Ахь алалахь: «ХIай Везан Дела! Цаьршиннах къинхетам бехьа, со цаьршимма, къинхетам беш, кхаьбна, кхиийна хиларе терра».
– Маьждигехь имамаша хьехамаш беш долу жайнаш нохчийн матте а даьхна, зорба тоха таро а, аьтто а хир буй вайн махкахь?
– Хир бу, Дала мукъ лахь. Цу тIехь беш болх бу, нохчийн матте даьхнарш а ду.
– Нохчийн мотт ненан мотт бу. Бусалба динехь ненан мотт мел мехала бу? Ненан мотт йозанан мотт бу, вайн махкахь йозанан меттан Iуналла до аьлла хетий хьуна?
– Муьлхха Iедал долуш ца динчул сий деш ду вай хIинца ненан меттан. Вайн паччахьа Кадыров Рамзана пачхьалкхан мотт бу аьлла, дIакхайкхийна бу нохчийн мотт вайн республикехь, оцу тIегIане и кхачорхьама деш гIуллакхаш а ду.

Билгалдаккхар. Кадыров Хасайн вина 1968-чу шеран октябрь беттан 17 дийнахь Курчалойн районан Хоси-Юьртахь. 1999-чу шарахь чекхъяьккхина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Исламан институт. 2008-чу шарахь Шемахь Iарбийн меттан стажировкехь хилла. Карарчу хенахь Нохчийн Президентан гIоьнча ву. 
Къамел дIаяздинарг – БАКАЕВА Асет.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2