Шеварднадзе Софи:
– Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан, оха доккха баркалла боху хьуна тахана хьо тхоьца цхьаьна хиларна. ХIинца Къилбаседа-Кавказан республикаш федеральни цхьана округехь цхьаьнатоьхна. Цу тIе цуьнан куьйгалхо хIоттийна граждански, Сибирера волу стаг, цуьнан вице-премьеран статус а ю.  Оцу дерригено а хIун хийцамаш бийр бу аьлла хеташ ву хьо? Хьуна хьайна вевзаш вуй и стаг?  
КАДЫРОВ РАМЗАН, Нохчийн Республикан Президент: – Суна иза вевзаш ву. Цуьнгара хIун хиларе хьийса деза. Тхо хьуьйсу тхан регионаш билггала экономически кхиоре. Нохчийн Республикан Президент хиларе терра, сан ала йиш ю тахана тхуна экономика коьрта некъ хилар, тхуна цхьа а маьIна долуш дац иза Сибирера я Питерера, Москвара хилар. Коьртаниг ду иза дика куьйгалхо хилар, цуьнан адамаллин дикаллаш хилар. Цо регионехь болх а бина, предприятешна а, организацешна а тIехь куьйгалла а дина, система а евза. Важадолчунна тIехь оха массара а гIо дийр ду цунна. Цу тайппана, цуьнан статус а ю, цуьнан дарж а ду, цу тIе нагахь санна цунна цуьнан даржаца цхьаьнайогIуш йолу бакъонаш лахь, тIаккха Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионаш зазадоккхуш, хьалхарчу рогIехь экономически декъехь зазадоккхуш хир ю.
– Дика ду. ХІетте а, и стаг Кавказера цахилар дика ду, я вуон ду?     
– Иза чIогIа дика ду. Нагахь санна тхан Iадаташца, Кавказан гIиллакхашца, нагахь санна иза гIебарто велхьара, кхиберш цунах хьоьгуш, эмгараллин юкъаметтигаш йолуш хир бара… Цуьнга диллича дика ду иза Кавказера цахилар. Дика ду иза инарла воцуш а, иза хIоттийнехьара эр дара: инарла хIоттийна дозанца йолчу пачхьалкхашца гIоьртина юкъаметтигаш хиларна, цундела цхьана хIуманна кечам беш бу. Ткъа иза цIенна экономически амал йолу стаг ву, цуьнан алсам ю экономикан дикаллаш. Тхуна гIолехь ду кхузара воцуш, арахьара стаг хилар.
– Амма хьан а, Кавказан республикийн кхечу куьйгалхойн а шайн хьежар ма-ду шайн республикийн экономика муха меттахIотто еза бохучуьнга. Ткъа нагахь санна и хьежар цуьначуьнца цхьаьна ца дагIахь, цхьаьнадогIуш дерг муха карор ду хьуна?
– Ас къамел дина цуьнца. Цо шен хьалхара командировка Нохчийн Республике хир ю элира. Цунна республика а, регион а евзар ю, тIаккха цунна хуур ду хIун гIуллакхаш дан деза. Со тешна ву иза ларориг хиларх, хIунда аьлча иза регионан куьйгалхо хилла ву. Красноярски регион Россин Федерацехь уггар йоккха регион ю. Нагахь санна иза тхуна гIо деш а, накъосталла деш а хилахь, оха иза къобалдийр ду. Нагахь иштта ца хилахь, тIаккха оха эр ду: ишттаниг тхуна стенна оьшу. Тхешан ойла а, юьхьарлаьцна некъ а боцуш, Кремло хIиттийнарш ма дац тхо а. Сан дахаре сайн хьежам бу. Со сайн халкъана гIуллакх деш ву, цундела со болх беш хир ву. Сайна цхьа хIума ца дезча, сан муьлххачу а хенахь ала йиш ю: «Суна иза ца деза».
– Дукха хан йоццуш Президента элира, хIинцалерчу политически системина либерализаци яр оьшу. Нагахь санна хIокху тIаьхьарчу хенахь Къилбаседа Кавказан республикийн куьйгаллин парте хьаьвсича, цигахь хаалуш ду советски хотIехь долу жамIаш – 90 процент харжамхоша гIо лоцу куьйгаллин партин. Цо стенах лаьцна дуьйцу? Иза партин билггала болуш болу ницкъ бу? Я иза кхин харжам цахилар ду? Я цо Къилбаседа Кавказехь оппозицина чолхе хилар гойту?
– Хьажал, йолуш йолчу ерриг а партешка. Суна хетарехь, йолуш ю билггал болх беш йолу халкъан «Единая Россия» парти а, важаерш а.
Билггал гІуллакхаш деш ю халкъан Іедалан парти, партис массанхьа а дакъалоцу – республикан социальни дахарехь а, политически дахарехь а, экономически дахарехь а. Цо шен болх дІахьо гІиллакх-оьздангаллехь, ийманехь кхеторан а, кхиоран а нийсачу новкъа.  И парти дийнахь а, буса а республикан дахарца, цуьнан проблемашца, нийсачу некъашца ехаш ю.
Важайолу партеш гучуюьйлу харжамийн хенаш тІекхаьчча. Цхьаъ бехкевар – иза уггар аттаниг ду. Ткъа цхьа хІума дан хала ду. Юкъараллин-политически ерриг а  партеш декхарийлахь ю цкъа хьалха шаьш гайта, шаьш мича механ ю гайта, пачхьалкхан, я регионан Іедална Іиттарш а ца еш, цунна лен а ца луьйш, мелхо а цунна гІо а деш. ТІаккха харжамашкахь цаьргахьа адамаша кхаьжнаш тосур ду, партийн тхьамданаш тІеоьцур бу хила ма-безза болу политически деятельш хиларе терра. Вуьшта, уьш хІумма а ца деш, дуьххьалдІа хабарш дуьйцуш бу.
– Ахьмадан Рамзан, цхьа шо гергга хан ю шу долчохь контртеррористически операцин раж дІаяьккхина. Хьуна стенца го маьршачу дахаран билгало? Иза керла болх, я керла гІишлош йина, меттахІоттийна гІала, я дуьххьалдІа адамийн ойланашкахь хилла хийцамаш бу?
– Иза-м хІора нохчичо шега сатуьйсург ма-дуй – тІом чекхбалар, бомбанаш ца лелхийтар, Соьлжа-ГІаларчу аэропортера кеманца кхечу пачхьалкхашка даха тхан таро хилар, тхо долчу хьеший бахкар, дозанал арахьара спортсменаш, культуран а, политически а деятельш бахкар. Иза хІора нохчичо шега сатуьйсуш дерг ду, массарел а чІогІа цуьнга сатуьйсуш ву со.
– Ахь дийцира Кавказерчу боевикийн Малхбузехь баккхий спонсорш хиларх лаьцна. Террористийн гІо лоцуш дерш хІун адамаш ду?
– Церан цІерш ца евза суна, амма йолуш ю Россин Федерацин хІокху суверенни пачхьалкхашна дуьхьал юкъаюьйлуш йолу пачхьалкхаш. Уьш США-н Іедална кІел йолу малхбузен пачхьалкхаш ю. Царна тІедиллина декхар ду Росси малъяр а, йохор а. ХIунда? ХIунда аьлча царна мостагIа оьшу. Царна хаьа Кавказера адамаш сийлахь-Воккхачу АллахIах тешаш дуйла, тхо бусалбанаш дуйла, тхо терроризм езаш, тIеоьцуш ду моьтту царна. Моьтту нохчий Советски Союзана дегабаам болуш бу, тхо Россина дуьхьалдовла кийча ду, хьалхара а, шолгІа а тІемаш оха дІаболийна.
Исламах дерг аьлча, иза терроризмаца цхьа а юкъара хІума долуш дац. Исламе, шариIате, джихаде болу кхайкхамаш санна долчу гIуллакхех лаьцна дуьйцуш болчеран дай цкъа а ламаз деш а ца хилла. Церан ден дай а ца хилла цкъа а ламаз деш. Уьш гуттар ямарт хилла исламца а, ткъа иштта тхан гІиллакхашца а, Іадаташца а. Масала, схьаэцал Умаров Докка – иза шен дерриг а дахарехь зуламхо хилла. Масхадов шен дерриг а дахарехь эскарехь гIуллакхдеш хилла, цо цкъа а ламаз ца дина, цІаьххьана джихІаде кхайкхамаш бан волавелира иза. Изза ала мегар ду Дудаевх лаьцна а.
– Хьуна хетарехь, нохчийн террористаш Аль-Каидица боьзна буй?
– Аль-Каида хьан вовшахтоьхна? Іамаркан Цхьаьнакхеттачу Штаташа! США-с дахар делла цунна. Іамарко цунна дош делира Ирак я ОвгІан дІаяла, амма цара кхочуш ца дира шайн дош. ТІаккха Бен Ладен царна дуьхьал гІуллакх дан волавелира. Цара бухабиснарш Кавказе хьовсийра. Иштта кхоллаелира Аль-Каида. Ма-дарра аьлча уьш Аль-Каидера бу. Ца хилча цара вайга кхайкхамаш бийр бара. Ткъа иза цкъа а ца до. Умаровс цкъа элир-кха нохчийн халкъ шен мостагІа ду. Муьлхачу дикане сатуьйсуш ву иза, тхан халкъ шен  мостагІа ду аьллачул тІаьхьа? Аль-Каидин шен идейш ю. Уьш дегабаам бина адамаш ду. Цара Іамаркехьа тІемаш бина, Іамарко кхоьллина уьш. Амма ша делла дош кхочуш ца дина. Иза ду дерриг а. Дерриг а цунах доллуш ду.
– Господин Президент, цхьадолчу гIуллакхаша эшам бина Нохчийн Республикан сий-ларамна. Масала, хІара тІаьххьарлерниг – евзаш йолу бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья ер. Оцо Іадийна Малхбузе. И гІуллакх таллар муха дІадоьдуш ду?
– Эстемирова ейтира Политковская а, Литвиненко а йийначара. Со билггал тешна ву иза Березовскийн болх хиларх. Политковскаяс гуттар а дуьйцура Нохчийчоьнах лаьцна. Республикехь дерриг а тоделла дІахІоьттина, тхо цхьана а хІуманна тІехь бехкедан хІума ца хилча, чІогІа бегІийла хан хІоьттира иза ен а йийна, система талхорхьама, бехк Кадыровна тІебилла.
Таллам дІабоьдуш бу. Со тешна ву иза ер прокуратуро толлург хиларх. Тхуна уггар мехалниг ду оцу зуламна жоьпалле верг мила ву хаар. Оха хьалха а дийцира тхан республикехь теракташ а, зуламаш а, нах лечкъор а цахиларх лаьцна. Оха иза оллушехь, Эстемирова йийра, цул тІаьхьа йийра Садулаева Зарема, правительственни йоцчу организацин белхахо. Цул тІаьхьа бийра оьрсийн доьзал. Ткъа и дерриг а зуламаш дира йоццачу юкъана. Цул тІаьхьа хІун ала деза ас?
Оха талла дезаш долу уггар доккха зулам ду иза. Цул сов, каро безаш бу тхан хьалхара Президент верна бехке берш. Дуккха а хан дІаяьлла, ткъа зулам динарг хІинца а Іораваккхаза ву. Оха дан тарлуш дерг дерриг а до нах байар ницкъ ма-кхоччу сиха Іорадахарна.
– Къилбаседа Кавказехь бакъонашларъярхо хила мел хала ду? Царна-м бен а ма даций шаьш хьан дойу бохург. ХІуъа а дийцича а, церан болх чІогІа кхераме бу.
– Тхан республикехь чІогІа дукха ю бакъонашларъяран организацеш. Социальни гІуллакхаш лелош берш шайн дахар дІанисдеш бу, кхечарначул царна кхерам алсам бу аьлла ца хета суна. Цара къамелаш до, цхьа хІумнаш  дийцаре до, кхидерш бехкедо. Сан коллегаш гуттар соьга хаттарш деш хуьлу церан балхах лаьцна, цара хІора дийнахь телефон етта соьга, экономически, цхьана кхечу чолхечу гІуллакхех цхьа хІума дан мегар дацара-те, бохуш дІахьедеш. Ас «Мемориале» дийхира масех гІуллакх цхьаьна вовшахтохар, ас цаьрга хаьттира царна мехала хІун ду: халкъан проблема кхочушъяр я тхо бехкедар? Ас цаьрга дийхира цхьаьна гІуллакхаш дар.
Ас вовшахтуьйхира комитет, Эстемирова Наталья цуьнан председатель хІоттийра, ткъа Кучиев Соьлжа-ГІалин мэран заместитель вахийтира. Амма Н.Эстемирована болх бан ца лиира. Иза болх цабан бехказлонаш  леха йолаелира... Иза Малхбузера ахча эца йолаелира. Церан Іалашо яра тхох лаьцна алссам дийцар а, алссам ахча эцар а. Царна ахча лора тхан проблемех лаьцна цара дийцарна. Оха цаьрга бохура – вайн проблемех лаьцна мохь бетташ хІунда дуьйцу аш, нагахь санна уьш дІаяха гІерташ тхо хилча? Цуьнан дуьхьа дехаш ду тхо, цунна ло тхуна алапа. Нагахь санна тхо цхьа аьтто боьхна делахь, цунах лаьцна дерриг а дуьненна мохь хІунда бетта?
Нагахь санна цхьана дакъошкахь кхачамбацарш делахь, царна тІе тхан тидам бахийта, нагахь санна тхоьгара цхьа ледарло яьллехь, цунах лаьцна ала я язде тхоьга. Нагахь санна проблема кхоллалахь, цара оцу сохьта  цунах лаьцна дерриг а дуьнене дІахоуьйту. Ткъа Іамарко Иракехь цхьа а бехк боцу адамаш дойуш хилча, я ОвгІанехь цхьа а бехк боцу адамаш дойуш, я царна ницкъ беш таІзар деш хилча, – бакъонашларъярхой бист ца хуьлуш Іа. Нохчийн Республикехь зулам деш хилча я доьзалехь ницкъ баран кепехь цхьа хІума хилча, гуттар а дерригенна а Кадыров бехке хуьлу. Миллион стагах жоп дала йиш яц сан. Зуламаш хир ду, зуламаш хуьлуш ду массанхьа а.
– Терроризм – иза дерриг а дуьенан проблема ю, Кавказехь хилла а ца Іаш. Оцу хиламца къийсам латто гІерташ ду дерриг а дуьне. Терроризм юьззина муха дІаяккха лерина ду шу?
– Оха дехха къамелаш дира цаьрца. Тхуна лаьара уьш юха а телевизоре хьийса а, радиога ладогІа а буьйлалойла. Тхан ницкъ кхечира 78 стаг маьршачу дахаре юхаверзо. 2009-чу шеран майхь и гІуллакх дитина оха. Амма цара пайдаийцира кхолладеллачу  хьолах. Тхан ницкъ кхечира 78 стаг юхаверзо, ткъа цара дІавигира кхин а 56 стаг. Царех ах цомгаш нах бу, психически я физически. Масала, бІаьрзенаш. Доцца аьлча, заьІапхой бу. Оцу нахах шахІидаш, террористаш-шаьш-шайн бойурш бина цара. Оха дІакхайкхийна оцу дийнахь дуьйна цаьрца дийцарш дар совцош хилар.
КхидІа цаьрца къамелаш дан ойла йолуш вац со. Уьш кхаьчначохь массанхьа а цІий Іенош ду. Уьш карорхьама, гІуллакхаш деш а ду тхо.
– Маьршачу дахаре юхадоьрзур вай. Малхбузерчу телехьовсархошна уггар чІогІа хаа лаьа цхьа хІума: хьо дукха зударий балорехьа ву, вуй?
– Ву.
– Москва хьайх кхетар хаалой хьуна?
– Цунах дерг ас ца хоьтту цаьрга, хІунда аьлча дукха зударий балоран хьокъехь долу закон тІеэцар хьалхахІиттош тхаьш цахиларна. Иза тхан шира Іадат ду. Тхан исторехь хилла дукха зударий балор. АллахІа бакъо ло бусалбанашна дукха зударий бало. Со дукха зударий балорехьа ву.
Кхузахь хьалхахІутту кхин гІуллакх. Зина дечул гІолехь дац бакъонца йолу йиъ зуда хилар? Зударшна гуттар а хаа шайн майра тахана мичхьа ву, кхана мичхьа хир ву, лама мичхьа хир ву. Ткъа боьршачу стага, ша балхахь вара я кхечанхьа вара бохуш, стаг зина деш лелар магадо бакъонца ши-кхо зуда ялор  зулам лору. Зударий массанхьа а бухкуш бу, цу юкъахь вайн пачхьалкъехь а – дуьйцурш ду официальни а, официальни доцу а зина деш долу цІенош. Адамаша иза лартІехь хІума а лору. Муьлххачу а дега хаттал – хьайн йоІ 50 долларх йохкаялар лартІехь хетий хьуна? Цунна хІун жоп лур ду цо?
Публикацин оригинал: Every Chechen dreams of the war being over – Kadyrov
СОФИ ШЕВАРНАДЗЕ, «ИноСМИ».  
Гочйинарг – С.МАГОМАЕВ.
 

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна