Похожие материалы
Кхайкхам
13:31, 08 февраля 2010г.
Просмотров: 4781
Лараме махкахой! ДуьххьалдIа вайх бозуш бу вайн берийн кхоллам. Нагахь санна шайн цаьрца нохчийн доьзалийн Iадатехь, бусалба динехь хила ма езза юкъаметтиг нислуш яцахь, арахьара тIеIаткъам хилар бахьанехь, тхо кийча ду шуьга гIоьналлин куьг кховдо. Нохчийн халкъалахь доьзалан мехаллаш, сий-ларам мел чIогIа хуьлу хаарна тхан шеко яц аш тхан гIо тIелоцург хиларх. Вайна хийра, мостагIалле йолчу идеологих а Iехабелла, адамаш дайъаран некъа тIе хIиттинчу кегийчу наха бала а, гIайгIа а, сингаттам а бан тарло шайна гонаха болчарна. Церан декъазчу харжаман чаккхенан жамI муха хила тарло те бохучун ойла ейша!
Шун бераш кIелхьарадахарехь, уьш адамашна хила хьакъ долчу маьршачу дахаре юхадерзорехь шуна даима а гIоьнна кхача кийча ду тхо. Дас-нанас шайна тIехь долу декхар жоьпалла доцуш кхочушдаро доьзална бохаме тIаьхье яла тарло.
Сема хилалаш! Нагахь санна шайн берийн леларехь, амалшкахь шаьш реза доцу, амма шу шаьш цаьрца ларош доцу, хийцамаш хаалахь, тхоьга хаам бе.
Вай цхьаьна лардийр ду вайн бераш!
Тешаман телефонаш: 8928-476-19-60, 8928-476-25-84.
Дала аьтто бойла вайн!
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Рамзан
Аллах1а аьтту бойлакх вай массери а...
Доьзал бохург докх х1ум ду,
хьашт доцче и доьзал ца кхидийта чохь 1амо беза доьзал.
Аллах1а аьтту бойла... дика йазйина статья йу, нис дерг боху...
См. также