доллар    56.51 $
евро 63.2 €
27 мая, 16:45
Погода в Грозном +21 в Грозном

ХЬАЬЖ А, IУМРАТ А ДАР

9 февраля в 15:39 (2010 г.)
Хьаьждар – иза Исламан арканашха (дакъошха) пхоьалгIа рукна ю. Лекха волчу Дала аьлла: «Делан дуьхьа ХьаьжцIа вахар фарз ду, цига ваха некъана ницкъ кхаьчначунна». (3-гIа сурат; 97-гIа аят) Пхийттара ваьллачу хIора бусалбанна тIехь ду хьаьждар, иза хьекъал чохь а, дегIехь могашалла йолуш а велахь, некъ маьрша а белахь ша кхобуш болчу доьзална ша цIа верззалц тоьар долу напгІа охьадиллинчул тIаьхьа, ХьаьжцIа дIаваха а, юхаван а рицкъа  делахь. Шен дахарехь цхьа хьаьж дича фарз тIера долу, цул сов динарг, фарз аьлла доьхкуш делахь а, суннат ду.
Хьаьждар тIехь дац алар керстаналла дар ду. ХьаьжцIа ваха шен ницкъ боллушехь, ца воьдуш Iер даккхийчех къа ду.
Хьаьждар санна фарз ду Iумратдар а.
Хьаьждаран дозалла дуьйцуш Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш ду. Царах цхьадерш хIорш ду:
«Делан, Веза-Сийлахь ву Иза, дуьхьа хьаьждинарг, цигахь зудчуьнца цхьаьна  Iер а доцуш, Iеса хилар а доцуш, ша нанас винчу дийнахь санна (къинойх цIена волуш) цIа вирзина».
(Бухарий, Муслим)
«Iумрат – вукху Iумрате кхаччалц, царшинна юкъахь летийна долу къинош дIадойуш ду, къобал хилла долу хьаьж – цунах йолу ял ялсамани ю».
(Бухарий, Муслим)
ХЬАЬЖ, IУМРАТ ДАРАН  МАЬIНА
Лекха волчу Дала Шен лешна хIоттийна долу  шарI (закон) дерриге а царна пайденна хьовзийна ду – дуьненна а, эхартна а. Иштта ду Хьаьждар а, Iумрат а.
 Хьаьждечуьнан уггар хьалхара Iалашо – фарз кхочушдарца Дела резавар ю. ТIаккха цигахь гIурбанаш деш, сагIанаш дохуш, мела баккхар а мискачу нахана гIодар ду,бусалбанаш цхьаьнакхетар ду. Делан шарIо хIора дийнахь пхоьазза жамаIатан ламазехь гулбо уьш, хIора кIиран чохь рузбанан ламазехь, хIора шарахь, дуьненан массо маьIIера – ХьаьжцIахь.
 Тайп-тайпана мехкашкара, тайп-тайпана меттанаш дуьйцу нах, ХьаьжцIенна гонаха цхьатерра доIанаш деш, цхьабосса ламазаш деш, тIаваф деш, цхьаъ хуьлий дIахIуьтту. Шайн ийманан вежаралла карладоккху цара. Сийлахь йолчу Маккин хьарамехь, хьалдолуш верг, мисканиг ца къестош, шайн яххьаш къилбанна (КаIбатна) тIеерзайой, дегнаш Далла  тIедерзадой, Цуьнан къинхетаме дог дохуш, шайна гечдар доьхуш, Иза резаван гIерташ къахьоьгу цара. Шайн дай хилла болчу пайхамарийн (Делера салам хуьлда царна) хьелаш дагалоьцу цигахь хьаьжоша: ХьаьжцIа хьаладоьттина волу ИбрахIим а, цуьнан кIант ИсмаIил а (Делера салам хуьлда царшинна),  ХьаьжцIа карладаьккхина волу, цуьнан пенах болу Iаьржа тIулг шен метте дIабиллина волу, ХьаьжцIенна гонаха хилла долу тIулгех дина сурташ, шен карара гIаж Iуьттуш, охьаэгийна волу Делан Элча Мухьаммад а (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), Сафаний, Марватний юкъахь дIасауьдуш, шен кIантана ИсмаIилна (Делера салам хуьлда цунна) хи лехна йолу ХIажар а (Дела реза хуьлда цунна),
Мина бохучу меттехь ИбрахIима а, цуьнан кIанта ИсмаIила а (Делера салам хуьлда царшинна), Делан омранна муьтIахь хилла, шайтIанна дуьхьал а ваьлла, цунна тIулгаш детташ хилла хилар а дагалоьцу.
 Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iарафатехь дешна долу шен тIаьххьара хутIба (хьехам) дагалоьцу: «ХIай нах, шун Дела цхьаъ ву, шу дерриге а Адамах (IалахIис-салам) схьадевлла ду, Адам лаьттах кхоьллина ву, Iаьрби гIоле вац кхечул, Делах кхерарца бен. Сол тIаьхьа, цатешарш санна, вовшийн хIаллакдеш ма хилалаш», бохуш хилла долу.
 Некъан халонаш лан дегI Iамор, собар, гIиллакх, оьздангалла, нахаца тарвалар Iамор хуьлу цигахь. Син цIеналлехь, сагIина комаьршаллехь, Делах кхерар тIехь шайн Iамалш тоярехь лакхадовлар хуьлу.
ХЬАЬЖДАРНА А, IУМРАТНА А
ЮКЪАХЬ ЙОЛУ БАШХАЛЛА
Башхалла хенашкахь а, цхьайолчу Iамалшкахь а ю.
Хенашкахь йолу башхалла:
1. Хьаьждаран хенаш билгалъяьхна ю: Шавваль, Зуль-КъаIдахI, Зуль-ХьиджахI беттан хьалхара итт де  ду.
2. Iумрат даран хан – Iумратах къастийна дихкина долчу (ифрад) Хьаьждаран денош доцург, дерриг шо ду.
IАМАЛШКАХЬ ЙОЛУ
 БАШХАЛЛА:
Хьаьждарехь долу Iарафатехь латтар а, Муздалифатехь а, Минахь а буьйса яккхар а, тIулгаш кхиссар а Iумратехь дац. Цундела олу Iумратах жима Хьаьж.
 Iумратан Iамалш хIорш ю: Хьаьж, Iумрат доьхкучу метте (Iайшатан маьждиге, масала) дIакхаьчча, лийчар, ихьрам дехкар (нийят дина, ихьрам духар), ихьрам дехкаран шиъ ракаIат суннат ламаз дар, тIаваф дар (Хьаьжин цIенна ворхI гуо баккхар), СаIъю дар (Сафа, Марват олучу шина ломана юкъахь ворхIазза дIасавахар), корта башар я месаш яцъяр.
ХЬАЬЖ, IУМРАТ ДЕХКАР
КХАА ТАЙПАНА ДУ:
Хьалхарниг – Ифрад (къастор) ду: иза, нийят дина, хьаьждехкар ду. ТIаккха, хьаьждаран Iамалш кхочушйина ваьлча, юха Маккин хьарамера араваьлла (Iайшатан маьждигехь, масала) Iумрат дехкар ду.  Цул тIаьхьа вай лакхахь хьахийна йолу Iумратан Iамалш кхочушъяр ду.
ХIара Ифрад ду, хьаьж а, Iумрат а вовшах къастийна дар ду. Кхаа тайпанах уггар дезаниг ду хIара.
ШолгIаниг – ТаматтуI (паргIато хьегар) ду: Иза, хьалха нийят дина, Iумрат дехкар ду. ТIаккха, Iумратан белхаш бина ваьлча, ихьрам дехкарх дIаваставалар ду. Цул тIаьхьа я Маккара, я ша Iумрат дихкинчуьра хьаьж дехкар ду.
Хьалха Iумрат дихкина, тIаккха ша хьаьж дехкале ихьрамах дIаваставеллачух, цу шинна юкъахь ша паргIато хьегарна гIуда (уьстагI бер) хьаьрча. УьстагI бен таро йоцучо марханаш кхобур ду – 3 (кхоъ) цигахь, 7 (ворхI) цIа веача. ХIара таматтуI, шен дозаллехь ифрадал тIаьхьа ду.
 КхоалгIаниг – Къиран (хоттар) ду: Иза хьаьж, Iумрат цхьаьна дехкар ду, ший а цхьаьна кхочушдар а ду. Хьаьж, Iумрат цхьаьна хоттарна а цIий даккхар (уьстагI бер) тIедужу. Меле диллича, ифрадал а, таматтуIал а тIаьхьа ду хIара Къиран.
Иштта хьаьж, Iумрат дечо лардан дезаш фарзаш, важибаташ, суннаташ, адабаш (гIиллакхаш) ду. ХIора бусалбанна тIехь ду шахIадат, ламаз, закат, марха, хьаьж Iамор. Шена хуучу маттахь уьш дуьйцу жайнаш дешар, цул тIаьхьа шен хааршца Iамал яр, цахуучунна хьехар. Лекха волчу Дала Iилма а, динехь кхетам а лойла вайна. Ва соллаллахIу Iала расулихIи Мухьаммадин ва Iала алихIи ва сахьбихIи ва саллама. Амийн, валхьамду лиллахIи раббил-Iаламийн.
Муртазаев С.



{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет