Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь волу юьззина бакъонаш йолу векал Хлопонин Александр шен балхахь Нохчийн Республика коьртачу тидамехь латто ойла йолуш ву. Цунах лаьцна Нохчийн Республикан Президенте хаам бира Нохчийн Республикан Правительствон Председатела О.Байсултановс.Хьан дІадолорца А.Хлопонинца хиллачу цхьаьнакхетарехь векала билгалдаьккхира Нохчийн Республикана дан оьшу гІо дийриг хилар, хІунда аьлча иза цхьанаэшшара сиха кхуьуш йолу регион хиларна. Цо билгалдаьккхира республикана зеделларг округан кхечу регионашна а довзуьйтург хилар, – элира О.Байсултановс.
Правительствон куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира Нохчийн Республикан проблемаш А.Хлопонинна евзаш хилар.
– Оха дийцаре дира республика кхиорах лаьцна долу гІуллакхаш. Ас цуьнга дІаделира республика экономически кхиорхьама кхочушдан дезаш долу проблемийн 40 гІуллакх. А.Хлопонина дийцарехь, кхидІа вайн республикехь хир долчу рогІерчу цхьаьнакхетарехь йовзуьйтур ю билгалдаьхна долу декхарш кхочушдаран билггала предложенеш, – элира О.Байсултановс.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира юкъадаьхна долу гІуллакхаш республика экономически кхиорхьама кхочушдан дезаш хилар.
– Хьалхарчу рогІехь белхазалла дІаяккха еза. Вай дан оьшу гІуллакхаш до цуьнан барам лахбарехьа. Амма промышленни яккхий производствош ца ехкича, агропромышленни комплекс ца кхиийча, и гІуллакх ирачарех цхьаъ хилла дуьсур ду. Вай тешна ду, вайн проблемаш шена евзича, и гІуллакхаш сихха кхочушдарехь Александр Геннадьевича гІо дийриг хиларх.
 

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2