Хьаналчу новкъахь

12 февраля в 17:56 (2010 г.) 4430
Дика адамаш дуккха а ду вайна юкъахь, цара хаздеш, тодеш ду вайн дахар, церан дегнийн хазаллина а, дикаллина а тIехь лаьтташ ду иза. И диканаш бацахьара-м хIара дуьне даьсса хир дара, вуочу адамаша вовшийн хIаллак а дина. Амма Дела вай ийманехь а, Шена муьтІахь а хила лууш ву, адамашкахула, Іаламехула вайна диканиг гойтуш, масал эца гуонаш вайна йовзуьйтуш. Дикачу адамах дош ала гуттар а лаьа, хIунда аьлча цаьргара схьадолу диканиг вайна тамехь хуьлу, цу стагах тардала лаьа вайна, цуьнца гергарло деза вайна. Ишттачу адамех ю Акуева Румиса – «Вести Республики» газетан белхахо, къона зуда. Масех шо ду Румисас цу газетехь корректоран болх бен. Корректоран балхахь меттан  грамматика дика хаарх тоьаш дац, – бохуш, дуьйцу Румисас. – ЦIенна говзаллин хаарш а оьшу цигахь. Ткъа уьш, алссам зеделларг хилчий бен, вовшахкхеташ дац.
Газете балха яле 5-6 шарахь, ладогIархошна кхечу мехкийн меттанаш Iамош, курсашкахь болх бина цо ша ехаш йолчу Хьалха-МартантІахь. Иза а  цунна дукхабезаш болх бара – белхан жамIаш гуш дара, ладогIархойн дика кхиамаш бара. ХIара ша ингалсан а, французийн а меттанийн хьехархо ю, Нохчийн пачхьалкхан университет чекх а яькхина.  
 – Магомадов Iабдуллас хIоттийна леррина методика яра оха болх бечу курсашкахь лелош, – кхидIа а дуьйцу Румисас. – И шатайпа хиларан коьрта билгало яра кхечу мехкийн меттанаш нохчийн маттехула Iамор. И тайпа методика суна гина яцара. Цуьнан дика хилар суна а, сан накъосташна а кестта гучуделира: тхан дешархойн дика а, тIех дика а хаарш дара, меттанаш царна сиха Iемара. «Практический курс английского языка» цIе а йолуш, киншка арахийцира Магомадов Iабдуллас. Иза зорбане кечъечу хенахь аса а дакъалецира.
 – Румиса, газете болх бан муха еара хьо? – олий, хаттар до ас.
 – Тхан курсашкара болх дIабаьллера, тхан, хьехархойн, бехкенна а доцуш. Со белхан меттиг  лоьхуш яра. Цкъа цхьа  кхайкхам бийшира ас, «Вести Республики»  газетина корректор оьшу аьлла. Ас сайн кехаташ чуделира, балха хIотта дагахь. Конкурсехь 16-17 стаг вара дакъалоцуш. Тхоьга диктант а язъяйтира,  цул тIаьхьа нисъян зорба тоьхна тексташ а елира. Цхьа ши де даьлча, газетан белхахочо Катаев Iабдуллас соьга телефон туьйхира, декъалъеш, со корректор схьаэцна аьлла. Иштта дIаболабелира газетехь болу сан болх.
 – Румиса, ахь айхьа а ма язйо газеташка материалаш. Муьлхачу темина хуьлу хьан уьш коьрта долчу декъана?
 – Леррина аьлла, тематика ларъеш, цхьа хIума схьа а лаьцна, язъеш яц сан уьш. Дукхахьолахь сайна бен доцуш долчу хIуманах,сайн дагах кхетачух, сайга ойла йойтуш, сагатдечух яздо ас. Сан уьш муха нисло газетдешархошна дика хуур ду.
Ша болх бечу «Вести республики», «Даймохк» газеташкахь а, кхечу изданешкахь а араюьйлу Румисин материалаш. Уьш хаза, чулацаме хуьлу.
Румиса ша оьзда, гIиллакхе, эхье стаг ю. Шех лаьцна дийца а, яздан а цунна ца лаьа – цу тIехь цуьнан оьздангалла ю гуш. Амма оьзданиг, хьаналниг гайта а, вовзийта а веза. Хьакъ волчух дика дош алар вайн декхар ду.
Белхан накъосташа дика цIе йоккху Румисин, дуьйцу цуьнан хазачу гIиллакхех лаьцна, догцIена, дика адам ду иза олу.
Румисас ша а дуьйцу, балхахь вовшашна гIо деш, вовшашка ларам болуш ду шаьш бохуш. Шена чIогIа дика накъосталла дина, йиша санна, шеца йолчу Насипова Зарганан а, шортта зеделларг а, дика хаарш долчу, дикачу доттагIчун Цакаева Розин а цIераш йоху цо. Цушимма а, кхечара а болх бан Iамош, оьшучохь гIо деш схьаеъна ша, боху Румисас. Шен коллектив а, болх а дукхабезаш, царах дозалла деш а ю иза.
Дукха хан йоццуш йина де хилла Румисин. Даггара иза декъал а еш, ирс а, аьтто а, могашалла а, балхахь кхин а дукха кхиамаш цуьнан хуьлийла лаьа.
А.МУСАЕВ.                                                                                      
Р.Истамуловн суьрта  тIехь: Акуева Румиса.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Румен Радев вступил в должность президента БолгарииРумен Радев вступил в должность президента Болгарии
В мире
Охранника «Газпрома» обокрали на 200 тысяч рублейОхранника «Газпрома» обокрали на 200 тысяч рублей
В России
Р. Кадыров: «Только от Трампа зависит, станем мы в России для него надежными друзьями или нет»Р. Кадыров: «Только от Трампа зависит, станем мы в России для него надежными друзьями или нет»
Власть и политика
«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта
Спорт и здоровье
Рекомендации населению в связи с прогнозом на 23.01.2017гРекомендации населению в связи с прогнозом на 23.01.2017г
Происшествия
Рамзан Черхигов: «Единая Россия» отвечает интересам граждан страныРамзан Черхигов: «Единая Россия» отвечает интересам граждан страны
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: