доллар    57.37 $
евро 67.44 €
17 октября, 14:40
Погода в Грозном +16 в Грозном

Семинар концерт йоцуш йирзира амма цо цуьрриг лах ца дира цуьнан маьIна

17 февраля в 12:02 (2010 г.)
ХIокху деношкахь Хьалха-Мартан районан Iалхан-Юьртарчу культуран дворецехь дIаяьхьира районан культуран белхахойн семинар. Цуьнан тема яра «Кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехь Культуран министерствон учрежденийн маьIна». Семинаран балхахь дакъалецира Нохчийн Республикан Правительствон Председателан заместитела Магомадов Лоьмас, Нохчийн Республикан культуран министра Музакаев Дикалус, Кегийрхойн комитетан председатела Тагиров Мурата меттигерчу администрацин векалша, юьртан бахархоша. ХIора юрт а, юьртара культуран учреждени а нохчийн къоман ламасталлин культура, цуьнан син мехаллаш меттахIитторан шатайпа кхерч хилла дIахIотта еза, билгалдаьккхира шен къамелехь Магомадов Лоьмас. Хууш ду, Нохчийн Республикан Президента а, Правительствос а юьртан бахам кхиорна тIе мел боккха тидам бохуьйту, цуьнца цхьаьна дIахьош ду ярташкарчу культуран учрежденийн белхан хьелаш тодар а, церан болх айар а.
– Культуран министерствона юкъайогIуш ю филармони, 4 театр, хелхарийн 4 ансамбль, вокальни тобанаш, хIора юьртахь бохург санна, культуран цIенош, библиотекаш, иштта кхин а культуран учрежденеш. Тхан коьрта Iалашо искусствон ницкъаца кегийрхой ийманехь кхетош-кхиор ю. Оцу декъехь дуккха болх а бо. Шен  шатайпа культура йоцуш къам хуьлийла дац, ткъа культуран бух ненан мотт бу, цундела ерриг ойла и айарна тIеяхийта еза. Маттана херадевлча, вешан гIиллакхашна, оьздангаллина херадовлу вай, – билгалдаьккхира Музакаев Дикалус шен докладехь. Цо хаийтира «Ноев ковчег» дуьненаюкъара кинофестиваль кху шарахь а дIахьуриг хилар.
Бахархошца культуран-серлонан, кхетош-кхиоран болх вовшахтохарехь доккха зеделларг ду Iалхан-Юьртарчу Культуран цIийнан белхахойн. Дукха хан йоццуш, капитальни ремонт йина, тодинчу цу чохь хьалхалерчу жигараллица шайн болх дIаболийна коьртехь Солтымурадов Iайнди волчу культуран белхахойн коллективо. Мел меха ю кхузара мохкбовзаран музей. Шайн юьртах лаьцна дуьйцу эзарнаш тоьшаллаш гулдина Iайндис а, цуьнан накъосташа а. Кхузахь сих-сиха хуьлу яздархошца, Iилманчашца, бевзаш болчу юьртахошца цхьаьнакхетарш. Семинаре гулбеллачарна чIогIа пайдехь дара Культуран цIийнан белхан зеделлачух долу I.Солтымурадовн къамел.
Дийцаре дан леринчу гIуллакхехула чулацаме дагадовларш хилира семинарехь. Цуьнан болх берзош концерт хила езаш яра, исбаьхьаллин самодеятельностан артисташ а кийчча бара, амма концерт ца хилира. Концерт юкъахйитаран бахьана а довзийтира – лулахь керла даьлла тезет хилар. Семинар концерт йоцуш ерзарх гулбеллачарна вас-м муххале а ца хилира, мелхо а гIиллакх-оьздангаллин масал гар хилира.
Лулахь тезет даьлча, шен кертара ловзар сацош ма ду вайн.
ХЬ.АБАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет