доллар    56.62 $
евро 63.54 €
23 мая, 08:09
Погода в Грозном +14 в Грозном

Яздархочун керла киншка

17 февраля в 12:15 (2010 г.)
Зорбанера араяьлла Нохчийн Республикан халкъан яздархочун Ахмадов Мусан гулдинчу йозанийн рогIера 3-гIа том. Цу тIехь автора тайп-тайпанчу шерашкахь язйина драматически произведенеш ю. Царах цхьаерш, масала: «Мохк бегийча», «Марчо эца вахнарг», «Ша тIехь йина гIала», «Берзалой» театран сцени тIехь хIиттийна ю. Нохчийн театраша хIиттийна ца Iаш, гIалгIайн а, лезгинийн а, французийн а (Парижехь) театрашкахь хIиттийна Ахмадов Мусан пьесаш. Шен къоман дозанашкара аравалар боккха кхиам бу авторан. Цу гIуллакхо гойту цуьнан драматически произведенийн чулацам кхечу къаьмнийн хьовсархошна уллера а, кхеташ а хилар. Автора сценина лерина кхоьллинчу произведенийн шуьйра диапазон ю – йоццачу комедина тIера йоккхачу драмина а, трагикомедина а тIекхаччалц.
Чолхе, масех декъах долу суртхIоттораш, яккхий монологаш, пьесин дуккха а турпалхой цхьана суьртехь дакъалоцуш болуш меттигаш  кIезиг нисло авторан произведенешкахь. Делахь а драматически произведенийн классически кепах ца вуху иза  – ша хаьржинчу жанран цхьаалла  цо леррина ларйо.
Шен дукхахйолчу комедешкахь гротеск ялайо автора, суртхIотторан кеп санна. Цуьнгахула цуьнан аьтто бу хуьлуш дерг, билггал бакъ а доцуш, айина далорехь къаьсттина беламе гайта. Масала, «Ша тIехь йина гIала» пьесехь гротеск алссам нисло. Коьртачу турпалхочо Исрапила, шен  девашас йийначу берзан цIога нахе мехах лело  а луш, фирма кхоллар гротескан кеп ю. Кхечу пьесашкахь а говза ялайо автора и прием.
Къаьсттина билгалдаккха деза, Ахмадов Мусан драматически произведенешкахь хезаш берг «дийна», тахана халкъо буьйцуш болу мотт хилар. Цо хаздо чулацаман хатI, турпалхойн амалш къеггина гойту, маттехула долу суртхIоттор хаздо. Авторна дика евза фольклор, цо Iаламат дукха кицанаш, говза аларш, хьекъале дустарш  даладо шен  пьесашкахь. Цара, шеко йоцуш, меттан хазалла тойо. «Алдара Ушарма» – драма: «…Дала къобалдойла церан кIайн гIазот!», «ХIуй кхайкхош, юьртах ваккха…», «…сагIано дIаойу бала», «Ша тIехь йина гIала» – трагикомеди:  Исрапил: «…Даьдиса, ма борз хиллера моьтту хьуна Брежнев! Ма атта бехара нах… Ткъа хIинца, хьуна ма-хаъара, базар-мазар, Шахрай-махрай, ваучер-баучер, Гайдар-майдар, бизнес-мизнес, вирголаш-гIундалгIеш...», «Цхьана берзан цхьаъ бен ма ца хуьлу цIога», «..катоххий хьайн баргалех шад бе ахь».
Шеко йоццуш, Ахмадов Мусан гулара юккъера керла киншка доккха совгIат ду ешархошна, авторан тоьлла йолу пьесаш хиларал сов, киносценари а ю цу тIехь – «Зингатийн барз ма бохабелахь» цIе йолчу шен повестан буха тIехь язйина цо иза. Цу балхо  а гойту автор массо а хенахь кхоллараллин лехамашкахь хилар.
А.МУСАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет