доллар    56.51 $
евро 63.2 €
28 мая, 19:34
Погода в Грозном +22 в Грозном

Итт шо – хелхарийн шовкъехь

19 февраля в 15:34 (2010 г.)
Селхана Соьлжа-ГІаларчу театрально-концертни залехь хилира «Даймохк» хелхарийн ансамблан 10 шо кхачарна лерина даздарш. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана. Къоначу ансамблан коллектив итт шо кхачаран юбилейца декъалдеш, Р.Кадыровс билгалдаьккхира: «Культура ца хилча, къам дац», – олура вайн хьалхарчу Президента. Цуьнан весет кхочушдеш, цо билгалбина некъ дІакхехьа гІерта вай. Тахана тІом бац республикехь и дІаберзорехь шен дакъа ду «Даймохк» ансамблан а. Шен башхачу хелхаршца  ансамбло дерриг дуьненна а довзуьйтура вайн къам, дикачу агІор хуьйцура вайх йолу харц ойланаш. Вайн бераш дахарх, дуьненах самукъадолуш хила деза, церан дахар хаздар, тодар – и ду вайна гІазот даккхар.
Хелхар Іамо хала ду. Доккха доьналла, собар ца хилча и лела а лур дац.  Суна даггара баркалла ала лаьа Ахмадов Рамзанна, берийн лаккхара говзалла йолу ансамбль вовшахтоха цуьнан ницкъ кхачарна.
Юбилейца ансамбль декъалйира «Вайнах», «Башлам» хелхарийн ансамблийн, кегийрхойн «Серло» театран коллективаша.
Ишттачохь догІуш ма-хиллара, совгІаташ дар а хилира.
Россин Федерацин халкъан артистан сийлахь цІе елла Ахмадов Рамзанна. Нохчийн хореографин искусство кхиорехь «Даймохк» ансамблан доккха дакъа хилар билгалдаьккхира ансамблан коллективана «Нохчийн Республикан дуьхьа хьуьнаршна» мидал яларца.
«Нохчийн Республикан халкъан артист» сийлаллин цІе елла Эльдиев Іадина, Межидов Сахьабна. «Нохчийн Республикан искусствийн хьакъволу деятель» цІе елла ансамблан коьртачу балетмейстерна Ахмадова Айзина. Дуккха а белхахошна совгІаташ дира Президентан Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а. СовгІаташ дІаделира Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана.
Ахмадов Рамзана даггара баркалла элира республикан куьйгалхочунна шайн кхоллараллин белхан иштта лакхара мах хадорна.
Гулбеллачара резахиларца тІеийцира «Даймохк» ансамблан юбилейни концерт.
ХЬ.ХАКИМОВ.  

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет