доллар    57.5 $
евро 67.77 €
20 октября, 20:58
Погода в Грозном +13 в Грозном

Доьзалехь беркат совдалийтархьама

19 февраля в 16:54 (2010 г.)
Кху деношкахь «Грозный-информ» агентствон студехь «горга стол» хилира, доьзалера хьал талхаран бахьанаш а, берийн дола цадар а йийцаре деш.
«Горгачу стоьлан» балхахь дакъалецира Ийманехь кхетош-кхиоран центран» директора Хашханов Вахас, Нохчийн Республикан МВД-н Юкъараллин кхерамзаллин милицин кхиазхойн гІуллакхашкахула йолчу подразделенин хьаькама, милицин майора Кайхаров Муслима, Нохчийн Республикан Къинхьегаман, нах балха дІанисбаран, социальни кхиоран министерствон доьзалан халонийн, ноналлин, дайн а, берийн а отделан хьаькама Мадаева Хадишта, Нохчийн Республикан МогашаллаІалашъяран министерствон ноналлин отделан хьаькама Лечиева Эльзас, Къинхьегаман, нах балха дІанисбаран, социальни кхиаран министерствон белхан меттигаш нисъяран а, лерринчу программийн а отделан хьаькама Керимов ИсмаьІила, Дешаран а, Іилманан а министерствон кхит1е а дешаран а, берийн бакъонаш ларъяран а отделан хьаькама Ибрагимова Зараа, ткъа иштта МогашаллаІалашъяран министерствон ноналлин а, бераллин а департаментан отделан хьаькама Шатиева Раисас.
Билгалдаккха деза, доьзалехь хьал талхор тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна хилар.
– Массо а хенахь нохчаша доьзалехь а, юкъараллехь а бер кхиоран шайн некъаш дІахьора.  
Кхетош-кхиоран тайп-тайпана кепаш: къинхьегаман, ницкъан, оьздангаллин, синмехаллин, эстетически цхьаьнатохарца кхочушдора иза. Шеко йоцуш, иза баккхийчеран масалшна а, халкъан ламасташна а, гІилакхашна а тІехь дІахьора. Доьзалехь хьал талхар беран кхиарехь айпе хІуманаш гучудийларан юьххьехь лаьтташ ду, – билгалдаьккхира Мадаева Хадишта.
Шапиева Раисас дийцарехь, доьзалехь беркат хилар, уггар хьалха, зудчун-майрачун могашаллех доьзна ду.
– Тахана бахархошна юккъехь чІогІа яьржина ю тайп-тайпана инфекцеш.  Царна юккъехь – ВИЧ/СПИД, туберкулез, кхийолу хала цамгарш а. Уьш яржаран бахьанех цхьаъ – бахархойн царах хаамаш цахилар ду. Кху хьолехь, суна хетарехь, шаьш зуда ялоле, маре дале вовшийн могашаллин хьал хаа деза кегийчарна, – бохура Шапиевас.
Ткъа иштта цо билгалдаьккхира, хинболчу нанойн а, дайн а могашалла бераллин хенахь кхоллалуш ю, цундела жимачу хенахь берийн цІийн анализ ян еза, тІаьхьенийн цамгарш гучуяхархьама.
– Хала хеташ делахь а, дукхахболчара тидаме ца оьцу и ладаме талламбар. Ткъа цамгар хьалххе гучуяьлла хилча, цомгашниг тован аьтто бу, иштта ца хилахь, иза заь1апхо хила тарло, – билгалдаьккхира Шаипова Раисас.
Шен рогІехь доьзалшкара хьал тодарна профилактика ярехь шайн ведомствоно бечу балхах лаьцна дуьйцуш, Ибрагимова Зараа дийцира, 2009-чу шеран жамІ деш, къаста а бина, учете хІоттийна  хьал телхина болу 250 доьзал бу, аьлла.
– Дешаран заведенешкахь занятеш кест-кеста юкъахъюьтуш 374 бер ду. Хора берана йолийна психолого-педагогически хьажаран дневник ю. Коьрта тидам тІебохуьйту низам талхорна  наркоманина, кхиазхошна юкъахь низам талхорна, – бохура Ибрагимова Зараа.
Республикехь алсамйохуш ю, дай-наной а доцуш, дахаран халачу хьолехь нисделлачу берашна лерина пачхьалкхан учрежденеш. Кхиазхошна социальни гІо  деш ду реабилитационни центрашкахь.
Къинхьегаман, нах балха дІанисбаран, социальни кхиоран министерствон хаамашца, таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикехь регистраци йина – 173 буона, да я нана доцучу 20 эзар берана, 43 эзар заьІапа берана.
Хашханов Вахас билгалдаьккхира, доьзал – юкъараллин кепара дакъа хилар, шен бухе билггал йолу синмехаллаш йохкуш долу.
– ТІекхуьуш йолу тІаьхье ийманехь кхетош-кхиорна алссам тидам тІебахийта беза. Цу 1алашонца массара а цхьаьна къахьега деза, дай-наноша а санна, республикан  кхочушдаран Іедалан органаша а. Республикан куьйгаллан нийса политика бахьанехь Нохчийчохь оцу балхана оьшу дерриг а хьелаш долуш ду, – элира Хашханов Вахас.
«Горга стол» дІаяьхьира Нохчийн Республикан Къинхьегаман, нах балха дІанисбаран, социальни кхиоран министерствон дІадолорца.
ХАЛИДОВА Танзила.
Р.Истамуловн сурт.  

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет