Кху деношкахь Гикалора юккъерчу ишколехь хилира меттигашкахь  урхалла даран органан куьйгалхо Хачукаев Iибади. Ишколан куьйгалхошца а, хьехархошца а цхьаьна къамел хилира мацах цкъа советан заманахь ишколашкахь хилла йолу дешархойн-производственни практика меттахIотторан хьокъехь.
– Тхан Iалашо ю дешаран а, культуран а, ткъа иштта юьртан берриг бахархой а цхьацца гIуллакхашна тIеберзо, – дийцира I. Хачукаевс. – Дешархойн-производственни бригадаш меттахIоттор массо а агIор пайдехьа хир ду аьлла хета. Цкъа-делахь, къинхьегаман хорше берзор бу бахархой. ХIунда аьлча, хууш ма-хиллара, дIадаханчу 15-20 шарахь нах балхах хаьдда. Цхьамма, ван а веана, шаьш балха дIанисбан а, шайн хьашташ  кхочушдан а деза моьтту. Ца деза. Кхин хIумма а ца хилча а, хьекъалца болх бичхьана, лаьтта  т1ехь къахьоьгуш, лаха йиш ю рицкъ.Коллективо ша сацам бийр бу, муха-хIун ялташ лело бегIийла хир ду: шекаран буракаш, картол, хьажкIаш я маьлхан хIуш, и. кх. дI. Ишколо аренашкахь болх бийриг хиларх лаьцна сан къамел хилла Нохчийн Республикан Iилмана-талламан институтан куьйгалхошца. Шайн агIорхьара гIо-накъосталла дан а, шуьца цхьаьна болх бан а дош делла цара. Иштта Гикалора пачхьалкхан бахамца мехала юкъаметтигаш лелор ю аш. Латта охур а, дIа а дуьйр ду госхозо, ткъа шун декхар хир ду шен хеннахь асар дан а, ялта чудерзон а. Шаьш юкъаметтигаш лелочу учрежденешца шаьш барт бийр бу аш. Уьш цIена хилийтар, эшахь, сайна тIе а лоцур ду ас. Лаахь итт, ткъа, ткъе итт гектар меттиг лело мегар ду, шаьш дIадуьйш долчу ялте а, шайн ницкъашка а хьаьжжина. Суна хетарехь, ишколана уггар санехь хир ду шекаран буракаш кхиор. Коьртачу декъана шен хеннахь асар а дина, ялта  чудерзор хир ду шун декхар. Аргунерчу шекаран заводан дIайохка мегар ду уьш. Йинчу харжех долу ахча дIаделчул тIаьхьа, дуьсуш дерг ишколана тIехьажор ду. Масала, гIо-накъосталла дан мегар ду дахаран халчу хьелашкахь нисбеллачу коллективан декъашхошна а, я дуккха а бераш долчу доьзалшна а.
Юьртдас билгал ма-даккхара, масийтта шарахь болх боцуш Iаш болчу бахархоша шех масала эца мегар ду цу тайппана деш долчу гIуллакхех. Аренашкахь шайн хьуьнарш зен лууш болчеран лаам къобалбийр бу меттигерчу администрацис.
Дешаран декъан белхахоша тидаме ийцира, нагахь санна аьхке догIанаш доцуш хилахь. хьегна къа эрна хирг хилар. Амма Хачукаев Iибадис тоьшалла дира ишколо лелош йолчу аренашка тоъал хи тоха таро хиларх. ХIунда аьлча дIадаханчу шарахь Гикалора администрацис меттахIоттийна Йоккхачу АтагIара схьадогIу, 16 километр йохалла йолу хин татол. Ткъа шо хан яра иза лекъна лаьтташ долу, элира цо.
Директора Сусуров Iийсас дийцарехь, ишколан устав тIехь билгалдаьккхина ду 5-11 классашкара бераш дешар-производственни практикехь дакъалаца дезаш хилар. Бакъду, лаккхарчу а, юккъерчу а дешаран заведенешка деша дIахIитта гIертачу иссалгIачу а, цхьайтталгIачу а классашкарчу берашна тIехь яц иза.  
– ДагадогIу, советан заманахь занятеш дIаевллачул тIаьхьа, шина сохьтана практике хьовсабора дешархой, – дагадаийтира I.Сусуровс. – Хачукаевс ма-аллара, цхьа а ахча дахьаш вогIур вац вайна. Хьехархойн а, дешархойн а садаIа даха а, экскурсе даха а таронаш хир ю вай жимма тохалахь. Ала деза, тIекхуьучу чкъурана къахьегар марздарехь а вуно мехала ду аренашкахь и тайпа белхаш бар. ХIунда аьлча дешарх а хердала дуьйлало уьш, нохчийн гIиллакхаш лело а ца лаьа царна. Ткъа балхо, хууш ма-хиллара, адамалла кхиайо адамашкахь.  Цундела къемат вайна цу балхах ахча ца хилча а, бераш кхетош-кхиорехь а оьшуш хIума ду аьлла, хета суна иза. Амма, итт-ткъа гектар ишколан дукха ю, соьга хаьттича. Юьхьанца цхьаъ-шиъ гектар тIехь вайга муха-хIун далург ду хьаьвсича, бакъахьа хета. Леррина кхоьллина комисси а, вайн вешан бухгалтер а волуш, гIуллакх дийр ду вай.
Массара а цхьа барт хилла, тIеийцира юьртдас тIедеана долу гIуллакх. Иштта, шекаран буракаш кхиоран хьокъехь I.Хачукаевс аьллачуьнца реза- хилира уьш.
Дешархойн-производственни практика меттахIоттор шайна вуно товш хиларх лаьцна дуьйцура хьехархоша.
– Ма-дарра аьлча, и тайпа гIуллакх ишколехь хьалххе юкъадало дезаш дара, – дийцира нохчийн меттан хьехархочо Гелаева Раисас. – КIезиг дац тахана вайн тIекхуьуш берш ларо безаш долу хIумнаш. Цундела уьш гIилакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорехь а дика гIортор хир ю къинхьегамах. Цул сов, лаьттах пайда эца а вай Iама ца дича, шайн 1емар дац царна.
Э. ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2