25–26-чуй февралехь Нохчийчохь шуьйра билгалдаьккхира Мухьаммад Пайхамар (а.с.с.) вина де

1 марта в 14:27 (2010 г.) 4215
Адамашка а, жинашка а бусалба дин кхайкхош веана вайн умматан да Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла РаббиІул-авваль беттан 12-гІа буьйса а, де а (26-гІа февраль) Нохчийчуьрчу берриг а бусалбанаша цкъа а ца даздинчу кепара даздира. Іуьйра ламазана молла кхайкхале 20–30 минот (герггарчу хьесапехь оцу хеначохь дуьнен чу ваьлла вайн Элча) хьалха Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу варан хан язъеш, Соьлжа-ГІалахь а, кхечу шахьаршкахь а шатлакхаш делира. Дагна, кхетамна, ойланна цхьа тамашийна аьхналла, хьаам бира, Дела везар, Пайхамар везар чІагІдира цу шатлакхо. Соьлжа-ГІаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь эзарнаш адамаша жамаІатехь ламаз дарца дІадуьйладелира коьрта даздарш. Амма Мухьаммад Пайхамар винчу денна лерина гІуллакхаш РаббиІул-авваль бутт караэцчахьана дуьйна дІахьош ду. Иштта, республикан дерриг а маьждигашкахь Къуръан дийшира, вайн Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош, мовладаш дийшира, министерствошкахь, гІаланийн, яртийн администрацешкахь сагІанаш  дехира, оцу денна лерина кхетош-кхиоран гІуллакхаш дІадаьхьира берийн бошмашкахь, ишколашкахь, лакхарчу дешаран заведенешкахь. Нохчийчоьнан хІора хІусамехь Дела резахир волчу гІуллакхашца билгалдоккхуш ду и де.
И башха деза де даздан Нохчийчу баьхкина вайн луларчу регионашкара а (Дагестанера, ГІалгІайчуьра, ГІебартойн-Балкхаройчуьра, Кхарачойн-Чергазийчуьра, ХІирийчуьра, Адыгейра, Ставропольски а, Краснодарски а крайшкара), кхечу пачхьалкхашкара а (Алжирера, Камерунера, Иранера, Палестинера, Брунейра, Ливанера, Сирера, Иракера, Иорданера, Индонезера, Туркойн Республикера) баккхий Іеламнах.
Иштта шуьйра Мухьаммад Пайхамар вина де Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан дІадолорца хІинца шозлагІа билгалдоккхуш ду вайн республикехь.
ХЬ.АБАЕВ. 

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Мамед
23 декабря в 20:34
Они много сделали для Чечни.
Картина дня? Картина дня
Песков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должностьПесков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должность
В мире
Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей   Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей
В России
Р. Кадыров: Очень важно сохранить и передать будущим поколениям уникальные объекты средневековой архитектуры ЧечниР. Кадыров: Очень важно сохранить и передать будущим поколениям уникальные объекты средневековой архитектуры Чечни
Власть и политика
«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта
Спорт и здоровье
Прогноз погоды на 21.01.2017 в ЧечнеПрогноз погоды на 21.01.2017 в Чечне
Происшествия
Определились финалисты конкурса "Лучший чтец Корана" Определились финалисты конкурса "Лучший чтец Корана"
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: