доллар    57.13 $
евро 67.3 €
18 октября, 09:05
Погода в Грозном +-18 в Грозном

Буьззина пайдаэца беза маьІданех а, тІаьхьалонех а

1 марта в 14:39 (2010 г.)
Кху тIахьарчу шерашкахь Россин экономикин кхиар уггар хьалха, говзанчаша хаам барехь, махлелоран декъах доьзна ду. Иштта, махлелор а, хьаштахойн  рынок а цхьана эшшара дика кхуьуш ю Нохчийн Республикехь. Цундела ларамаза дацара Нохчийн Республикан экономика кхиоран а,  махлелоран а министраца Магомадов Iабдуллица кху деношкахь тхан хилла долу къамел цу тIера дIадоладелла хилар. Муха  хьал ду республикан махлелор кхиорехь? Нохчийн Республикан экономика кхиоран а,  махлелоран а министерствона юкъайогIучу  предприятех махлелоран болх беш муьлхарнаш ю? Тахана билггал ала йиш ю, вайн республикехь алсамйовлуш ю кху заманан предприятеш, толуш ду бахархойн хьашташ кхочушдар. Иштта тоелла йогIу махлелоран предприятийн белхахоша бахархойн хьашташ кхочушдарехь лелочу юкъаметтигийн культура а. Дийца даьккхинчуьра аьлча, 2000-чу шарахь республикан экономика меттахIотто йолийча, уггар хьалха шена тIе тидам бахийтинчех ду махлелоран дакъа. Йоццачу хенахь меттахIиттийра йохийна хилла дуккха а йолу махлелоран предприятеш, иттаннаш керланаш а йира. Тахана экономика кхиоран министерствона чуйогIуш махлелоран а, юкъараллин кхачанан а  176 предприяти ю. «Ипподромный» цIе йолу кху заманан супермаркет вайн республикехь дуьххьара схьайиллина ю.
Карарчу хенахь Россин Федерацин регионашна юкъахь а Нохчийн Республика билгалйоккхуш ю хІума узуш махлелоран барам лаккхарчу тIегIанехь хиларна. 2009-чу шарахь вайн республикехь хІума узуш махлелорехь хилла йолу оборот 2979,32 миллион соьмана ю.  2008-чу шарца дуьстича, 147 процент хуьлу иза. Иштта, тIаьхьарчу шерашкахь цхьана эшшара кхуьуш ду туьпахь долу махлелор, 2,1 миллиард соьмана яра 2009-чу шарахь цу тIехь хилла йолу оборот.
Таханлерачу дийнахь эвсара болх беш хиларна, уггар хьалха билгалъяккха хьакъ ю туьпахь сурсаташ духкуш йолу «Чеченский Хладокомбинат» цIе йолу пачхьалкхан предприяти. 200 тайпа сурсаташ ду цигахь духкуш. Производительшкара схьаоьцучу сурсаташна тIе йоккхуш ерг 5-10 процент бен яц, цундела вайн таро ю луларчу регионийн предприятешца а, рынкашца а конкуренци лело. Вовшахтоьхна хьаштахошна продукци тIеяхьаран гIуллакх а.
Республикехь туьпахь махлелор кхиорхьама, кху шарахь болх бан йолалур ю экономикан министерствона чуйогIуш йолу «Плодоовощ» цIе йолу предприяти. 6250 тонна сурсаташ луш хир ю иза. Юьртан бахаман меттигерчу производительшкара продукци схьа а оьцуш, таро ма-хуьллу кIеззиг бен тIе мах а ца боккхуш, дIадухкур ду тайп-тайпана сурсаташ. Иштта республикан программехула меттахIоттош ю пачхьалкхан «Чеченрыба» цIе йолу предприяти. I эзар тонна продукци цкъа Iалашъян нуьцкъалла йолуш хир ю цигара чIерах гIуллакхдаран цех.
Махлелоран инфраструктура тIейогIучу хенахь кхидIа а кхиорхьама, Нохчийн Республикан экономика кхиоран а, махлелоран а министерствон Iалашо ю кху шарахь махлелоран а, хьаштахойн  рынкан а дакъа кхиоран 2010-2012-чуй  шерийн региональни программа вовшахтоха. Россин Федерацин кхуьуш йолчу регионашкахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а туьпахь махлелорах а, юьртан бахаман сурсаташ схьаэцарх а  зеделлачух пайда а оьцуш, вайн республикан гIаланашкахь а, районашкахь а махлелоран кху заманан центраш кхоллар ю программин Iалашо. Массеран а пайдаэца йиш йолуш махлелоран электронни система хир ю цу центрийн. Сурсатех а, цуьнан мехах а дерг хаа таро хир ю производителийн а, йохк-эцар лелош болчеран а, хьаштахойн а. Сурсаташ схьаэцаран а, туьпахь долу махлелоран эвсаралла йолу система кхолларо тIейогIучу хенахь Нохчийн Республикан хьаштахойн рынок ларйийр ю цIеххьана мехаш хьала-охьа лелхарх а, сурсаташ духкуш болчара шайн лаамехь уьш хьаладахарх а, ткъа иштта дIайоккхур ю юхкуш болчарна а, оьцуш болчарна а юкъахь йолу  башхалла.
Тидаме эца деза, экономикан хьал кхиийна ца Iаш, социальни хьал тодарехь а  доккхачу маьIне хир ю  махлелоран кху заманан центраш схьаелларан программа, хIунда аьлча бIеннаш белхан меттигаш кхоллалур ю цаьрца цхьаьна.
– Белхан меттигаш хьахийнначуьра аьлча, дIадаханчу шарахь а, цул хьалха а маса белхан меттиг кхоьллина вайн республикехь?  
– Халахеташ делахь а, дуьненахь экономикин кризис хиллачу хенахь алсамделира балхахь цахиларна хьесапе эцначеран терахь. 2008-чу шеран декабрехь балха дIанисбаран службан органаша хьесапе эцна вара 298,9 эзар вахархо.  Амма 2009-чу шеран чаккхенехь 0,6 процентана лахделира и терахь. Балхахь воцуш дIаязвинарг 297,1 стаг ву. ДIогара воккхавевеш бац хилла хийцамаш. Ма-дарра аьлча, кризис хиллачу хьалхарчу шарахь хIоттийна хилла Iалашо балхахь боцурш дагахь доццучу агIор алсам цабовлийтар яра. Гуш ма-хиллара, цу декхарца дика лара а дина.
Нохчийн Республикан Правительствос дерриг а дира кризис бахьанехь бахархой балха дIанисбаран хьал тIех чолхе ца дерзийтарехьа. Къинхьегаман рынкехь гIоьртина долу хьал малдархьама, хIоттийра 2009-чу шеран программа. Масала, балхахь боцчу бахархошна лерина предприятешкахь вовшахтуьйхира юкъараллин а, ханна а болу белхаш. ГIо лоцура жимачу предпринимательствон а.
Къинхьегаман рынкехь йолуш йолу коьрта халонаш хьесапе а эцна, бахархой балха дIанисбарна лерина Нохчийн Республикан Правительствос хIоттийна 20I0-чу шарна а, цул тIаьхьа догIучу шерашна а лерина программа.
– ХIун белхаш бина республикан промышленность а, юьртан бахам а кхиорна лерина?
– «2008-2012-чу шерашкахь Нохчийн Республика социальни-экономически кхиор» республикан Iалашонан программехула вайн промышленностана хьажийра 409 миллион сом. ДIадаханчу шарахь меттахIотторан белхаш дIабаьхьира Аргунерчу «Пищемаш» заводехь а, пачхьалкхан «Алхан-Калинский ДОК» а, пачхьалкхан «СпецАТП» а, пачхьалкхан «Автоматстром» а, пачхьалкхан «Оргтехника» а предприятешкахь. Болх бан йолаелира дечгах гIуллакхдаран «Алхан-Калинский ДОК» предприяти а, «Автоматстром» предприяти а.
Нохчийн Республикан промышленностан а, энергетически кхиоран а министерствон предприятеша 2009-чу шарахь арахецна сурсаташ а, бина белхаш а, кхочушдина хьашташ а 229,2 миллион соьмана ду. 2008-чу шарца дуьстича, тIекхеттарг 77,2 миллион сом ду. Аргунан «Пищемаш» цIе йолчу заводан буха тIехь машенаш вовшахтасаран «Чеченавто» ОАО-н завод болх бан йолаяларна а, пачхьалкхан «Чеченпромстройсервис» предприятехь заказаш хиларна а хилла кхиам бара иза. Масала, 2008-чу шарахь «Чеченавто» ОАО-с арахецначу 80 машенах хилларг 10,8 миллион сом дара. Дуккха а лакхара дара и терахь 2009-чу шарахь, цигахь арахецначу 706 машенах хилларг 96,3 миллион сом дара.
Арахоьцуш йолу продукци алсамъяккхарна новкъарло йо федеральни Iалашонан «2008-2012-чуй шерашкахь Нохчийн Республикан социально-экономически кхиор» программехула промышленностан объекташ меттахIитто шен хеннахь финансировани еш цахиларо. Ткъа иштта оборот лело ахча а, заказаш а цахиларна хуьлу новкъарлонаш. Банкашкара кредиташ эцаран гIуллакхе хьаьвсина тхо, амма, цкъа делахь, процентан ставкаш лакхара хиларна а, шолгIа делахь, предприятешна цара делла  долу ахча кIезиг хиларна а, санехь ца карийна тхуна иза. Нагахь санна лело ахча а, заказаш а  елахьара,  промышленностан министерствон таро хир яра продукци арахецар 5–10-зза алсамдаккха а, белхан керла 1500 меттиг кхолла а. Предприятешна ахчанца кхачоярхьама, Россин Федерацин региональни кхиоран министерстве  республикан 40 предприятина пачхьалкхан гIо оьшуш хилар дIахьедина оха. Царах уггар яккхий предприятеш ю Iалхан-ГIалин дечгах гIуллакхдаран комбинат а, Гуьмсера лоьрийн гIирсаш арахецаран завод а, шекаран завод а, «Спецавтоматика», «Автоматстром» предприятеш а, «Чеченавто» юкъаралла а, Аргунера гIишлошъяран а, индустрин а коьчалш арахецаран комбинат а.
Нохчийн Республикан Правительствон Сацамца, нийса а догIуш, хьалхарчу рогIехь инвестици ян билгалъяьхначу  проекташна юкъахь ду 50 Мвт нуьцкъалла йолу Аргунера ТЭЦ меттахIоттор а, шеран нуьцкъалла 500 кубан метр йолу газах гIуллакхдаран завод яр а. Россин Федерацин Правительствон пачхьалкхан гаранти йолуш, банкийн кредиташкахула кхочушъян Iалашо ю и проекташ.
Агропромышленни комплексах дерг аьлча, дIадаханчу шерашца дуьстича, 2009-чу шарахь кхиамаш хилла. Кхузахь дIахьош ду федеральни а, республикан а Iалашонан «2008-2012-чуй шерашкахь Нохчийн Республикан социально-экономически кхиор» программаш а, 2008-2012-чуй шерашкахь юьртан бахам кхиорна лерина республикан программа а кхочушъяр, ткъа иштта юьртан бахаман сурсаташ арахецархойн финансийн хьал тодан а, инвестици яран проекташ чекхъяха а лерина цхьамогIа гIуллакхаш а ду кхочушдеш.
Юьртан бахаман хьал кхиорехь лизингех пайдаэцаран декъехь а, дIадийначу ялташна страховани ярехь а юьртан бахаман сурсаташ арахецархойн  таронаш толуш йогIуш ю. Алсамбовлуш бу керлачу технологех пайдаоьцуш болу бахамаш.
Халахеташ делахь а, дагалаьцна ма-хиллара ницкъ ца кхечира даьхни алсамдаккха. Юьртан бахаман сурсаташ арахецархойн шайн таронаш цахиларна а, цу тIе «Россельхоз» банкера кредит эца хала хиларна а, федеральни-Iалашонан программехула даьхнилелоран объекташ схьаеллар тIаьхьатеттарна а нисделира кхачамбацарш. ХIетте а, 2008-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича, 2009-чу шарахь пачхьалкхан бахамашкахь 67,5 процентана тIекхийтира бежнаш: федералан-Iалашонан программехула – 254 корта, лизингехула – 510 корта, шайн таронашкахула – 969 корта, инвесторийн чоьтах – 1551 корта.
–Республикан мехкадаьттан а, газан а промышленностан кхиар муха ду?
– «Грознефтегаз» ОАО-с дIадаханчу шарахь даьккхинчу мехкадаьттан барам 1559,8 эзар тонне кхочуш бара. Цхьайолчу скважинашкахь мехкадаьтта лахделла хиларна 2008-чу шарахь хиллачул а 18 процентана лахара дара и терахь. Цуьнца цхьаьна кхидолчу гIуллакхийн гайтамаш а телхира.
Мехкадаьтта даккхар лахдаларца доьзна кхочуш ца хилла цуьнца цхьаьна кхочушъеш хилла йолу газан план а.
Цхьаьнакхетаралла кхиорна лерина 2009-2013 шерийн планаца билгалдаьккхина дац лаьтта бухара схьадоккхучу мехкадаьттан барам алсамбоккхург хилар, хIунда аьлча вайн маьIданаш гIеллуш ду. «НК«Роснефть» ОАО-на белхан меттигаш алсамъяха таро ца ло цу бакъдолчо.
Мехкадаьтта а, газ а яккхарехь «Грознефтегаз» ОАО-с инвестицин программехь билгалдаьхначу гIуллакхаша гойту, «НК«Роснефть» ОАО 2020-чу шарралц йолчу ханна ша тIелаьцнарг кхочушдан Iалашо йолуш цахилар. Масала, мехкадаьтта даккхар айарехь билгалдаьхна дац инноваци яран гIуллакхаш. Нохчийн Республикан Правительствоца барт ца бо мехкадаьттан а,  мехкадаьттан сурсатийн а шаьш хадочу механ хьокъехь. Керла маьIданаш карадерзорехь  «НК«Роснефть» ОАО-с еш йолу харжаш вуно кIезиг ю. Аьр вай, советан заманахь социальни инфраструктура кхиорна 30 процент харж  йора. 22-25 процент харж тIехьажайора, керла маьIданаш лохуш, талламбаран белхашна.
Нохчийн Республикан Правительствос масийттазза дийцаре дина мехкадаьттан, газан комплексан бахам Нохчийн Республикан долабаккха безаш хиларх лаьцна, цул тIаьхьа «Грознефтегаз» юкъараллига иза дIалур болуш. ТIаккха алсам хир яра республикан бюджете цунах дІалуш йолу налогаш. «НК «Роснефть» ОАО-н балха тIехь дукха талхораш карадо лицензин бакъонаш ларъярехь. Экологи ларъярехь а, минеральни-аьргаллин бух кхиорехь а дан деза гIуллакхаш кхочуш ца до.   
– Муха ду Нохчийн Республикехь жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон кхиар?
– ДIадаханчу шарахь вайн республикехь хьесапе эцна яра 350 гергга предприяти а, 900 гергга индивидуальни предприниматель а. 2009-чу шарахь кегийчу предприятеша вайн бюджете елла налог 146,4 миллион сом гергга ю.
Нохчийн Республикан жима предпринимательство кхиоран 2006-20I0-чу шерийн «Хене довларна тIера – кхиарна тIе» программин гурашкахь республикан бюджетехь 2009-чу шарахь билгалдинера 140 миллион сом. Цунах кхоччуш пайда а эцна. Билгалъяьккхинчу программехула 2008-чуй шарахь 75 миллион соьмана бен дацара кхочушдина гIуллакх.
Цул сов, жимачу предпринимательствона пачхьалкхан гIо дарехь Россин Федерацин экономика кхиоран министерствос дIахьош йолчу конкурсашкахь дакъалацар бахьана долуш, 2009-чу шарахь федеральни бюджетера юкъаозийра 79,6 миллион сом. Кхоччуш пайдаэцна цу ахчанах а.
Стохка болх бан йолаелла Хьалха-Мартан бизнес-инкубатор, ЧIуьлга-Юьртахь ян йолийна реабилитаци яран дешаран-производственни центр. Iалашо ю цигахь 130 гергга белхан меттиг кхолла.
Билгалдаккха деза, дIадаханчу шеран I5-чу декабрехь №70-РЗ йолу «Нохчийн Республикехь жима а, юккъера а предпринимательство кхиоран хьокъехь» долу Нохчийн Республикан Закон тIеэцна хилар.
Кху шарахь  жимачу бизнесан а, предпринимательствон а гIо лацаран 2006-2010-чуй шерашна леринчу программин гурашкахь билгалдаьккхина 165 миллион сом. Иштта тIейогIучу хенахь а Россин Федерацин экономика кхиоран министерствос регионашна юкъахь жимачу бизнесана гIо дан леринчу конкурсашкахь а кхиамца дакъалаца Iалашо ю.
Жимачу бизнесан субъекташна микрофинансировани яран гIуллакхашкахула, аьр вай, микродекхарш, гранташ, лаххара а 320 белхан меттиг кхолла Iалашо ю.
Соьлжа-ГIалахь йийр ю республикан производственни бизнес-инкубатор, лаххара а I00 белхан меттиг хир йолуш.
– Дийна схьаэцча, хIун Iаткъам бира вайн республикан социальни-экономикан дахарна дуьненан экономикан кризисо?     
– Дуьненан экономикан кризисо вуочу агIор Iаткъам бира уггар хьалха Нохчийн Республикан социальни а, экономикан а дакъош меттахIотторна. «2008-2012-чуй шерашкахь Нохчийн Республикан социальни-экономически кхиор» Федеральни Iалашонан программехула йолу финансировани 30 процентана лахъелира 2009-чу шарахь. 2010-чу шарахь  43 процентана лахдан Iалашо ю билгалдина хилла долу ахча. Делахь а оха дог ца дуьллу кху шарахь кхачамболлуш финансировани йийриг хиларх. Карарчу хенахь тхайн ницкъ ма-кхоччу цу декъехь долу хьал федеральни министерствошца дийцаре деш ду оха. ДIахоуьйту бохам хиллачу вайн республикехь финансировани лахъяр санехь цахилар. ХIунда аьлча билгалъяьккхина йолу программа вайн республикан антикризисан документ ду, цундела я федеральни а, я республикан а бюджеташкахула еш йолу харжаш лахъян мегар дац.
Иштта, дуьненан экономикан кризис хилар бахьана долуш хьаладевлира бахархойн дахарехь ца хилча ца йовлучу хIуманийн мехаш. Белхазалла уггар лакхара йолчу вайн республикехь къаьсттина хала дара иза. ХIора сом лоьруш Iаш болчу нахана тохар дара молханаш а, кхачанан сурсаташ а даздалар.
Долуш долу хьал хьесапе а эцна, федеральни а, республикан а тIегIанехь социальни уггар халчу хьелашкахь бохкучу бахархошна адресни гIо дар бахьана долуш, гIеххьачул яйъелира хIоьттина йолу кризисан тIаьхьалонаш.
Йолуш йолу кризис бахьанехь 2009-чу шарахьчул а  лахйийр ю 2010-чу шарахь ен йолу харжаш, масала: яккхий харжаш – 70 процентана, бюджетан учрежденешна еш йолу харжаш – 30 процентана, цкъа кхочушдеш долчу гIуллакхашна еш йолу харжаш – 100 процентана.
Ала деза, кхолладеллачу хьелашкахь Iалашо яц пачхьалкхан белхахойн алапаш лакхадахар.
– ТIаьхьарчу хенахь шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь хеза Нохчийн Республикан социальни-экономикан дакъа 2020-гІа шо кхаччалц кхиорна лерина йолчу Стратегин хьокъехь къамелаш. Уггар коьрта хIун Iалашонаш ю цу Стратегина хьалха лаьтташ?
– Нохчийн Республика кхидIа кхиоран гIуллакхаш билгалдохучу хенахь Президента Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, экономика кхиорехь вешан таронех а, маьIданех а вай пайдаэца безаш хилар. Цуьнца доьзна билгалъяьккхинчу цу Стратегин коьрта Iалашо ю, ницкъ ма-кхоччу вайн вешан Iаламан тIаьхьалонех а, адамийн таронех а пайда а оьцуш, белхаш дIабахьар.

Интервью дІаяьхьнарг – Э.ДАВЛЕТБАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Мамед
23 декабря в 20:33
Дуа, дуа и еще раз дуа!