1944-чу шеран февраль бутт... Кхин къиза хила йиш йоцуш Нохчийчу бала боьссина шо. «Бехк а боцуш дерриг а къам махках даьккхира – аьлла, долийра Давлетукаев Канташа шен дийцар. – Махках даккхар-м ша дара, дуккха а нах хIаллакбира-кх, хьаьшна дIадаха дигна а ма дара вай цига». Канташ тхан хаттаршна жоьпаш луш сих-сиха соцура, ойлане воьдура, карладуьйлура лайнарш. Цуьнан 11 шо дара махках воккхуш. Репрессиш йолуш Сталинан Iедало Канташан да тоьпаш а тоьхна, вийнера, нана, кIант ненавашас кхаба шайна тIе а лаьцна, маре дIаеллера. Тишачу вагонаш чу а боьттина, хIорш новкъабаьхча, хийла гергарнаш вовшех къаьстира, ткъа Канташ шен ненавешиций а, цуьнан кIантаций цхьаьна нисвелира. Уьш ГIиргIазерчу Таласехь совцийра – эрна арахь долу цхьа тиша жима цIа дара кхарна делларг. Шайн йижарий, вежарий, да, нана мичахь ду ца хууш, хийла стаг холчухIоьттина вара. Царех Канташар а бара. Кхаьрца цхьа а зуда а яцара, цундела, иштта а ца лалуш йолу шело а, мацалла а кхеран хIусамехь совъяьллера. Чохь йовхо латто-м цхьа амал бира Канташара, мацаллина дан хIума дацар-кх – лачкъийнарг, ядийнарг бен пхьор ца хуьлура. Канташан шича, кхуьнан хенара волу, дукха хан ялале чIогIа цомгаш хилира.Лозуш хIумма а яцара, мацалло дегIера са кхачош лаьттара. «Тхан ненавашас Хасис шен кIант пеша кIелахь кхабар, йовхоно мукъане а Iожаллех ларвийр вац те, бохуш. Амма, дахарал туьйлира Iожалла, цо шен мара къевлира иза. «И валале хьалха сан ненаваша а вуьйжира метта, иза а вара мацалло кIелвуьтуш» – олуш, сецира Канташ. Веллачу шичина хIун дира ахь, аьлла шега хаьттича, легашка хIоьттина къурд дIа а баьккхина, цо жоп делира: «Дакъа соьга ца ийалора, когаш тIера схьа а лаьцна, ара а такхийна, и дIадоллал даьккхинчу ор чу диллира, и къайладаккхал латта тIе а тесна». Кисанара йовлакх схьа а даьккхина, бIаьрхиш дIадехира Канташа. Цомгаш волу ненаваша волчу хIусаме верзар, Iожаллица рогIерчу къовсаме валар дара жимчу Канташана. Лулахь гIо дан стаг а вацара кхарна, хилча а, шайна хIун дийр ду а ца хууш, холчохь бара нах. Ткъа Канташ, миччара лехна а, ненаваша мацалла ца валийта, яа хIума лаха дезаш вара. Гуттар ша мацалло кIелвуьтуш вуй хиъча, Хасис Канташе, котам йиъча гIоле хила мегара шена, элира. Йишин кIант орцахвелира ненавешина. Цигарчу гIиргIазийн котамийн бун чу вала дийзира цуьнан. Котам караеара, хIинца и цIанъян цхьаъ везара. Нохчий Iачу цхьана хIусаме кхечира Канташ. Цу чуьрчу хIусамнене бийцира шен некъ, дийхира котам цIанъяхьара, аьлла. Зуда реза ца хилира, шена цIийндас могуьйтур дац, аьлла. Шаьш санна ледарчу хьелашкахь уьш Iаш хилар гуш дара кIантана. Ах котам шайна а юьтуш, цIанъяхьара иза, аьлла, юха а дийхира Канташа. Нохчийн зудчунна къахийтира цунах, цо котам цIанйира, шайгахь а мацалла йоллушехь, ах схьа а ца ийцира. Чукхаьчначул тIаьхьа, Канташа сихо йира яй кхе олларан, дукха хан ялале котам хьалха а хIоттийра кIелвисинчу ненавешина, амма оццул тасавала гIортарх, Хасиге иза ца кхаллаелира... ХIокху къовсамехь а Iожалла туьйлира.  ХIинца и дакъа ара ца такхалора кIанте, цуьнца цхьаьна чохь, цхьаьна меттахь, цхьа юргIа тIе а тосуш, масийтта буьйса яьккхира кIанта. Шен ненаваша велла аьлча, ца тешара. Шайна тIе, ненахой болчу Майртуьпара нах кхаччалц Iийра Канташ. Цара велларг дIавоьллира, амма Канташана дан хIума дацара, шайн доьзал а совбаьлла, лелаш, ирча хан яра иза. Кертахь шен кIантана юххе дIавоьллира Канташан, ден а, ненан меттан хилла волу, дагна хьоме волу ненаваша. ХIинца хIара ша цхьаъ вара. Чахчош долу болат санна, кхолламо  къинхетам боцуш зуьйш вара Канташ. Масех де даьлча, шена тIехIоьттинарг дагадеъча, ша дог иккхина вала хIунда ца велла те олий, хета цунна. Дуьххьара дIавоьллинчу шичин дакъа, жIаьлеш ор аьхкина, ах диъна карийра Канташана. Оцу инзаре суьрто холчухIоттийначу кIантана дукха хан ялале, урам новкъахула, еха месаш дIаса а кхуьссуш, орца доьхуш, мохь хьоькхуш,  едда йогIуш 16–17 шо долуш нохчийн йоI гира. ШолгIачу дийнахь иза а елла аьлла, хезира. «Сайн ма-хуьллу тийсалора со дахарх, массо хIума лайна а дийна виса лаьара – бохуш, дуьйцура Канташа. Чуьра пеш ца яйта, дечиг дан хьуьнах воьдуш, новкъахь ГIиргIазийн бераш дуьхьал а девлла, чIогIа вовшех хьаьрчира тхо. Со туьйлира, цул тIаьхьа дуьйна суна цара некъ паргIат битира, бакъдерг дийцича, кхерамаш-м тийсира, Амангельди цIа кхаьчча, хуур ду хьуна, бохуш.
«Цхьажимма хан яьлча, хиира суна цунах дерг. Амангельди – гIиргIазийн, хIинца вайн обарг Зеламха санна, турпалхо хиллера. И цIа кхаьчча, бераш сиха дIавалхийра цуьнга со. Цо со схьа а лаьцна, говра тIе а хаийна дIавигира шайн цIа. Шайн маттахь шен хIусамнене цхьаъ элира. Цо со, цIанвина, вуза а вина, схьаваийтира. Цигахь ойла йира ас, массо къаьмнашна юккъехь а бу-кх къинхетам берш, аьлла». БIаьсте тIекхаччалц ша Iийра Канташ. Ца валлал яа хIума карайора цунна. Дукха хан ялале Канташах церан юьртара цуьнан нийсархо Лом-Iела кхийтира. Цу шиммо барт бира Бишкекерчу берийн интернате шаьшшиъ кхочу агIо лаха. Церан Iалашо кхочушхилира. Интернате хIорш дIанисбелла а бовлале, Канташ лоьхуш лелла волу цуьнан нанас вина ваша Iимран кхочу бераш долчу. Канташа юха а къасто дезаш хуьлу: яа, мала а йолуш, цIенчу метта вижар, гIаттар а долуш йолу интернат, я мацалла а ловш болу, гергара нах харжар. КIанта шен ваша хаьржира. Дукха хан ялале тиф а кхетий, больнице кхочу Канташ. Цигахь а тоьлу иза Iожаллал. Ненах дерг оха хаьттича, Канташа элира: «Нана кхечира суна тIе,  Таласехь волуш. Цо лехна хиллера со. Белшаш тIехула охьаевлла сан месаш гича, цецъяьллера иза, ткъа цу юккъехь хилларг-м, хьехочохь а дац.  Цо сайн корта дIабаьшча, хIара дуьне серладелира суна, амма дIавоьдийла-м ца хилира сан цуьнца...», – чекхдаьккхира ненах лаьцна дийцар.
Больницера араваьллачул тIаьхьа, Канташ гуттар а Iимранаца хуьлу. Дика ваша а, накъост а вара иза цунна. КхидIа йолу халонаш цхьаьна лов цара. Кхиазхой а болуш, уьш кожзаводе балха дIаоьцу. Цигахь дуьйна ког хIотта болало шина вешин. Шаьш шайна цIенош а до, зударий а балабо. Ткъа 1957-чу шарахь уггар хьалха цIабаьхкинчу нохчашца шайн махка цIа а боьрзу. Боьрзу, берриг бахам Iад а буьтий. Канташана жима волуш хиира дахаран мах, Iемира пусар дан Дала деллачу диканах, могашаллех, хьаналчу рицкъах. Канташ, цуьнан доьзалша дийцарехь, цкъа а самукъане вац, шийлачу дарцо  цуьнан кийра оцу хенахь Таласехь биллина ша хIинца а башаза бу, мацалло бакъийна кийра бузаза бу, ткъа дукхабезачу нехан хеназа хиллачу къизачу баларша дог дуткъдина ду. Делахь а, Канташ къонах хилла чекхволуш ву хIокху дуьнен чохь, ца вухуш, ца къарлуш. Цуьнан беркате доьзал а бу, иза шен юьртахь а, махкахь а ву, цуьнан дош бераллехь дуьйна лелаш ду. Иза кхолламо зийна ву.
ДУДАЕВА Билкъиз.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2