Пайхамар ша вакхийначу ненаца Хьалиматца цхьаьнакхетарх

1 марта в 17:10 (2010 г.) 4085
Мединате  дIавахале  хьалха вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шеца Заид а волуш, дин тIеэцахьара аьлла ТIайфе вахча,  берашка тIулгаш кхийсийтина хиллачу шахьарна го лецира асхьабаша. ХIинца Маккара Къурайшин нах а бара цаьрца. ТIайфера дуккха а даьхний а лаьхкина, йийсархой  а балош  юхавелира Пайхамар(Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  шен  асхьабашца, дуьхьало  еш йолу шахьар  Iадда а йитина.   ТIаккха ТIайфера векалш баьхкина Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу, шайн нах а , даьхний а  юхадерзадахьара , аьлла.
ТIамца дуьхьал ваьлларг  цхьа Малик ибн АIуф бен вацара хIинца. КхидIа болчу наха, шаьш дин  тIелаца  реза  ду  бохура. Дехарца Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIебаьхкинчу векалшна  юкъахь яра  Хьалимат,  Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вакхийна а , кхаьбна а йолу зуда. ХIинца  иза  къанъелла а,  гIийла а яра. Цу сохьта царна  жоп луш,  пайхамара а, цуьнан девашас Iаббаса шайна кхаьчначу хIонсан дакъа дIаделира. Цара диннарг дира кхечу асхьабаша а. Боккхачу лерамца а, сийдарца а дуьхьал хIоттийра  Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша кхаьбначу Хьалиматна. Бераллин сирла дагалецамаш бара Мухьаммадан цуьнца боьзна. Шен сийдарна баркалла аьлла дIаяхара Хьалимат.                                                                                                                                 
Дукха хан йоццуш иймане баьхкина болу Къурайшин нехан цIенчу динах тешар кIорга хила лууш вара пайхамар. ТIамехь бIаьрг баьккхинчу Абу Супъянна бIе эмкал а, кхин совгIаташ а делира цо. Абу ДжахIилан кIанта Акмара тIамехь гайтина майралла а билгалъяьккхира совгIаташца.                                                                                     
Шена деллачу хIонцах дакъа кIезиг хетта, Iаббас ибн Мардас шен говзачу маттаца цу хьокъехь резавоцуш байт яьккхира. Иза хиъначу Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьллера: «Шена хьалхара дIа а ваккхий, дIахадабайша цу стеган мотт», аьлла. Цу сохьта туьраца иза кхочушдан дог хилла Iумар сацийра, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дешнех нийса кхеттачу асхьабаша, Iумаран буйнара а ваьккхина, хIонц лаьттачу валийра кхеравелла Iаббас.
«Схьаэца хьайна дезза дакъа», – элира цуьнга.                                                                                                                  
Баккъалла а мотт ца хадош ша витарна воккхавеш хиллачу Iаббаса: «Иштта доккха совгIат  дай а, сан мотт  сацабе, бохург  хилла-кх Мухьаммада аьлларг. Оьцур дац  хIумма а. Со иштта а  сецна ву», - аьлла хIумма  схьаэца ца  тигнера иза.
Амма, вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цунна  кхузткъа  эмкал йигийтира, цуьнан  резавацар  дIадаккха.
Мухьаммада, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, Къурайшин  нахана лун  совгIаташ, цаьрца  озабезам бина луш ду  моттаделла Мединатерчу нахана. Уьш  боккъалла а реза  боцуш  хила боьллера. Иза шена  хиъча, вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Мединатерчу  тайпанийн  тхьамданаш шена  тIебехна, къамел дира: «Цкъа  ладогIал соьга, хIай Мединатера нах. Шун  тайпанаш дацара вовшашца  мостагIалла лелош? Со бахьанехь ца хилира   шуна юккъехь барт-машар? Шу дацара Iехаделла, дин  доцуш лелларш, ас ца дехира шу  цIенчу  динан новкъа? Шу дацара  ткъа къен а, миска а дахар токхуш, ас ца ди шун дахар токхе?». «Бакъду иза!»,  - чIагIдира вукхара. «Ткъа хьовсал шу, шуна тIевеара  со, сайн махкахь аьшнаш веш кхайкхошхиларна, шу сох тийшира, ницкъ боцуш хилла со, аш  ларвира, ведда веана со аш тIелецира, гIо  оьшуш веара со, аш  гIолецира сан. Дицделла аьлла хета шуна суна иза? Оцу доллучун хам беш вац, аьлла, хетадели шуна со? Маккарчу нахана совгIаташ деш, шайна луш хIума дац, аьлла, реза дац шу?  Бакъду иза, ас царна  ло  дуьненан совгIаташ, церан дегнаш вайгахьа даха.Ткъа, шуна, сайн тешаме хиллачу, ас со дIавели уьш шайн цIа  боьрзур бу, шайн уьстагIий а, эмкалш а эцна , ткъа шу  цIехьа доьрзур ду шайца цхьаьна Делан Элча а волуш.  Ас чIагIо йо-кх шуна, Мухьаммадан са шен карахь долчу АллахIан цIарах, дерриге а дуьне цхьаьна новкъа а, шу,  Мединатера нах, вукху новкъа а долуш дIадуьйладелча, со шуьца вуьсур ма вара!  ТIаккха, алал соьга аша, шух хьанна дина ас  доккхаха совгIат?».
Делан Элчано, Делера салам-маршала хуьлда цунна, динчу  къамело дегнаш дашийначу  асхьабаша, шайн бIаьргаш чохь хиш а долуш: «Я, Делан Элча! Оха хастам  бо Далла и сийлахь кхаж  тхешан баларна!», - элира.
 ТIайфера юха  Макка  чу  вогIуш а  хьаьжочун  духар  дара  пайхамаран тIехь. КаIбатехь хьаьж  кхочушдира цо дан ма-деззара. ТIаккха Маккин  имам МаIад ибн Джабал а,  гIалин урхаллин  куьйгалле  берхIийтта шо долу Атаб а  улле хIоттийна,  Мединате  юхавирзира Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).Уьш кхечира аль-Iабва юьрта, пайхамаран нана  Аминат  дIайоьллина йолчу.   Шен ненах болчу  бовхачу дагалецамна, ненан  коше зерате  хIоттарца кIентан  декхар кхочушдан  лаарна  веара Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхуза. Коша  тIе кхачале сецна,  доIанца Деле  вилхира вайн Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цо дийхира  дагалаьцнарг  кхочушдан пурба. Цуьнан  гIийлачу  доIанна Дала жоп делира.
  Бераллин  синхаамаш  карлабевлла, аьхначу  дагалецамаша  хорам бина, ненан коша  тIехь  вилхира  Делан Элча , Делера салам-маршалла хуьлда цунна.ТIаккха  вистхилира асхьабашка: «Ас  дийхира вайн Деле ненан  коша тIе  хIотта бакъо ло, аьлла. И  бакъо елира суна  Дала. Ас юха а дийхира  вайн Деле велха  пурба ло аьлла. Иза а дели суна. Сайн нанна  къинхетам боьхуш доIа дан бакъо  ло аьлла  ас дехча, и бакъо  суна ца ели вайн Дала».
  Мединате Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) юхавирзина  дукха хан ялале, цуьнан йоI Зайнап кхелхира. И  гIайгIа яйеш кхаъ хилира вайн Пайхамарна зудчо  Марема кIант варца. Берана ИбрахIим цIе  тиллира.
  Йоллучу Iаравехь сий дара Делан Элчанан а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цуьнан тешамечу асхьабийн а.  Церан цIераш евзара массо а маьIIехь. ЦIена  дин-ислам тIе ца оьцуш дисина  тайпанаш кIезиг дара  Iаьрбашна юккъехь. Ткъа  бусалба дин тIе ца  эцнарш, къера  хила а, шайн дин ца хийцархьама ясакх ялан а реза хилира.
  Ишттачех дара, ташимиташ, олу  Iаьрбойн цхьа  тайпа. Цаьргара ял  схьаэца  бахнарш оцу  курачу наха лаьхкира. ТIаккха таIзар дан баханчу  асхьабаша йийсар бина дукха  нах балийра. Ташимиташа шайна юккъера  къастийна виъ стаг ваийтира Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIе. Уьш  шайн  тайпанна юккъахь цIеяххана хьекъалчаш а, назманчаш а бара. Оцу  веа стага  элира вайн Пайхамаре, тхьоьца  дешан говзалла  къовсий аш, бусалбанаш? «Дала со назманча вина ваийтина вац, я хаза  къамел  дечун сий а со оьшуш вац», - жоп делира Элчано Делера салам-маршалла хуьлда цунна).Амма  асхьабех  масех   юкъавелира дешан  говзалла а, байтийн  мукъамаш а къовса. Оцу «тIамехь» шаьш  эшна  лерира  ташимитийн векалша. Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чIогIа тайра  и къовсам а, шайн  эшамна уьш  цIенчу  дагца къера  хилар а.  ДIабевлира церан йийсархой а.
   Макка  яьккхича, махках  баьхначех вара, пайхамар сийсазвеш байташ яьхна хилла ЗухIайрин кIант Каба а.  Веанчу цо, вайн  Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждиг чохь а волуш, шена  гечдар  доьхуш  бусалбанаш а,  Пайхамар (Делера салм-маршалла хуьлда цунна) а хестош, назма элира. Назма  ерзош иштта дешнаш дара: «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нахана  дика дар  кхачалуш ма дац-кха,  доллучул а хьо шех  теша  мега дерг цуьнгара  хьайна геч  хилар ду  хьуна, шена  вас  йиначунна  и гечдеш ву хьуна».
  Къаьсттина  чIогIа  дуьхьало еш  хиллачу ТIайфе  шахьаран  векалш а  тIебаьхкира Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  машар беха. Мацах ша а, Заид а  дIа а эккхийна, цул  тIаьхьа тIамца  дуьхьало йина  хиллачу цаьрга, машар хир  бац,  дин-ислам тIе ца  эцахь, элира  вайн  Пайхамара Делера салам-маршалла хуьлда цунна). ТIаккха  тIайфахоша дийхира, кхин  а кхаа шарахь шайн аль-Лат олучу тIулган дажална Iамал  яйтахьара шайга, аьлла.
–ХIан-хIа! – жоп делира Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
Цхьа  бутт мукъна а лохьа , шайн  къам иймане  дерза кечдан,  - дийхира цара.
–ХIан-хIа!  - дара юха а жоп.
ТIаккха,  иймане-м догIур дара шаьш   ламаз дарх хьалха  дитахьа, аьлла,  дийхира цара.
 - Ламаз деш воцург бусалба вац, - жоп делира Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Ца  бевлла   къарбелира ТIайфера нах.
    Бедуини, олучу, Iаьрбойн  тайпанан баьчча, ТIуфман кIант Амру веара Пайхамар  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу. Цо эвххьаза хаьттира Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шен накъост хир вуй хьо , аьлла. АллахIор хир вац-кх  цкъа-а-м, ахь цIена  дин тIе ца эцахь, - жоп делира Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
 Ткъа ас дин тIеэцахь, яккхийчу шахьарийн олалла айхьа а деш, аренцара тайпанаш сан лаамехь дуьтий ахь?
–ХIан-хIа, - элира  Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
–ТIаккха суна хIун пайда бу дин-ислам тIеэцарх?
–Хьуна  хин болу пайда, массо а бусалба хьан  накъост хилар бу-кха, - аьлла, жоп делира Делан Элчано , Делера салам-маршалла хуьлда цунна.
Цкъа иштта пайхамарна тIевеанчу кхечу баьччас элира: «Ахь боху соьга ислам тIеэца, ткъа  сан дин долуш ма ду». Цунна жоп луш Элчано элира: «Хьан дин,  хьуначул а дика девза суна. Хьо  эла ву, бохуш, хьайн нахера ахь схьадоккху  бахамах доьалгIа дакъа.  Ткъа хьан керста  дино иштта  дан  магийна? Хьуна ца лаьа  ислам тIеэца, тхо къен хетарна. Амма генахь яц бусалбанаш, шайн  хьал мича хьур  ду ца хууш,  хинболу хан.  Хьуна хета тарло, тхо  мостагIел дукха кIезиг ду.  Ас  Делаца  чIагIо  йо хьуна, генахь ма яц бусалба зударий генарчу Къадизера цхьа а кхерам  боцуш Макка  ХьаьжцIа оьху болу зама. Хьуна мотта тарло  тхан ницкъ кIезиг бу. ДIахаалахь, Вавилан бIаьвнна тIе исламан  байракх дIатоха йисина хан генахь цахилар!».
И . Атсаламов .

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Мамед
23 декабря в 20:23
Учиться, учиться и учиться, как завещал нам Пророк Мухаммад(да благословит его Аллах и приветствует).
Картина дня? Картина дня
Турция и Россия начали совместную воздушную операцию в СирииТурция и Россия начали совместную воздушную операцию в Сирии
В мире
В сети высмеивают новость о «переодетых американских дипломатах»В сети высмеивают новость о «переодетых американских дипломатах»
В России
Глава ЧР встретился с новым руководителем администрации Гудермесского района   Глава ЧР встретился с новым руководителем администрации Гудермесского района  
Власть и политика
Япония и Чечня обсудили перспективы развития Центра ядерной медициныЯпония и Чечня обсудили перспективы развития Центра ядерной медицины
Спорт и здоровье
На территории Чечни ожидаются небольшие осадки и туманНа территории Чечни ожидаются небольшие осадки и туман
Происшествия
Председатель Парламента ЧР вошел в ТОП-10 медиарейтинга глав законодательных органов субъектов России за 2016 годПредседатель Парламента ЧР вошел в ТОП-10 медиарейтинга глав законодательных органов субъектов России за 2016 год
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: