доллар    57.27 $
евро 67.46 €
17 октября, 07:13
Погода в Грозном +8 в Грозном

Наркотикаш – дІовш

16 марта в 12:08 (2010 г.)
Наркомани дуккха а халонийн орам бу «Грозный-информ» агентствон студехь кху деношкахь хиллачу  «горгачу стоьлехь» дийцаре дира  наркотикан зуламех бераш лардан лерина Нохчийн Республикехь кхочушдина долу гIуллакхаш. «Берийн могашалла а, кхерамзалла а» аьлла Россехь дIаяьхьначу акцин гурашкахь кхочушдина дара уьш. Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Россин Федерацин наркотикаш лелорна  тIехь терго яран федеральни службан Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин ведомствоша цхьаьна профилактика яран группан куьйгалхочо Гайраханов Мовлас, Нохчийн Республикан Iилманан а, дешаран а министерствон  кхин а тIе дешаран отделан коьртачу говзанчас Яричев Iабдуллас, Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн а, къоман политикин а, зорбанан а, хаамийн а министерствон къоман политикин департаментан директора Хатуев Ислама, кхечара.

Шега динчу хаттарна жоп луш, юьхьанца къамел дира Гайраханов Мовлас. Билгалъяьккхинчу акцин гурашкахь дакъалоцуш тайп-тайпана министерствош а, ведомствош а, динан-юкъараллин организацеш а йолуш вайн республикехь дIабаьхьира боккха болх, дийцира цо.
– Наркоманина дуьхьал гIуллакхаш вовшахтуьйхира Россин ерриг а регионашкахь, – бохура къамелдечо. – Амма нагахь санна кхечу регионашкахь акцехь дакъалоцуш коьртачу декъана Iилманан а, дешаран а министерство а,  наркотикаш лелорна тIехь терго яран служба а, чоьхьарчу гIуллакхашкахула йолу министерство а хиллехь, ткъа вайн республикехь цу балхана юкъаозийнарг, лакхахь билгал ма-даккхара, и кхо ведомство хилла ца Iа. ВИЧ-инфекцина а, наркоманина а дуьхьало ярехь болх беш йолчу ведомствошна хьалха план  хIоттийра оха. ХIора дийнахь шина-кхаа метте а доьлхуш, хьал дийцаре дора. Коьртачу  декъана дешаран учрежденешкахь хуьлура. Воккхавево йолуш йолчу халонах нах юххера кхеташ хиларо. Нагахь санна дIаяьхьначу акцехула цхьа стаг мукъна а  кхето тхан ницкъ кхаьчнехь, эрна ца хета тхаьш бина болу болх. Доккхачу маьIне ду йолуш йолчу халонна республикан куьйгалло хьокъала боллу тидам тIебохуьйтуш хилар. Дикачу агIор хийцамаш боцуш дуьсур дац иза. Наркомани орамашца дуьйна дIаяккха Iалашо ю вай хьалхахIоттийнарг. Мел хала делахь а, цу тIе ца кхача йиш а яц вайн.
Шен рогIехь Хатуев Ислама бовзийтира арахьарчу зIенийн министерствос бина болу болх. Къоман политикин департаментан куьйгалхочо билгалдаьккхина ма-хиллара, кегийрхой кхетош-кхиорехь министерствос кхочушдечу гIуллакхаш тIехь коьртачех ду наркоманина дуьхьало яр. Цундела министерствос боккхачу лаамца дакъалецира дIаяьхьначу акцехь, шайн ницкъ кхочучу кепара гIо-накъосталла а деш. Министерствошна чуйогIуш йолчу зорбанан изданин хIора номерехь бохург санна арайовлура наркоманина дуьхьало яран хьокъехь йолу материалаш. Ткъа иштта видеороликаш хуьлура, Нохчийн Республикан «Грозный», «Вайнах» телерадиокомпанеша кечйой.
– Иштта долуш долу хьал дуьйцуш  къоман политикин департаментан белхахоша вовшахтухура  кегийрхошца цхьаьнакхетарш, дIахьора «горга стоьлаш»,  – элира И.Хатуевс. – Наркотикаш тIехь терго яран Республикан службах а, муфтих а дага а бовлуш, кхочушдора и тайпа гIуллакхаш. Иштта министерствона чуйогІуш ю Динехь а, гIиллакх-оьздангаллехь а кхетош-кхиоран Центр. ТIекхуьуш берш нийсачу новкъа бахархьама, зорбанан изданеш а, дискаш а дIасадоькъуш гIуллакх до цу учрежденис.
Кегийчарна наркотикаца доьзна долу зуламаш дIадовзийтарехь, иза царна къахьъярехь хаддаза болх бан декхарийлахь ду вай. Ткъа шайн ницкъ ма-кхоччу нахана  и боьха талу марздан гIерташ болчарна дуьхьалбаьхна болу ницкъаш сацабан мегар дац цу гIуллакхана хьокъала йолчу органаша.
Яричев Iумара дийцира, 15-чу февралехь дуьйна 28 февраль кхаччалц акцина билгалйина хилла хан кIезиг хиларна, дешаран министерствос цунна лерина гIуллакхаш кхочушдан январь беттан юккъерчу деношкахь дIадолийна хиларх лаьцна. Республикан дешаран юккъерчу хIора учрежденехь дIаяьхьна семинараш. Юьхьанца дакъалоцуш иттехь учрежденин векалш а болуш, дешаран министерствехь дIаяьхьира «горга стол».
–Акцин гурашкахь наркоманина дуьхьал профилактика яран болх дIа муха бахьа беза дийцира оха, – дийцира I.Яричевс. – Билгалдаккха деза, еккъа цхьа наркоманина дуьхьал болх бар хилла ца Iара тхан Iалашо. ХIунда аьлча, хууш ма-хиллара, наркоманина тIекхачале, кхин а дукха  ю вайн цамгарш: цигаьрка озар, къаьркъа малар, я кхечу агIор харцахьа лелар.
Кхузахь билгалдаккха лаьа цхьа хIума. Шайн сахьташка хьаьжжина ишколашкахь урокаш лучу хьехархойн белшаш тIе билла мегар дац бераш кхетош-кхиорехь беш болу берриг болх. Дай-наноша а дан деза шайн царна хьехарш. Шайн чохь болу кегийнаш кхетош-кхиорехь  баккхийчара  болх ца бахь, хьехархошна гIо-накъосталла хир дац, тIаккха вай даккхийдан хIуманаш а кIезга хир ду. Ишколашка а боьлхуш, шайн бераш хIун леладо хьовсуш, хьехархойх дагабовлуш уьш хилча, нийса хир дара.
Цу хьокъехь Яричев Iумара дийцинчунна тIетайра «горгачу стоьлан» декъашхой.
–Берашна хаарш луш а, уьш кхетош-кхиош а ишколо муха-хIун маьIна леладо хууш ду вайна. Амма адаман кхиар доьзалехь хуьлуш ду, – билгалдаьккхира Хатуев Ислама. – Доьзалехь шена чудиллинарг схьа а лоцу беро. Амма ишколан а, пачхьалкхан кхийолчу органийн а белхахоша ша вол-воллучохь болх бан беза. ТIаккха вайн дийнна халкъана кхераме долчу лазарх вай лардаран гIуллакх ду цара массара а кхочушдеш дерг. ХIора хIусаме кхочуш хало ю иза. ХIунда аьлча наркотикашна тIевирзина волчо хIума лачкъайо, нах Iехабо. ВИЧ а, кхийолу а цамгарш кхета цунах, уьш цунна юххехь болчу нахана тIе а йовлу. Цундела билггал гуш ду, республикехь йолуш йолчу дуккха а халонийн орам бу наркомани. Цундела дарба лело деза цу цамгарна, оьшучохь нуьцкъаллин кепах пайда а оьцуш, наркоманин кхерам вайна юкъара дIабаккхалц.
Дакъалацархошна баркалла аларца дерзийра и цхьаьнакхетар.
Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет