Нохчийн зуда – технически Iилманийн доктор

16 марта в 12:13 (2010 г.) 3473
Вай массо а ду когаш Iуьйрачу бераллин дуьненара. ДогIанна язъеллачу Iаьржачу мархаша къайлаяьккхина стигал ткъес тоьхна серлаяккха ницкъ кхочучу стелахаьштигах дIайов и зама. Сихха кхочу дахаран муьлха некъ харжар нийса хира дара те бохучу хаттаре. Цу хаттарна жоп лоьхуш дукха ойла ян ца дийзира Махмудова Любин. Кхуьнан ден Ширванин, ненан Розин доьзалехь дуьйцуш долу муьлхха а хабар, хьаьвззий, гIаларчу мехкадаьттан институтана тIедоьрзура. И лаа дацара: республика юхаметтахIоттийначул тIаьхьа 1962 шарахь хIара институт чекхъяьккхинчех вара доьзалан да, ткъа кхеран деца дешна а, цуьнан доттагI а, доьзалан гергара стаг а вара кест-кеста кхаьргахь хуьлуш волу профессор, химически Iилманийн доктор В.Х.Межидов а.  7-чу классехь доьшуш йолуш дуьйна а мукъаяьлла хан институтехь йоккхура Любас. Массо а хIуманна дуьхе кхиа гIерта йоI хийра яцара кхузахь. «Со мехкадаьттан институтехь кхиъна ала мегар ду», – боху шен къамелехь Любас. 1983 –чу шарахь Соьлжа-ГIалин №18 йолу ишкол кхиамца чекхъяьккхина,
нефтетехнологически факультете деша яхара хIара. Дешарца дика ларайора йоI. Хьалхарчу курсехь дуьйна а безабелира Iилманан болх. Хьалхара семестр дIаяьлчахьана а профессор В.Межидовн  лаборант-талламхо яра Люба. Сиха дIадевлира дешаран шераш. I988 шарахь цIечу дипломаца чекхйоккху институт. Шен хаарех тоам бина Iен ойла яцара йоIан. Люба юха а деша йоьду. Аспирантуре. Оцу шерех уггар а томе, бовха дагалецамаш бисна кхуьнан дагчохь:                                                                                                                         
– Т. М. Гайрбековн куьйгаллица дешна ас аспирантурехь. Цкъа а цо аз айдина, я восе дерг аьлла, я бехк баьккхина меттиг дага ца йогIу суна. Адамаллех вуьззина Iилманча вара сан куьйгалхо. Цуьнан оьздангаллех, собарх, къинхетамах, Iилманан кIорге йовзарх, массо а хIуманна тIехь масал оьцура ас. Сан уггар аьхна дагалецамаш цунах боьзна бу, – эсалчу елакъажарца дуьйцу Любас.
I993 –чу шарахь кандидатски  диссертаци чагIйина, нефтетехнологин факультетехь болх бан йолало йоI. Маьссарга а санна 90-чу шерийн эшамаш
Любига а кхечира, амма Iилманан болх дIа ца тесира цо. Жимчохь дуьйна Iеминчу оьздангалло ца юьту иза «со», «ас» баха. Иза тешна ю, шен хьехархой  В.Х.Межидов, А.К.Мановян, Т.М.Гайрбеков, иштта кхиберш а бахьана  долуш Iилманан белхахо шех хиларх. Iилма дезарал сов, Дала делла похIмалла а ду Любигахь, хууш ма ду, ша ца кхоош дийнахь-буса а къахьегча а, наггахь верг бен ца кхачало Iилманан лакхене.
2002 шарахь Уфимски пачхьалкхан мехкадаьттан институтан докторант хуьлу ша юьхьарлаьцначу некъа тIехь толамца чекхъяла Iемина жима зуда. Цу хенахь Любин доьзалехь кхо шо кхаьчна кIант Нурдин а, шо долу йоI Амина а ю.
2009-чу шеран ноябрехь докторски диссертаци а чІагІйой, на цунах нохчийн зударшлахь дуьххьарлера технически Iилманийн доктор хуьлу.
Карарчу хенахь профессор Махмудова Любовь нефтетехнологин кафедран заведующи ю. Шен белхан декхаршца дика лараяларал сов Люба догцIена, яхь йолуш стаг ю. Цуьнан белхан накъосташа цунах лаьцна дуккха а диканиг элира. Мехкадаьттан институтан хиндолчух лаьцна иштта билгалдаьккхира цо:                                                                                              
– 2000-чу шарахь тхан Iалашо яра тхаьш хилар хаийтар, ткъа тахана, итт шо даьлча, тхуна тхайн хаарш лаккхара дуьйла хаийта муьлххачу а къовсамехь дакъалаца лаьа. Тхуна тохарлерра тхешан сий-ларам меттахIоттор оьшу. Цу тIехь тхан доккха гIо лоцу вайн Президента Кадыров Рамзана. Россин Правительствон  уггар а лаккхарчу тIегIанехь хиллачу дийцаршкахь цуьнан ницкъ кхечира Россин Къилбехь хилла йолу мехкадаьттан промышленность юхаметтахIотторан гIуллакх цхьалха даккха. И иштта хирг хиларх тхан шеко яц, цундела тхо 2020-2030 –чуй шерашка хьуьйсу. Инженерни дешаран сий тхайга меттахIотталург хиларх а, айдан ницкъ кхочург хиларх а тешна ду. Цу тIе доьгIна аьлча, кхушара тхан факультете деша бахка луурш алсам бевр бу аьлла хета суна.                                                                                                              
Любин белхан кхиамаш билгалбаьхна Президентан а, Правительствон а баркаллин кехаташца, грамоташца. Кху деношкахь «Нохчийн Республикан интеллектуальни центр» юкъараллин организацино «Дато бухIанца» совгIат а дина цунна. Оха даггара декъалйо Люба оцу совгІатца, лаьа и гуттар а хьалхарниг хуьлийла!
Т.САРАЛИЕВА.                                                  
                                                                                                               

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
В Вашингтоне началась инаугурация 45-го президента США Дональда ТрампаВ Вашингтоне началась инаугурация 45-го президента США Дональда Трампа
В мире
«Шерлока» в сеть слил сотрудник «Первого канала»«Шерлока» в сеть слил сотрудник «Первого канала»
В России
Р. Кадыров поздравил С. Аксенова с Днем образования КрымаР. Кадыров поздравил С. Аксенова с Днем образования Крыма
Власть и политика
Совет депутатов Грозного обсудил вопросы популяризации спорта среди молодежиСовет депутатов Грозного обсудил вопросы популяризации спорта среди молодежи
Спорт и здоровье
Прогноз погоды на 21.01.2017 в ЧечнеПрогноз погоды на 21.01.2017 в Чечне
Происшествия
Что несет нам Трамп…Что несет нам Трамп…
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: