доллар    57.37 $
евро 67.64 €
19 октября, 01:09
Погода в Грозном +11 в Грозном

Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен тIе валар даздеш мовлад деший вай!

16 марта в 12:32 (2010 г.)
БисмиллахIиррохьманиррохьим Алхьасанул-Басрис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ухьад цIе йолчу ломан барамехь сан деши делхьара, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен тIе валар даздеш мовлад дешийтаран новкъа хьовзор ма дара ас иза». Джунайдул-БагIдадис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  хестош мовладе вахнарг, цуьнан сий динарг, баккъалла а ийманца декъалхили иза». Баккъалла, Далла бу хастам, Шена дукхавезаш волу, Ша хаьржина волу Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iаламах къинхетам баран дуьхьа ваийтина Волчу. Оцу Далла бу хастам, Шен Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) жинийн, адамийн, дикаллин дай долчу маликийн эла вина Волчу. Ас тоьшалла до, Шена лолалла дан хьакь волуш, Ша цхьаъ волуш, Шеца накъост воцуш, АллахI воцург, кхин Дела вац аьлла. Ас тIаккха а тоьшалла до, вайн эла волу Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цуьнан лай а, Элча а, хаьржинарг а, доттагI а ву аьлла; нийсонца бакъдолчу динца Элча вина ваийтина Цо иза.
Дала вазварца, хеставарца къинхетам бойла вайн эла волчу Мухьаммадах, цуьнан массо доьзалех, асхьабех, царна тIаьхьабаьзначарах.
Шен элчанашна (Делера салам-маршалла хуьлда царна) юккъера хаьржина Дала цхьа Элча, кхечарел Шена тIех дукха везаш а, оцу массо Элчанел (Делера салам-маршалла хуьлда царна) вазвина волуш, барам боцуш дика хIуманаш а, дагарлур доцу хаза гIиллакхаш а шеца долуш. Адам цуьнга хьаьжча хуур дара, цуьнан юьхь – харцлуьйш юьхь йоций, цуьнан дегIах йогIу хаза хьожа – миск олучу IатIарал     хаза   юй, цуьнан юьхьа тIехь догу нур – маьлхан нуьрал хаза дуй а. И дуьнен чу валар – бакъдолу дахар дIадоладалар ду. Иза – IабдуллахIан кIант Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ву, йоза-дешар ца хууш волу пайхамар. Историна вевзина вац и санна волу къонах.
Дала Шен Сийлахьчу Къуръанехь аьлла Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьцна: «Делан Элчанехь дика масал ду шуна – Делах а, къематдийнах а кхоьручарна, Дела дукха хьехочарна а». «Ал-Ахьзаб», 2I-гIа аят.
Иштта Дала Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  ваийтаран бахьана дийцина Шен Сийлахьчу Къуръанехь: «Оха хьох Элча вина ца вахийтина, Iаламах къинхетам бархьама бен». «Ал-Анбиаъ», 107-гIа аят.
Лекхачу Дала боху Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Баккъалла а, сийлахь-деза ду хьан гIиллакхаш». «Ал-Къалам», 4-гIа аят.
Лекха Волчу АллахI-Дала хIокху аятехь, Шена дукхавезаш а, Ша хаьржина а волчу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) куц хIоттийна, лакхарчу гIиллакхийн да ву аьлла, оцу гIиллакхаш тIехь ву аьлла.  Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  ма аьлла шен сийлахьчу хьадисехь: «Баккъалла а, со ваийтина ву сийдолу гIиллакхаш кхочушдан».
Дала Шен Сийлахьчу Къуръанехь боху Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьокъехь: «Баккъалла а, АллахI-Дела а Элчанах къинхетам беш ву, Цуьнан маликаш Элчанах къинхетам бар доьхуш ду. ХIай ийман диллина нах, аш деха цунах къинхетам бар, маршаллица маьрша витар а». «Аль-Ахьзаб», 56-гIа аят.                                                                                                                                                                                                                                         
Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  везар, и хьехавар вайн синошна паргIато ю, цуьнан шукра дар умматна важиб ду.
Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дуьнен тIе валар даздеш той хIоттор, Iамалех а, Делан къинхетамна гергавахарехь а еза Iамал ю, хIунда аьлча цо гойту воккхавевар, Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дукхавезар а.
Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукхавезар – ийманан бухех бух бу, хIунда аьлча Элчано аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Шух цхьа а кхоччуш ийман диллина ма вац, шен берел, дел-ненал, массо а нахал цунна со дукхавеззалц». (Бухари, Муслим).
Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хилла ша вина де даздеш, Лекхчау АллахI-Далла шукра деш, Цо шена деллачу доккхачу ниIматан хама беш, хастам беш, и дуьнен тIе валарца мел долу хIума ирсе хилла дела. Хьадисехь деана ма-хиллара, и де даздар гучудоккхуш хиллера цо марха кхабарца.
Абу Къатадата (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина, Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оршот дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттира, аьлла. Цо жоп делира: «Цу дийнахь со вина, цу дийнахь соьга Къуръан доьссина». ХIара ду-кх, шен воккхавер гучудаккхар – марха кхабарца хуьлда иза я сагIа даккхарца, я Дела хьехо вовшахкхетарца хуьлийла иза, я салават дуьллуш, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлад дешарца хуьлийла иза.
Лахахь  довзийта лаьа Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен тIе валар даздеш мовлад дешаран хьокъехь Iеламнаха аьлларг.
Алхьасанул-Басрис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ухьад цIе йолуш болчу ломан барамехь сан деши делахьара, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен тIе валар даздеш мовлад дешийтаран новкъа хьовзор ма дара ас иза».
Джунайдул-БагIдадис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  хестош мовладе вахнарг, цуьнан сий динарг, баккъалла а, ийманца декъалхили иза».
МаIруфул Кархис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Элча (Делера салам-маршалла  хуьлда цунна)  хестош мовлад дешийта вайн вежарий кхайкхина, Элча вазваран дуьхьа яахIума кечйина, стогар латийна, хазвалархьама керла духар дуьйхина, IатIар тоьхнарг – къематдийнахь Дала и гIаттор ву хьалхарчу пайхамарийн тобанца; Iиллиййин олу дика нах хуьлучу уггаре лакхарчу меттехь хир ву и.
Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлад дешийтаран беркатна детин, дешин ахча юкъа а диллина, мовлад дешийтинарг милла велахь а, и ахча кхечу ахчанах иэдича, беркат дужур ду оцу ахчанна тIе, цу ахчанан да къен хир вац, куьг даьхних даьсса дуьсур дац цуьнан».
Фахруддин-Разис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цхьана а дегIо Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  вазвеш мовлад доьшур ма дац, туьханна тIехь я кхидолчу даарна тIехь, цуьнца беркат гучудаьллий бен; мовлад юккъехь хилла долу туьха я кхидолу даар дуур ма дац, Дала цунна гечдаллалц и диъна волчун кийрахь и детталур долуш бен».
Фахруддин-Разис (Дала къинхетам бойла цунах) кхин а аьлла: «Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вазвеш хи тIехь мовлад дешча, тIаккха и хи мелча, цуьнан кийра гIур ма ду эзар нур, Делан эзар къинхетам а, цуьнан кийрара арадер ду эзар лазар а, эзар хьагI а».  
Абуль-Хайр ибну Аль-Джавзис аьлла (Дала къинхетам бойла цунах): «Сийлахь мовлад дешийтарехь болчу тергаман пайданех ду хьуна – и дешна шо тешаме хилар, ахь дагалаьцнарг а, хьан лаам а кхочушхуьлуш, сиха кхаъ кхачар а».
Аль-Хьафиз Джалалуддийн Ас-СуютIис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Шена чохь Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлад дешийтина йолу цхьа хIусам, меттиг, маьждиг ма дац, оцу меттехь болчу нахана маликаша гуо биний бен, Лакхарчу АллахI-Дала царах массарах къинхетам биний бен, Иза царна реза хиллий бен».   
Юха а аьлла Аль-Хьафиз Джалалуддийн Ас-СуютIис (Дала къинхетам бойла цунах): «Шен хIусамехь мовлад дешна цхьа бусалба стаг ма вац, Лакхарчу Дала йокъа, ун, цIе, сингаттамаш, баланаш, халонаш, цабезам, хьагI, вон бIаьрг, къуй оцу хIусаман охIланах дIаайбиний бен. И кхелхича, барт хоттучу Мункар, Накир олучу шина маликана жоп дала атта хир ду Дала цунна, Шен паччахьалла доккха долчу Далла гергахь сийлахь йолчу меттехь хир ву и».
Ас-Сириййу Ас-СакъатIис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Мовлад доьшу меттиг дагалаьцначо, ялсаманин бошмех беш дагалаьцна, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везаран дуьхьа бен цо и меттиг дага ца лаьцна дела».
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Со везнарг соьца цхьаьна ялсаманехь хир ву».
Iабдул Малик ибну Марван паччахь волчу заман чохь цхьа жима стаг хиллера Шемахь, аьлла, дийцина. Хаза волуш, говра тIе хаарх самукъадолуш хиллера иза. Цхьана дийнахь шен говрахь иза вогIучу хенахь, говр кхера а елла, карара яьлла хиллера цуьнан. И сацо ницкъ бацарна, хIара Шемарчу урамашкахула дIавигна хиллера говро.
Паччахьан неIаре некъ нисбелла хилла цуьнан. Паччахьан кIант нисвеллера хьалхахь, ткъа дошлочун ницкъ ца кхечира говр юхатоха. Паччахьан кIант вийра говро. Шега и хабар кхаьчча, и жима стаг схьавалаве аьлла, омра динера паччахьо. Мехкан Iедална ша герга хиллачу хенахь, «куьг бехкечунна» дагадеара, Дала ша хIокху хьолех хьалхаваккхахь, доккха той дийр ду ша, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлад доьшуьйтур ду ша цигахь, аьлла.
Паччахьна хьалха дIахIоьттинчу хенахь, цуьнга хьаьжна паччахь велавелира (чIогIа цунна оьгIазваханчул тIаьхьа). Паччахьо хаьттира: «ХIай стаг, бозбуанчалла дика хууш вуй хьо?» Цо жоп делира: «ВаллахIи вац, хIай бусалба нехан паччахь». Паччахьо элира: «КъинтIера вели со хьуна, ахь динарг дийцахь суна». Жимчу стага элира: «ХIокху доккхачу хIуманах Дала со хьалхаваккхахь, мовлад доьшуьйтуш, доккха той дийр ду, аьллера ас».
Жима стаг аравелира, чIирах хьалха а велира иза. Эзар деши схьаийцира цо Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) мовладан беркатна.
Дала Шена дукхавезаш волу Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  дуьнен тIе ваьллачу беттан сий, шукра динчарех дойла вай, вай доьшуш долу мовладаш Дала къобалдойла!

ТАЗАБАЕВ Мохьмад,
А-Хь.Кадыровн цIарахчу хаамийн а,
зорбанан а, «Некъ» цIе йолчу    кхерчан говзанча.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет