22.03.2010 /11:35/ Дуккха а къаьмнаш кхоьллина сийлахьчу Аллах1а дуьнен т1ехь маьрша лела а, даха а. Цхьана а къоман г1иллакхашна, амалшна, маттана ала вон дош дац сан, делахь а со воккхавина ца волу, бусалба хиларал сов, къинхетамечу Дала со нохчо кхолларна. Бакъду, кхузахь ала дог1у, таханлерчу заманан болар г1еххьа хийцаделла хиларх лаьцна. Масала, «со ву-кх хила ма-везза нохчо» олий, ша шена тешалла до цхьаволчо. Ткъа суна ала лаьа – нохчийн къомах хиларх, бакъволу нохчо ца хуьлу. Да-нана мел ц1ена нохчийн орам болуш делахь а, цуьнах цхьа а пайда бац, стеган сица, ц1ийца, цуьнан даг чохь нохчо хиларан билгалонаш яцахь. Хало т1ех1оьттинчохь собаре хьо хиллехь, вайн къоман хаза г1иллакхаш лардеш, лело ма-дезза дин лелош, баккхийчеран лерам беш,кегирхой 1алашбеш хьо леллехь, халкъана-махкана т1е хало х1оьттинчохь «Со хьан ву-кх, Нохчийчоь» аьлла, харцонна, ямартлонна дуьхьало ян кийча хьо г1аьттинехь – т1аккха ву-кх хьо Къонаха-Нохчо. Боккъалл а ц1енчу нохчоллин билгалонаш-м, йийца ваьлча, дуккха а дера ю. Шен ненан мотт бийцар а, иза безар а ю коьртачарех цхьаъ. «Мотт ца хилча – къам дац» бохучул а нийса аьлла х1ума ца хета суна. Нохчийн мотт-м хьаха бу вай, кегийрхоша, ларбан а, 1алашбан а безаш. Кхин х1умма дацахь а, «ненан мотт» аьлла ц1е тиллина, вайн дайша хьаьстина ма бу иза. Ткъа ненал деза х1ун ду дуьненахь? Х1умма а дац! Ялсамане муха ю дийцахьара аьлла дехар дина хилла боху асхьабаша сийлахьчу Мухьаммаде (Дала ша реза хиларе терра, могаш-маьрша вуьтийла иза). Делан Элчано жоп делла: «Ненал деза х1ума дац шуна, цуьнан когаш к1елахь ялсамане а ю шуна».
Хьовсал, доттаг1ий, вайн дино ненан беш болу лерам. Т1аккха цхьа эрна, алархьама аьлла хетий шуна, накъостий, хьекъал долчу наха вайн маттах «ненан мотт» алар? Эрна дац иза – буьйцучу меттан кхоччуш лерам байта лаарна ду.
Доцца аьлча, хила ма-везза волу нохчо шен дахарехь вижар-г1аттар доцуш, Делан дин довзарехь, къоман мотт 1аморехь, харц-бакь къасторехь аганара г1аьттича коша кхаччалц къахьега дезаш ву. Т1аккха тоьшалла дан бакъо хир ю х1оранна а ша нохчо хиларх, гонахьарчу наха и тоьшалла т1е а ч1аг1деш.
Соьга хаьттича, кхин цхьа ши х1ума а ду нохчийн къонахчун амалца хила дезаш. Къинхетаме а, собаре а хилар. Мел ч1ог1а халонаш т1ех1иттарх, мел баккхий бохамаш хиларх, шен Дела вицвина, собар кхачийна, стогаллех вухуш ца хилла нохчийн къонах. Масала, цхьа оьзда, г1иллакхе воккха стаг вара суна вевзаш. Юьртахоша цуьнах лаьцна дуьйцуш, цецволий ладоьг1уш 1ара со. Дахаран къизачу халоно х1ора дийнахь бохург санна шен дог 1ийжадарх, динах воьхна, б1аьрг белхийна стаг вац иза, олура цара. Иштта делахь, велха-м вийзира воккхачу стеган. Бахьана – масех бутт хьалха дечкера ц1а вог1уш цунна дайна долу цхьа ирча сурт дара. Схьадийцарехь, къаночунна гина хиллера ламанан басахь, х1оранна карахь герз а долуш, гулъелла кегийрхой тоба. Уьш ца хилла нийса топ кхосса 1ама дог-ойла йолуш хьуьнах баьхкина. Царна тосаеллера, шелоно г1елйина, дитташ т1е охьахевшина садо1уш йолу цхьа хаза г1арг1улеш. Ц1еххьана, дуьне а, 1алам а 1адош, цхьа г1еххьа йолу юрт яккхал герз туьйхира кегийчу наха хьаннийн хотешка. Г1арг1улеш, къаьхкина, синкъерамехь еттачу вотанан хьесапехь т1емаш а детташ, цхьацца аг1ор д1асалилхира. Ткъа царех цхьаъ (уггар а декъазниг хиллачух тера ду иза) шокъали кхетта, юьйжира. Хилларг х1ун ду те аьлла хьаьдда т1евеанчу къаночунна гира, т1ам бойна, шен ц1иэчу, мелачу ц1ийца к1айн ло дашош, адамо бехк боцуш даларчу дерзийна, лайн т1ехь детталу олхазар. «Ас туьйхи, х1ан-х1а, сан тоьпо лецира иза», бохуш, къийсалора сий доцу кегийнах. Ткъа воккха стаг, шена гинчух инзарваьлла, ала дош а доцуш, лаьттара. Эххар а – «Ма хийцаделла-кх вай, нохчий» – элира цо. Цул т1аьхьа кхин вист д1а а ца хилира. Вилхира-кх иза. Цкъа а вилхина а воцу, доггах вилхира…
Х1окху масална т1ехь вайна билгалдолу, нохчийн къонахий собаре а, къинхетаме а хилла бохучу дешнийн маь1на.
Дерзош, ала лаьа: Везачу Аллах1а, боккъалла а бусалба нохчо хила лууш волчунна хьекъал а, собар а, ийман а, Ислам а, ницкъ, г1ора а лойла!
Iусман ГАЗИЕВ
Авторан сурт

   

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2