1999–2000-чуй шерашкахь кхиамца тIеман шолгIа кампани дIаяьхьначул тIаьхьа Нохчийн Республикехь конституцин къепе хIотторан чIагIо хилла дIахIиттира бакъонаш ларъяран структураш. Бакъду, маслаIат хила генахь дара. ТIехIоьттира керла мур, ткъа цуьнца цхьаьна хийца езаш яра белхан кепаш а.
МВД-н, ФСБ-н леррина долчу дакъоша дIадахьа долийра бандитийн тхьамданаш а, церан хьадалчаш а схьалецаран билггала йолчу меттигашкахь гIуллакхаш дар. Ткъа къовсам дIаберзор а, маьрша дахар дIахIоттор а дахдаларца доьзна Нохчийчохь гуттаренна а дIатарбан дийзира Россин тайп-тайпанчу регионашкара командировке бахкийтина болу бакъонашларъяран органийн белхахой. Меттигерчу милицин балха тIехь таллам латторан а, иза цхьаьнабалоран а декхаршшена тIеийцира законехь йоцчу герзашца йолчу тобанашкара герзаш схьадахаран а, и тобанаш йохоран а декхарш шена тIеийцира контртеррористически операцеш дIаяхьар уггар марсадаьллачу хенахь Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министран омранца 2000-чу шеран 22-чу апрелехь Къилбаседа Кавказан регионехь вовшахтоьхначу Россин МВД-н органийн а, дакъойн а Цхьана ханна йолчу оперативни тобано (ВОГО и П).
Тахана оцу тобанехь гIуллакх деш бу Россин Федерацин ерриг а регионашкара милцой. Бакъонийн къепе ларъяран а, террористически а, кхидолу а зуламаш ца дайтаран атта доцу, жоьпаллин декхарш кхочушдеш бу уьш.
ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республика Россин Федерацин юьззина бакъонаш йолу субъект хилла дIахIоьттина: тIеэцна Конституци, чIагIйина байракх, герб, гимн, ехкина Iедалан бакъонца йолу органаш, хаьржина президент, республикан парламент, меттигашкахь шаьш урхалла даран органаш, вовшах а тоьхна, болх беш ю Конституционни суд. Бакъонашларъяран дуьненаюкъарчу организацеша билгалдоккху кхузахь адамийн бакъонашларъярехь дуккха а гIуллакхаш деш хилар.
Дерриг а нохчийн халкъана мехала гIуллакх хилира республикехь 10 шарахь хилла йолу контртеррористически операцин раж 2009-чу шеран 16-чу апрелехь дIаяккхар.
Амма кхиамаш бахаре кхаьчнехь а, Нохчийчохь криминальни хьал хаъал гIоьртина ду. Оцу хьелашкахь Россин МВД-н ВОГО и П-н ницкъаш тIехьовсийна бу терроризм, вовшахкхетта зуламаш, коррупци юхатохарна, бакъонаш талхор ца хилийтаран комплексни дуккха а тIегIанийн система вовшахтохарна, урхаллин система шаръеш-тоярна, Нохчийн Республикан МВД-на практически а, методически а гIо дарна.
Вахабизм герзан а, лоьлхуьйтучу гIирсийн а гIоьнца Къилбаседа Кавказан халкъашна шайн динан бу боху хьежамаш коча тийса гIерта, цара дехаршка ла ца дугIу, Iедалшца дийцарш дан ца лаьа. Цундела Россин МВД-н ВОГО и П-н белхахоша шайн берриг а ницкъаш тIебохуьйту маьрша бахархой бандитех ларбарна.
Иштта, 2009-чу шарахь бакъонаш ларъяран органаша гучудаьккхина республикехь дина 3660 зулам. Дина зуламаш гучудахар 78,7 процент хилира. И гайтам Россехь юккъерчу барамехь болчарел лакхара бу.
Ткъа законехь йоцчу герзашца йолчу бандтобанашна дуьхьал латточу къийсаман дIадаханчу шеран жамIаш шайна тIе тидам бохуьйтуш ду. Къилбаседа Кавкзан регионехь леррина йолу операцеш а, оперативно-лахаран гIуллакхаш а дIадахьар бахьана долуш, герзашца дуьхьало йина, вийна 243 боевик (царех 148 – Нохчийн Республикехь), царна юккъехь бандтобанийн  7 тхьамда, лаьцна 319 бандит. Цхьана Нохчийчохь Iораваьккхина бандиташна гIо деш хилла 173 стаг.
Дуьйцийла йоццуш, чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхан коьрта жамI хилира Нохчийчохь юкъаралла чIогIа карзахйоккхуш долу дохораш даран-террористически а, экстремистски а даккхий зуламаш а, ткъа адамаш лечкъор а хилийтина цахилар.
Кхочушдинчу гIуллакхийн а, Нохчийчоьнна юххерчу Дагестанехь, ГIалгIайчохь, ГIебартойн-Балкхаройчохь шен орамаш тесна йолчу бандтобанийн къайленан кхераман а мах хадо мегар ду бандтобанашкара схьадаьккхинчу герзаца. ДIадаханчу шарахь Россин МВД-н ВОГО и П-н белхахоша чоьхьарчу гIуллакхийн меттигерчу органашца цхьаьна Къилбаседа Кавказехь схьадаьккхира тайп-тайпана 676 герз, 124 эзар гергга тайп-тайпана хIоъ-молха, царна юккъехь гранатометан 1052 хIоъ,  1 бомба, 448 граната, 5713 мина, 7,3 тонна гергга лелха хIумнаш, шаьш бина эккха 172 гIирс, 130 килограмм сов наркотикаш.
Юкъарчу хьолана анализ еш, ала мегар ду Нохчийн Республикехь дахар толуш хилар. Бахархойн дахаран барам кхиарна тоьшалла деш ду нехан доларчу машинийн барам алсамбалар. Оцу хьоло бакъонашларъярхойн доьзуьйту некъашкахь кхерам ца хилийтарца доьзна долчу хьолана тIе алссам тидам бахийта.
Нохчийн Республикана чудогIучу коьртачу некъашкахь талламан-чекхдовларан пункташ а (КПП), милицин къаьсттина йолу таллам баран пункташ а (ОКПМ) ю. Цара таллам латтабо районийн, гIаланийн, поселкийн административни  дозанашкахь долчу хьола тIехь. Оцу некъашкахь гIуллакх дар тIедиллина Россин МВД-н ВОГО и П-на а, Нохчийн Республикехь йолчу ОМОН-н дакъойн, милицин цхьаьнатоьхначу нарядийн белхахошна а. Болх беш ю федеральний, меттигерий маьIна долу 33 ОКПМ а, КПП а. Кхузахь милцоша толлу дIасалела автотранспорт, паспортийн раж, кхачойо шаьш жоп лучу декъехь юкъараллин къепе ларъярна. Нохчийчу йогIуш йолу ерриг а автотранспорт а, нах а талларца цхьаьна, лелхаш болу гIирсаш, герз, наркотикаш лахарна пайдаоьцу Iамийна долчу жIаьлех. ОКПМ-н иштта бу лачкъийна, федеральни лоьхуш болу транспортан гIирсаш лаха гIо деш болу карлабоху компьютерийн хаамаш.
ХIора дийнахь КПП-хула а, ОКПМ-хула а чекхйолу 2 эзар гергга машен а, 2,5 эзар стаг а. Цуьнга терра, ма-дарра аьлча, милицин белхахоша хIора дийнахь гучуйоху федеральни лоьхуш йолу машенаш, лоьцу зуламхой, схьадоху законехь доцуш лелош долу герзаш а, наркотикаш а.
Посташкахь транспорте, киранашка, нахе хьовсар милицис кхочушдечу декхарех цхьа дакъа бен дац. Милицин хIора декъо а шен-шен декхарш кхочушдо. Нагахь санна КПП-шкахь гIуллакхдеш болу белхахой транспорт дIасаяхарна тIехь таллам латтош а, иза дIаязъеш а белахь, цаьрга хьовса бакъо а йоцуш, тIаккха ОКПМ-н белхахошна хьалхалаьтташ ду алссам шуьйра декхарш – уьш хьовсу транспорте а, шеко йолчу нахе а, документаш толлу, административни бакъонаш талхоран протоколаш хIиттадо. Цунах милицин районан жима отдел ала мегар ду. Болх алссам пайдехь хилийтарна вовшахтуху дIасалелаш йолу КПП-ш. Уьш коьрта доцчу некъашкахь дIахIиттайо.
2009-чу шеран жамIашкахула талламан-чекхдовлийтаран пункташкахь гIуллакх деш болчу Россин МВД-н ВОГО и П-н белхахоша теллина автотранспортан 583 эзар сов гIирс, дIалаьцна 908 машен, царна юккъехь 164 лоьхуш ерш а йолуш. Иштта лаьцна зуламаш дарна шеко йолу 943 стаг, царех 7 стаг законехь йоцчу герзашца йолчу тобанийн декъашхо а волуш. Схьадаьккхина 11 герз, 473 хIоъ, оьккхуьйту цхьа гIирс, 3,7 килограмм оьккхуьйту гIирс, 700 грамм наркотикаш, 87,7 тонна цIахь къайлах арахецна ягорган-хьакхаран материалаш.
Республикехь шолгIа тIом чекхбаьлчхьана дуьйна цхьаьна гIуллакхаш деш ю Россин МВД-н органийн, дакъойн Цхьана ханна йолу оперативни тоба а, Нохчийн Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министерство а. Амма замано хьалхахIитточу декхарша лоьху белхан керла кепаш, хормаш юкъаялор, белхан дикалла лакхаяккхар. Юкъараллин къепе ларъяр а, зуламаш дарца массанхьа а къийсам латтор а милицин белхан коьртачу декхарех цхьаъ ду.
Заманца догIуш, 2009-чу шеран мартехь Россин МВД-н ВОГО и П-н, Нохчийн Республикан МВД-н куьйгалхоша  кеч а дина, тIе куьйгаш яздира оперативни тобанаша вовшашца цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь долчу омранна. Оцу документаца нийса а догIуш, милицин дакъош долчу меттехь хIора Iуьйранна хуьлу белхан кхеташонаш. Цигахь белхан планаш хIиттайо, билгалдоху юкъараллин къепе ларъярна юкъаоьзна болчу белхахойн ницкъаш цхьаьнабалорна тIехьовсийна долу гIуллакхаш. Амма уггар коьртаниг ду практически цхьаьна гIуллакхаш дар.
ХIетахь дуьйна Нохчийчоьнан ерриг а КПП-шкахь гIуллакхаш до милицин цхьаьна йолчу нарядаша. Ханна йолчу оперативни тобанан говзанчаша герггара цхьаьна гIуллакхаш до райотделийн, оперативни тобанийн куьйгалхошца а, постийн милцошца а. Оцо таро хуьлуьйту ницкъех а, таронех а санехь пайдаэца.
Оцу кепара цхьаьнакхетаро республикехь къепе ларъярехь болх пайдехь хуьлучу кепара дIабахьа таро хилийтина ца Iаш, нохчийн милицин белхахошна корматаллин белхахойн зеделларг довзийтарца церан корматаллин барам лакхабаккха гIо дина.
Дика ю иштта цхьаьна гIуллакхаш даран тIаьхьенаш. Шо-шаре даларца лахлуш бу республикехь зуламаш даран барамаш, цуьнга терра теракташ, нах байъар, талораш дар, долалла лечкъор, нах Iехор санна долу зуламаш дар а.
Дийнна схьаэцча, ала мегар ду республикехь зуламаш дарца къийсам латторехь кхиамаш баха таро хилла кхочушдеш долу гIуллакхаш федеральний, республикан нуьцкъаллин тайп-тайпанчу структурашна юккъехь нийса дIанисдар а, цхьаьнадалор а бахьана долуш. Россин МВД-н ВОГО и П-н, Нохчийн Республикан МВД-н, бакъонашларъяран кхечу органийн белхахоша вовшашца цхьабарт болуш, болх дика дIахIотторца гIуллакхаш дар бахьана долуш билггала болчу кхиамашка кхечира.
ИСАЕВ Вахийта.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2