доллар    56.45 $
евро 63.13 €
30 мая, 08:26
Погода в Грозном +14 в Грозном

Нохчийчоьнан Правительствехь Республика кхиорехьа гІулчаш

22 марта в 12:15 (2010 г.)
Нохчийн Республикан Правительствон Председателан декхарш кхочушдеш волчу Эдельгериев Абубакара куьйгалла а деш кху деношкахь правительствехь дІаяьхьира рогІера кхеташо. Цигахь дийцаре дира Къилбаседа Кавказан Федеральни округ социальни-экономически кхиоран Стратегина юкъаzхийта езаш йолчу проектиqн а, предложенийн а хьокъехь долу гІуллакхаш.

Кхеташонехь къамел динчу Нохчийчоьнан экономически кхиоран а, махлелоран а министран заместитела Султыгов Увайса билгалдаьккхина ма-хиллара, церан ведомствос Россин экономически кхиоран министерство хьажийта дІаяхьийтина вайн республикерчу министерствоша кечйинчу предложенийн дийнна пакет. Цигахь хьаьвсинчул тІаьхьа къастор ду уьш Къилбаседа Кавказан федеральни округ социально-экономически кхиоран Стратегина юкъаяхийтаран гІуллакх.
– Иштта кечъеш ю жимчу бизнесан субъекташна а, шайн гІуллакх дІадолийнчу предпринимательшна а Нохчийн Республикехь налогаш тохарна, 8–10 шеран муьрехь уьш налогех паргІатбахаран биста кхаччалц, гІоленаш яран гІуллакхашкахула йолу проекташ, предложенеш. Цу тайппана гІоленаш яр юкъадалийча инвесторийн а дог догІур дара шайн ахча республикан экономика, социальни дакъа кхиорна юккъе дилла, – бохура У.Султыговс.
Министерствоша кечйинчу предложенешна а, проекташна а юккъехь ду Нохчийчоьнан ягорган – энергетически комплекс, некъан (отрасль) дакъа, транспорт (автомобильни, цІерпоштнекъан, гІалин – энергетически,хІаваан) кхиор, и.дІ.кх.
Республикан физически культуран, спортан, туризман министра Алханов Хьайдара дийцира ша куьйгалла дечу ведомствон пхи предложени кечйина хиларх лаьцна. Вайн республика хилла ца Іаш ерриг Къилбаседа Кавказана а мехала маьІна долуш ю уьш. Царах ду Къоьзан Іома йистехь туристически комплекс яр, лаьмнашкахь лыжанаш хехкаран спорт кхиорхьама Итум-Кхаьллан районехь канатан некъ биллар, Веданан районехь «Беной» турбаза а, «Турист» хьешацІа а дар. Оцу проектийн юкъара мах 23 миллиард сом бу.
Кхеташонехь дийцаре динчу гІуллакхийн жамІаш деш А.Эдельгериевс билгалдаьккхира юкъаялийна предложенеш Къилбаседа Кавказан Федеральни округ социально-экономически кхиоран Стратеги юккъе яхийтархьама федеральни министерствошца а, ведомствошца а цхьаьна жигара болх бан безаш хилар.
Билгалдаккха деза округ кхиоран Стратегина юккъе яхийта предложенеш кечъяр Россин Федерацин Правительствон Председателан Путин Владимиран тІедилларца дІадолийна хилар. Цо и тІедиллар дира кху шеран январь баттахь Пятигорскехь дІаяьхьначу кхеташонехь. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а пресс-службо.
С.ДАДАЕВ.
Суьрта тІехь: правительствехь дІаяьхьначу кхеташонан дакъалацархой.
Р.Истамуловн сурт.     

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет